Нохчийн Республикерчу искусство езархошна доккха совгIат хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу галерейхь Базоркина Азин суьртийн гайтам схьабелларх. Кхузахь гулбеллера республикан культуран а, искусствон а векалш, студенташ, дешархой, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой. Гоьваьллачу вайнехан яздархочун Базоркин  Идрисан йоьIан Азин дахаран корматалла лор хилар елахь а, шен дагца, похIмалица художник ю иза. Цунна къеггина тоьшалла дира гайтамехь хиллачу суьрташа. Церан коьрта чулацам – Даймехкан беркате Iалам. Шен хьалхарчу дашехь галереян директора Олотбиев ХIарона элира:
– Оха даккхийдерца тIеоьцу тхешан йиша Аза. Цуьнан кхоллараллехь къеггина го вайна хьомечу Даймехкан Iалам. Шира бIаьвнаш, лаьмнийн сиха хиш, зазах Iена бошмаш дагна там бечу басаршца гайтина художнико. Гайтаме хIиттийначу 65 суьртан коьрта чулацам – Iалам. Оцу Iаламан илланча Азех йинарг искусстве болу кIорггера безам бу. Иза лор хилла а, художник хилла а Iаш яц, иза похIма долу яздархо а ю.
Вежараллин ГIалгIайн Республикан культуран министра Патиев Якъуба дийцарехь, чекхдолуш долу 2010-гIа шо гIараваьлла яздархо Базоркин Идрис 100 шо кхачарца дагалацаран шо дара. Цуьнан йоьIан къегинчу суьртийн гайтам Соьлжа-ГIалахь дIабахьар а, лерамечу, дикачу гIуллакхан юьхь хиларх теша лаьа.
Соьлжа-ГIала хийра яц БазоркингIарна, кхузахь кхиъна Аза а, кхузахь вина, кхиъна цуьнан кIант Микаил а. Вежараллин баркалла ду хIара гайтам малхабаьккхинчунна.
Даггара дийкира ГIалгIайн Республикан культуран министран заместителан Газиева Маретан дешнаш:
– ГIала схьакхаччалц болчу новкъахь вежараллин нохчийн халкъан толамех даккхийдийра тхо. Боккъал а тIеман лар дIаяьллачу Нохчийчоьнан некъаша а, царна гонахарчу дитташа а тхайга маршаллаш хоьттуш санна хетара. Административни дозанан сизо къасторах вай Кавказан цхьа бераш ду. Дела реза хуьлда шун адамаллина а, догдикаллина а.
– Тхуна доккха хазахетар дохьуш даьхкина шу, – элира Нохчийн Республикан Культуран министерствон искусствон отделан куьйгалхочо Ташаева Розас. – Министран Музакаев Дикалун цIарах а, тхайн массеран цIарах а даггара маршалла ду шуьга, тхан хьоме вежарий, йижарий. Хьоме, Аза, даггара декъалйо хьо беркате боламца.
Кхечу регионашкарчу художникийн дуьххьарлера гайтам Азин хилар а цхьа шатайпа баркате хир ду аьлла хета. Дала беркате бойла хIара гайтам!
Нохчийн Республикан художникийн Союзан куьйгалхочо Умарсултанов Вахас чIагIдарехь Азин гайтамехь дуьненан мехаллин баккхийчу гайтамашкахь дакъалацалур долу суьрташ ду. Ткъа яздархочо Нунуев Сайд-Хьамзата дийцарехь: «Соьлжа-ГIалахь доккха дезде ду. ГIалгIайн художникан, вевзачу яздархочун йоьIан Базоркина Азин басарийн хазалле хьовса йиш хилла вайн. Азин корматаллин орамаш вайн мехкан лаьттах ийна хилар а деза ду».
Къоман музейн искусствийн отделан заведующин  Ижаев Рамзанан къамелехь билгалъелира Азин похIмин кIоргалла: «Дуьненна бевзаш болчу Рерихан, Сезанан корматаллехь къегина гайтина  лаьмнийн хазалла. Церан хазалла го Азин суьрташкахь а. Бевзачу художникийн кхоллараллехь йоллу кIоргалла а, исбаьхьалла хаалахь цаьргахь».
Эххар а дош делира гуламан коьртачу турпалхочуьнга Базоркина Азига: – ШолгIа тIом дIабирзинчул тIаьхьа со Соьлжа-ГIалахь хилла яцара. Бакъду, кхузахь кест-кеста хуьлуш вара кIант Микаил. Цуьнан дийцархошкара суна хаьара гIалин толамех лаьцна, амма таханлерчу исбаьхьаллин гIалех со цецъяьлла. ГIала керланиг елахь а, шу, сан хьоме адамаш, хьалхалераниш ду. Со кхузахь сайн цIахь ю. Суо ирсе хета суна шу сайн долуш а, вай тIеман кIуркIаманех чекхдевлла дийна дисна а. Баркалла шуна оццул дахар дезарна. Дала кхин бала ма боссабойла вайн Даймахке. Дела реза хуьлда шуна сан суьртийн лаккхара мах хадорна. Аш ма-баххара дика художник со елхьара, тIамо лазийна лаьттина толлан дитташ дехкина хир дара ас. Хьалхарчу тIамехь лазийна некъан йистехь лаьтташ дара уьш, тахана ца карийра суна уьш…
Базоркина Азин гайтамо ойланийн йийсараллехь сецаво. Дагахь дуьсуш ду художникан суьрташ: «Эгикал», «Ирсан тIулг», «Шира хьер», «Жимчу Идрисана совгIатна», «Хьесапдар», иштта кхидерш а. Художникан белхаша дахаран хазаллин, Iаламан исбаьхьаллин хама бан Iамаво. Азин суьртийн коьрта турпалхой – лаьмнаш, бIаьвнаш, хиш, дитташ, тIулгаш, мархаш, малх – шайн исбаьхьачу хазаллица гайта похIма тоьъна художникан. Башхачу басарийн дезде хилира художникан Базоркина Азин суьртийн гайтамах. Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан!
Т.САРАЛИЕВА.      

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна