Х1ора мукаллафана1 т1ехь ду шина шах1адатах тешар.

     أشهد أن لا اله الا الله  وأشهد أن محمدا رسول الله

 

Хьалхарчу шах1адатан маь1на

أشهد أن لا اله الا الله

       «Суна хаьа, со теша, аса маттаца мук1арло до Аллах1 воцург кхин Дела цахилар, шена 1ибадат дан хьакъ долуш. Волуш ву иза шен хьалхе йоцуш, цхьаъ ву иза шен цхьаъ хилар дагардаларехь доцуш. Цунна лууш дерг - хилла, цунна ца лууш дерг  - ца хилла, диканна т1енисвар, вочух д1ахьовзавар цуьнгахь бен дац. Цунах тера х1умма а дац. Массо а х1ума хезаш а, гуш а ву иза. Шен хьалхе йоцуш ву иза, кхин мел долу х1ума гучудаьккхина ду. И воцург кхуллуш вац, массо гучудаьлла долу х1умнаш, дог1маш а, 1аламаш а, сецна долу х1ума а, лелаш долу х1ума а, ч1ог1а дог1маш а, мискъазараттал т1ера 1арше кхаччалц, вайна лаамаза коьрте йог1у ойла а т1ехь, шадерг Дала кхоьллина ду».

       Имам Насафичо аьлла: «Цхьаммо куьзганна т1улг тоьхна и куьзга кагделла, атаделла охьадахча и т1улг тохар а, и атадалар а Дала кхоьллина ду, лайгахь дац иза кхочушдар бен, амма кхуллуш верг Аллах1 бен  вац».

       Массо а мукаллафана хаа дезаш Делан Сифаташха кхойтта Делан Сифат ду,  Дала Къуръан чохь дукха хьахийна а долуш, Пайхамара хьадисехь дийцина а долуш:

 

1)   الوجودُ  Аллах1-Дела волуш ву, шен хилар важаб долуш, ца хилча йиш йоцуш. Дела хилар дац цхьаммо а хилийтина, я делла а; даима шен хиларехь хьалхе йоцуш, я чаккхе йоцуш ву Иза.

 

2)  الوحدانيّة Аллах1-Дела Цхьаъ ву, Шен цхьаъ хилар дагардаларех доцуш, я дакъойх вовшахтоьхна воцуш; Делан хиларех тера дац кхоьллинчеран хилар, Делан Сифатех тера дац кхоьллинчеран сифат, Делан балхах тера бац кхоьллинчеран болх. Дела Цхьаъ ву бохург, Делаца накъост вац бохург ду.

 

3)  القدمُ Аллах1-Дела Шен хьалхе йоцуш ву. Дела воцучу массо а х1уманна шен хьалхе ю. Дала  Шен Лаамца, Шен Кхелаца, Шен 1илманца, Шен Ницкъ кхачарца кхоьллина ду шадолу 1алам. Аллах1 воцучу кхечу х1уманна хьалхе яц аьлларг бусулба вац.

 

4)  البقاءُ Аллах1-Дела чаккхе йоцуш ву, Далла т1е кхочур дац д1авалар а, хийцавалар а. Т1аьхьа юьсур йолуш ю ялсамане, жоьжаг1ате Делан Лаамца.

 

 5)   القيام بنفسه  Аллах1-Дела хьашт вац ша кхоьллинчу х1уманашка, Шен хьашт долуш Дала кхоьллина х1умма а яц. Дала кхоьллина х1ума Делан къинхетаме хьашт ду. Дала мел кхоьллина шадолу халкъ шена цхьатерра муьт1ахь хилча Шен Муьлкехь т1екхета х1ума доцуш ву Иза. Дала мел кхоьллина халкъ, шадерг шена цхьатерра 1еса хилча Шен Муьлкехь эшадала х1ума доцуш ву Иза.

 

6)  القدرةُ Аллах1-Делан Ницкъ кхачаран хьалхе яц, я чаккхе яц. 1аламехь мел долу х1уманаш, 1амалаш, дог1маш, сецна мел лаьттарг, лелаш мел дерг, шадолу х1ума Делан Ницкъ кхачарца, Делан Кхелаца хуьлуш ду. Делан Ницкъ кхачарца, Делан Кхелаца доцуш цхьа х1ума хуьлу моттахь иза динах вохар ду. Доьхначу х1уманца хаттар х1отто а, цунна жоп дала а мегар дац. Масала: Делан ницкъ ца кхочу шена к1ант хилийта? Цунна жоп далар, иза хаттар динах вохар ду, Делаца там боцуш х1ума иза долу дела.

 

7)    الإرادة Делан Лаам шен хьалхе йоцуш, чаккхе йоцуш Делан Сифат ду. 1аламехь мел долу х1ума: сецна лаьттарг а, лелаш дерг а, даккхий дог1маш а, кегий дог1маш а, лаамаза дагайог1у ойла а, дика а, вон а Делан Лаамца хуьлуш ду. Цхьаболчу жах1ил наха иэдина Делан Лаам, Делан омра боху дешнаш цхьана маь1нехь. Делан Лаамий, омрий цхьаъ цахиларан бух бу: Дала Ибрах1им Пайхамаре цуьнан к1антана Исма1ална урс хьакха аьлла омра дар. Делан Лаамий, омрий цхьана маь1нехь делхьара Ибрах1има шен к1антана урс хьаькхна хир дара, кхузара вайна хаа деза, «массо х1ума Делан омрица ду» алар нийса цахилар. Цхьаммо алахь: «Шена хилийта ца лууш долчу х1уманна омра муха до Дала?»  жоп лур ду: «Дала шена хилийта ца луучу цхьадолчу х1уманна омра до, шена хир дуй хууш долчух нах1ъю ма-дарра. Масала, Дала массо халкъе куфра ма де аьлла, азаллехь царех цхьаболчех кафираш хир буй хуъушехь». Кхузара вайна хаьа «массо а х1ума  Делан омрица ду» бохург доьхна хилар, Дала къинош де аьлла омра ца дина дела. Нийса хир ду «массо а хуьлуш долу х1ума Делан Лаамца, цуьнан Кхелаца, цуьнан 1илманца хуьлуш ду» алар. Делахь а  дика дерг Делан Лаамца, Делан Кхелаца, Делан 1илманца, Дела Реза хиларца хуьлуш ду. Вониг хуьлуш ду Делан Лаамаца, Делан Кхелаца, Делан 1илманца, Дела реза воцуш, я Цо омра дар доцуш.

 

8)  العلمُ  Аллах1-Делан 1илма хьалхе йоцуш Делан Сифат ду. Делан 1илманан хьалхе яц,  я чаккхе яц, Делан 1илма т1екхеташ, я эшалуш дац, я карладолуш дац, Далла ца хууш къайлаха х1умма а дац. Цхьамо бахахь Дела вай зуьйш ву вай х1у до хьожуш, цо дуьхьало йо 1илма бохучу Делан Сифатан, цо Далла т1ехь кхуллу  жах1лал. Нагахь цо бахахь Дела вай зуьйш ву вай вовше гучудаха, масала: Шен ши лай Ибрах1им, Исма1ил Пайхамараш вайна гучубаха зере терра Ибрах1име омра дина, хьайн к1антана Исма1илна урс хьакха, аьлла.

       Ибрах1им, Исма1ил цу Делан омрана реза хилла, Исма1ил уьрсе виллина. Делан Лаам ца хилла урс хьакхийта,  цу балех иза хьалхаваьлла. Цул т1аьхьа дукха зама д1аяьлла, вайна                                                                                      хаьа и шиъ дика ши лай хиллий, амма Далла хууш хилла иза Шен хьалхе йоцучу 1илманца.

 

9) 10)  السمعُ البصر   Аллах1- Делан Хазар а, Гар а, кхидолу Цуьнан Сифаташ санна, хьалхе йоцуш, чаккхе йоцуш ду. Аллах1- Делан Хазар а, Гар а вайчух тера дац. Вайн хазар а, гар а лергаца а, б1аьргаца а ду.

Дала аьлла:

قال تعالي:

"ليس كمثله شيء وهو السميع البصير"

سورة الشو رى

Цуьнан маь1на: «Аллах1- Делах тера х1умма а дац, Иза массо х1ума гуш а, хезаш а ву».

       Дала кху Аятехь билгалдо Ша цхьанна а балхаца кхоьллинчу х1уманах тера цахилар.

 

11) الكلامُ Делан къамел шен хьалхе йоцуш, чаккхе йоцуш ду. Дала нахе омра а, нах1ъю деш долу къамел ялсаманан ни1маташ, жоьжаг1атан 1азап билгалдеш, кхоьллинчу къамелах тера дац Делан Къамел. Делан къамелехь элпаш дац, хьаьркаш дац, аьзнаш дац, долалуш я соцуш дац, мотт лебарца дац.

       Имам Абу Хьанифас аьлла «Фикхх1ул-абсат1» ц1е йолчу жайнехь:

 

"ويتكلم لاككلامنا نحن نتكلم با لآلات من ا لمخا رج والحروف والله متكلم بلا ءالة ولاحرف"

«Делан къамел вайн къамел санна а дац; вай къамел до балдаш деттарца, мотт  керчорца, аьзнаш дийлийтарца. Дела къамел  деш ву меженаш  йоцуш, элпаш доцуш, аьзнаш доцуш».                          

 

12) الحياة    Аллах1-Дела дийна хилар Делан хьалхе йоцуш, чаккхе йоцуш долу Сифат ду. Дела дийна хилар вайчух тера дац, ц1ий хиларций, я са хиларций дац, я кхийолу меженаш хиларца а дац.

 

13)  المخالفة ُللحوادث Аллах1-Дела тера вац ша кхоьллинчу х1умнех.

        Дала аьлла:

      قال تعالي:"ليس كمثله شيء" سورة الشو رى

Цуьнан маь1на:

«Аллах1- Делах тера х1умма а дац».

      Аллах1- Дела хьалхе йоцуш ву, иза воцург шадолу х1ума кхоьллина ду, уггаре хьалха кхоьллинарг хи ду, т1аккха 1арш  кхоьллина.                                                                   Дала аьллла:

 

قال تعالي:" وكان عرشه علي الماء     سورة هود

 

Цуьнан маь1на: «Хи кхоьллинчул т1аьхьа 1арш кхоьллина».

 Делан Элчано аьлла, Делера Салам хуьлда цунна:

 

قال رسول الله صلي الله عليه وسلم:

كان الله ولم يكن شىء غيره وكان عرشه عل الماء

رواه البخاري

 

Цуьнан маь1на:«Дела хилла шен хьалхе йоцуш, Иза воцург кхин х1умма а хила а ца хилла, т1аккха Дала хи т1ехь 1арш кхоьллина».

 Имам 1елас аьлла:

 

كان الله ولا مكان وهو الآن على ما عليه كان رواه  أ بومنصور البغدادي

 

Цуьнан маь1на: «Аллах1-Дела азаллехь а хилла меттиг боцуш, Аллах1-Дела х1инца а ву Ша ма-хиллара».

Имам Абу Хьанифас аьлла:

 

فصفاته غير مخلوقة ولا محد ثة والتغيروالاختلاف في الأحوال يحد ث في

المخلوقين ومن قال إنها محدثة أو تو قف فيها أو شكّ فيها فهو كا فرٌ

 

Цуьнан маь1на: «Аллах1-Делан Сифаташ кхоьллина дац, я гучудевлла а дац. Хьелаш хийцадалар а, башх-башха хилар а  кхоьллинчу х1уманашкахь бен хуьлуш дац. Делан Сифаташ гучудевлла ду, я кхоьллина ду аьлларг, я цу т1ехь шекваьлларг кафир ву» (динах воьхна).

Имам 1елас аьлла, Дела реза хуьлда цунна:

 

إن الله خلق العرش إظها را لقدر ته،ولم يتخذه مكانا لذاته

Цуьнан маь1на:«Аллах1-Дала 1арш кхоьллина Шен ницкъ кхачар д1агойтуш, Шена цунах меттиг ян ца кхоьллина иза Дала».

       Ницкъ гойтуш муха кхоьллина и 1арш, вайна иза гуш ца хилча? Жоп лур ду: 1аршан гонах т1аваф дечу Маликашна оцу 1аршан йоккхалла гича, Делах кхерар совдолу цаьргахь.

        Имам Абу Жа1фар Ат1ахьавийчо (Дела реза  хуьлда цунна), кхозлаг1чу б1е шарахь хилла волчу, «Байану 1акъидати ах1лис-суннати вал джама1ати» бохучу жайнехь аьлла:

 

تعالى أي الله عن الحدود والغايا ت والأعضاء والأدوات لا تحويه الجهات الست كسا ئر المبتدعات  

 

Цуьнан маь1на: «Аллах1-Дела ц1ена ву дозанах, чаккхенех, сонех, меженех, Делаца там болуш яц кхоьллинчеран йолу ялх аг1о».

        Имам Ахьмад ибн Хьанбалис аьлла, Дела реза хуьлда цунна:

مهما تصورت ببالك فالله بخلاف ذالك

Цуьнан маь1на: «Муьлхха а хьуна дагадеанчу суьртех Аллах1-Дела  тера вац».

 

Шозлаг1чу шах1адатан маь1на

أشهد أن محمدا رسول الله

      

 «Суна хаьа, со теша, аса маттаца мук1арло до Мухьаммад Пайхамар, Делера Салам хуьлда цунна, 1абдуллах1 да волуш, цуьнан да 1абдулмут1алиб волуш, цуьнан да  Х1ашим волуш, цуьнан да 1абдулманаф волуш, Къурайшин тайпанах  волуш, Делан лай а, Делан Элча а хилар деригге а халкъе Ислам-дин кхайкхош ваийтина».

        Цу тоьшаллина юкъадог1у иза Маккахь вина хилар а, цигахь цуьнга Пайхамаралла доьссина хилар а, Мадийнате цо х1иджрат[1]  дар а, иза цигахь д1авоьллина хилар а. Цу чу дог1уш ду Элчано  схьа мел дийцина х1уманаш бакъ хилар. Царех ду: кошан 1азаб, кошан ни1мат, Мункар, Накир ц1е йолучу шина Малико барт хоттург хилар, къемат дийнахь нах г1овттабар а, уьш гулбар а, хьесаб дар а, мийзан-терза хирг хилар а, суьртан т1ай хирг хилар а, мела а, 1азаб а хилар, хьовд[2] хилар а, шафа1ат хирг хилар а, ялсамани хилар а, жоьжаг1ати хилар а, Дела гург хилар а эхартахь – куц доцуш, меттиг йоцуш, аг1о а йоцуш, дег1 а доцуш, кхоьллина х1ума гарх тера а доцуш. Иштта царех ду ялсаманехь а, жоьжаг1атехь а нах совцург хилар а.              

        Иштта цу чу дог1у Маликех тешар, Пайхамарех тешар, жайнех тешар, Делан Кхелах тешар, дика а, вон а Делера дуйла хаар. Иштта хаа дезаш ду Мухьаммад (Делера Салам хуьлда цунна) т1аьххьара ваийтина бакъ Пайхамар хилар, иза дерриге а Адаман берийн Эла хилар.



1 хене кхаьчна (хене кхачар- иза безаман  к1айн хи даларций,я беттан шерашца пхийтта шо кхачарций хуьлу боьршачунна. Зударшна х1окху шина билгалонца а, 1адатан беттан ц1ий гучудаларца а хуьлу. Хьекъалчохь а волуш, шах1адат хезнарг ву ша кхеточу маттахь.

[1] Делан дуьхьа дин бахьана долуш кхечу махка д1авахар.

[2] Суьртан т1ай т1ехула дехьа боьвлича, ялсамане г1ур болчу наха хи мер долу г1у.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2