Арсанукаев Iабдулла

Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла. Школа Казахстанехь чекхъяьккхина. Жимчохь дIаболабелла хинволчу яздархочун къинхьегаман некъ. ХIетахь дуьйна 1957 шо кхаччалц цо  белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: юьртабахамехь, гIишлошъечохь, маша бечу фабрикехь, шахтехь. Деша таро ца хилла дикка тIаьхьа бен. 1968 шарахь Дадашев Iабдуллас заочно чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет. Оцу хенахь иза цхьана муьрехь «Ленинан некъ» газетан редакцехь литсотрудник, корреспондент, тIаккха отделан куьйгалхо, цул тIаьхьа жоьпаллин секретарь хилла. 1970-1981 шерашкахь Хьалха-Мартанан районан «Ленинская правда» газетехь редакторан болх бина. Иза цу хенахь, хууш ма хиллара, доккхачу жоьпаллин болх бара, цу заманан идеологин хоршара жимма а дIасхьатаIар нислахь, доккха гIалат лорий, партийни таIзар деш. Ткъа иза кхидIа йолчу ханна стеган ерриг биографи талхош гIуллакх дара. Цхьайтта шарахь оцу газетан редакцин куьйгаллехь лаьтташ дика ларавелла Дадашев Iабдулла. Цул тIаьхьа цхана муьрехь «Ленинан некъ» газетан корреспондентан болх бина цо. 1988 – 1994 шерашкахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан пропагандийн буьро куьйгалхо лаьттина, тIаьхьа Яздархойн союзан секретарь Iийна.  Оцу даржажкахь волуш яздархочо доккха гIуллакх дина белхан коллективашкахь, тайп-тайпанчу аудиторешкахь нохчийн яздархойн цхьаьнахетарш вовшахтухуш, литературин произведенеш книгашъешархошца йийцаре еш, керла араевлла исбаьхьаллин произведенеш йовзуьйтуш. Дадашев Iабдуллас кхачам боллуш вовшахтухуш хилла нохчийн яздархойн юбилейшца дозаделла даздарш а. Москвахь Коллонный зал чохь билгалдаьккхира Мамакаев Мохьмад вина 80 шо кхачар. Оцу тIегIанехь нохчийн яздархочун юбилей дIаяхьар цкъа а хилла хIума дацара. Дадашев Iабдуллас, Москвахь оцу гIуллакхана дуьхьало еш берш дуккха а боллушехь, цхьана баттахь гергга къахьоьгуш, лаккхарчу хьаькмашна тIе а оьхуш, бакъо яьккхина и юбилей Колонный зал чохь дIаяхьа. И гIуллакх дика кхочушдарна Нохч-ГIалгIайн АССР-н Сийлаллин грамата луш, совгIат динера яздархочунна. «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо» - сийлахь цIе а яра цуьнан.    

Дадашев Iабдуллан произведенеш дуьххьара зорбане евлла 50-чу шерийн шолгIачу эхехь. «ЙоьалгIачу классехь доьшуш волуш дегий-нений дIахьедина хилла ас, воккха хилча яздархо хир ву аьлла. ХIетахь дуьйна ойланера и лаам хиера ца болуш кхаьчна со сайн Iалашоне», – яздина Дадашев Iабдуллас шега еллачу цхьана анкета тIехь.

Казахстанехь «Текелийский рабочий» газетехь 1956 шеран 9 июнехь стихотворени араяьлчхьана хаддаза литературехь болх беш схьавеъна иза. Орсийн а, казахийн а меттанашкахь арайийлина цуьнан дуьххьарлера произведенеш: очеркаш, дийцарш. Даймахка цIа а вирзина, «Ленинан некъ» газете балха веъча Iемира нохчийн маттахь йоза, шарбелира мотт, езаелира нохчийн исбаьхьа литература, юххера бевзира гIарбевлла яздархой Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Музаев Нурдин, Саидов Билал, Эдилов Хасмохьмад, боху Дадашев Iабдуллас. Цаьргара гIо хилира волалуш волчу яздархочунна исбаьхьаллин дешан корматалла караерзорехь. Литературехь шена беркате Iаткъам бина яздархой лору цо С. Бадуев, М. Мамакаев, ткъа иштта дуьненан литературин авторш В. Шекспир, Дж. Лондон, Л. Толстой, А. Пушкин. Церан кхолларалло шена гIо дина кIоргга, сих ца луш ойлаян, дахар довза, церан исбаьхьаллин произведенеша дикачу агIор Iаткъам бина шен амална, гIиллакхашна, кхоллараллина, боху цо. 

1957 шарахь дуьйна республикехь арадовлучу газеташ, журналаш тIехь, юкъарчу гуларшкахь зорбатухуш арайийлина цуьнан иттанаш очеркаш, дийцарш, тIаьхьо  повесташ. Оцу произведенех лаьцна Музаев Нурдина шен «Взаимосвязи литератур Северного Кавказа в процессе становления жанров» («Жанраш кхоллаяларехь Къилбаседа Кавказан литературашна юккъера зIенаш») цIе йолчу монографи тIехь яздина: «Мелла а шатайпа ю адамийн ницкъ къинхьегаман турпалаллехь гойтуш йолу, оьздангаллин сурт хIоттош йолу I. Дадашевн очеркаш. Цо гайтарехь адамаш шайн кхолламан, шайн мехкан дай бу, цуьнан хьашташ дерригенал а лакха хIиттадо цара… МогIарера къинхьегамхой гойтуш, I. Дадашевс церан васташкахь уггар а хьалха гойту адамийн ойланийн а, гIуллакхийн а дикаллин керла амал билгалйоккхуш дерг. Производствон процессех а, турпалхочо кхиамаш бахаран бахьанех а, хьелех а лаьцна яздо цуьнан васт схьаделларна иза оьшуш доллучу барамехь».       

Дадашев Iабдуллин кхоллараллехь муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а зорбатоьхначу произведенел совнаха араяьлла иттех сов книга ю. Царна юкъахь: «Хьо вац сан да» (1966), «ГIалат» (1969), «Чевнаш йоьрзу» (1978), «Къонахалла» (1979), «Пондаран тIаьххьара аз» (1984), «Лаьмнашка некъ» ( 1987), «Кхайкхаза хьаша» (1989), «Зойрбекан шовда» (1990), «Цакагбелларш» (2008), «Юхадерзар» (2012).

Яздархочун дуьххьарлера книга «Хьо вац сан да» араяьлла 1966 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цу тIехь зорбатоьхнера книгина цIе елла повесть а, «Цхьаьнакхетар», «Нуьйда» цIерш йолу дийцарш а.  Ошаев Халидан «Хьо вац сан да» цIе йолу повесть араяьлча, цуьнан авторе Дадашев Iабдулле аьллера: «Башха повесть язйина ахь. Цуьнан коьрта мехалла ю, суна хетарехь, цуьнан мотт. Иза дикачу халкъан маттаца язйина, чолхе предложенеш а йоцуш, йоццачу фразашца. Яздархочун О. Генрин хотIехь, цIеххьана чекхйолуш ю. Коьртачу турпалхочун Шамилев СаIидан васт шех тоьшуьйтуш ду. Персонажийн амалш дика къаьсташ гайтина, повесть кхетош-кхиоран доккха маьIна долуш ю». Цу тайпана мах хадийна Дадашев Iабдуллин дукхахайолчу произведенийн нохчийн литературин кхиболчу баккхийчу говзанчаша а. Масала, литературоведа Айдаев ЮшаIа яздина: «Дадашев Iабдуллин повесташкахь а, дийцаршкахь а, исбаьхьаллин очеркашкахь а коьртачу тидамехь бу керлачу стагехьа болу чолхе къийсам. Хазахоьтуьйтуш ду кхечара баьккхинчу аттачу исбаьхьаллин новкъа иза дIавоьдуш цахилар. Цуьнан произведенийн турпалхой дахарера схьаэцна бу. Иза дика а ду, хIунда аьлча бен а ца хеташ ца вуьсу ешархо. Яздархочун повесташа а, дийцарша а жоп ло дахаран чолхечу хаттаршна, дикачу маттаца язйина а, еша атта а ю уьш».        

«ГIалат» цIе йолу повесть язйинчул тIаьхьа Дадашев Iабдуллас Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIема тематикина лерина произведенеш язйо. ТIеман буьрсачу хенах лаьцна, Даймохк ларбеш, мостагIчунна дуьхьал лаьтташ доьналла, майралла, турпалалла  гайтинчарах лаьцна дийцарш, очеркаш а, повесташ язйина цо: «МостагIчун тылехь», «Ларш», «Гучуяьлла къайле», «Бекхам», «Ракетчик лачIкъор», «ТIеман некъаш», «Днепран турпалхо», «Чевнаш йоьрзу», кхиерш а.

1978 шарахь зорбатоьхна «Чевнаш йоьрзу» цIе йолчу повестана а. Повестан коьрта турпалхо Шамилев СаIид  Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шен да воьжча, эскаре воьду хеназа, ша жима воллушехь. Майралла гойтуш тIом бо цо. Амма къизчу тIамо СаIид кхоа ца во. Хала чевнаш йой, ког боцуш цIа воьрзу иза. ЦIа кхаьчча, юрт еса карайо. Нана а хIара тIамехь волуш кхелхина. Ненан кошан борза тIе  хIоьттинчул тIаьхьа, Казахстанан пана аренашкахь шен гергара нах лаха новкъа волу иза. Нохчийн къам махках даьккхина хан ю яздархочо шен повестехь гайтинарг. Беха а, хала а некъ бо СаIида. Дахаран къаьхьа дакъа кхаьчнехь а, воьхна ца го иза. ЗаьIап велахь а, юха ца волуш къийсало халонца, харцонца. Виллина шен Iалашонна тIегIерташ ву СаIид. Мацалле ша доьналлех ца вохавойту, эшайо халонаш. Корта охьа ца таIош, шен а, шен къоман а сий лардеш кхочу СаIид ша тIеихначу Iалашоне – Iилмане.  Харцоно, къизалло эша ца динчу нохчийн къоман кхоллам гайта гIоьртина яздархо шен турпалхочун СаIидан вастехула.          

Повестах лаьцна араевллачу критически статьяша  билгалдаьккхинера, произведени тIехь  исбаьхьаллин суртхIотторехь   ледарлонаш  хаалуш елахь а, “Чевнаш йоьрзу” повесть авторан кхиам хилар.           

Детективан жанрехь ю оьрсийн маттахь 1979 шарахь араяьлла «Однажды ночью» цIе йолу повесть. Ткъа иштта «Пондаран тIаьххьара аз» цIе йолу дийцар а. И ши произведени нохчийн милицин белхахоша корматаллица дIабаьхьначу талламаша зуламхой Iорабахарх лаьцна ю. «Дадашев Iабдуллин и ший а произведени гIуллакх довзарца, синкъераме, каде, еша догдоуьйтуш а, цкъа дIаволавелла ешалуш а ю», - боху нохчийн яздархойх лаьцна масех том книгаш язйинчу Кусаев Iадиза. Нохч-ГIалгIайн АССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос Сийлаллин грамота луш совгIат дина авторна шайн белхах лаьцна дика исбаьхьаллин произведени язъярна.          

Дадашев Iабдуллин кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу романаша «Лаьмнашка некъ» (1987 ш.), «Зойрбекан шовда» (1990 ш.). Тайп-тайпана проблемаш гайтина, шуьйра чулацам болуш, дуккха а дакъошкахь дилоги ю иза. Пачхьалкхехь коммунистически идеологин чIагIо мелла а малъяла йолаеллачу муьрехь язйинчу шен произведени тIехь яздархочо нохчийн литературехь дуьххьара гайтина юьртарчу партократин харц политика, юьртахошна цара ен гIело, лелош йолу харцонаш. Райкоман секретарь кхоа ца веш дуьйцу автора цуьнан ямарта гIуллакхаш, юьртахошца йолчу юкъаметтигашкахь иза эхь-бехк дайна хилар. Дарехь гайтина районехь нийсо ца хилар, къоланаш дар, де-дийне мел дели районан экономика гIеллуш, хIаллакьхуьлуш латтар. Цуьнца цхьаьна автор дегайовхонца хьоьжу  юьртабахамехь хьанала къахьоьгуш, латта дезаш, шайн дахар юьртаца доьзна дехачу адамашка. Воккхаверца дуьйцу церан оьздачу гIиллакхех, цIенчу юкъаметтигех, безамах, доттагIаллех, церан къонахаллин ойланех. Цхьаъ вукхунах тера боцуш адамийн кхолламаш бу яздархочо гойтуш. Шен романашца автора боху юьртабахамехь реформаш ян еза, тодеш хийца деза юьртахой дахар.         

«Лаьмнашка некъ» романах лаьцна йолчу шен статья тIехь поэт а, прозаик а волчу Яхъяев Лечас билгалдоккху оцу романехь авторан берриге тидам тIехь соцург адамийн кхолламаш хилар: «Юьртбахаман тема. Цхьаволчо и коьртаниг лара а тарло I. Дадашевн произведенехь. И чIагIдеш долу тоьшаллаш а карор ду цунна. Кхузахь дуьйцуш долу гIуллакхаш дан а ду лаьттах, цу тIехь болх бечарех хьакхалуш. Амма хьалхарниг шатайпана дахаран-Iеран экъа бен яц авторна. Цуьнан берриге а тидам тIехь соцуш берг кхин ду – адамийн кхолламаш.          

Тайп-тайпана бу романан турпалхой: амалшца а, ойланашца а, гIуллакхашца а.  Боккхачу безамца, деган йовхонца исбаьхьаллин басарш ца кхоош дохку автора воккхачу стеган Зойрбекан, тIеман ветеранан Юнусан, къоначу говзанчин Сулейманан, цхьамогIа кхечеран васташ.          

Шен турпалхой Iаьржий, кIай басарш тухуш билгал ца боху автора. Дахарехь дукха хьолахь и шадерг ийна хуьлу. Цундела адамийн кхолламаш талларан, церан ойланийн дуьхье кхиа гIортаран, башхаллаш къасторан некъ хоржу яздархочо. Оцо ешархойн тидам шен йийсаре а балабо…          

Лаьттах кхоамца, санехь пайдаэцар цунах дог лазарца цхьаьнадалор, кегий нах гIала дIагIертар, хьанал а, хьарам а бехарш – иштта шуьйра го чулоцуш ю романан сюжет. Цу тIехь кхиайо автора шен турпалхойн амалш. Тайп-тайпана чолхе гIуллакхаш, киртигаш тIе хIуьтту царна. ХIорамма а гучуйоккху шен стогалла я стешхалла, къонахалла я кIезгалла. Яздархочо шеггара ца до хIумма а: васт схьадоьллу цуьнан дахаран а, марзделлачеран а, воьллачеран а башхаллашка хьаьжжина.          

ТIеман темина тIех ца ваьлла I. Дадашев шен хIокху романехь а. Ала деза, и кийсигаш тоьллачарах лара мегар долуш а ю. Дуккха а хан яьлла тIом чекхбаьлла. Амма хIетахь мел гинарг, мел лайнарг хIинца а деха Юнусан, Зойрбекан дагалецамашкахь. Цул совнаха, билггал оцу шерашкахь чIагIъелла церан амалш, дахарца, гонахарчу адамашца йолу юкъаметтигаш».

Дадашев Iабдуллин кхоллараллин хьокъехь язйинчу «Поиск правды» («Бакъдерг лахар») цIе йолчу шен очерк тIехь Сулаев Мохьмада билгалдаьккхина: «Лаьмнашка некъ», «Зойрбекан шовда» цIерш йолчу романех лаьттачу башхачу маттаца, къеггина васт хIоттош язйинчу дилоги тIехь Дадашев Iабдуллас къоман литературехь дуьххьара нохчийн юьртахь партократис олалла даран, цуьнан ерриг башхаллашца, сакхташца цхьаьна гIуллакх билггал довзарца, сурт гайтина хилар». КхидIа а яздина цо: «Дадашев Iабдуллас кхечу берриг а яздархойх къаьсташ, яздо юьртан хьаналчу къинхьегамхошний, пачхьалкхан хьашташ лардеш болчу партократин куьйгалхошний юккъерчу къовсамах лаьцна. И къовсам толлу автора, зуламе дерг ца лечкъош, хаддаза бакъдерг лоьхуш, могIарерчарна тIера куьйгалхошна тIекхаччалц шен персонажийн психологи дика йовзарца». 

Дадашев Iабдуллас шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь «Цакагбелларш» трилоги тIехь болх бина. Трилогин хьалхара книга – «Цакагбелларш» роман автора язйина чекхъяьккхина 1996 шарахь, амма зорбанера ара ца яьлла 2008 шарахь бен. «Юхадерзар» цIе йолу трилогин шолгIа книга араяьлла 2012 шарахь. КхоалгIа книга арахеца ца кхиъна автор.

Нохчийн къам махках даьккхина, кхойтта шарахь бала хьегар, амма, мел яккхий халонаш лайнехь а, доьналлех ца духуш, къоман гIиллакх-оьздангалла ларъеш, адам юха цIадерзар гойтуш ю произведени. Оцу шина а книгин редактор волчу Такалашов Султана яздо: «Роман ешча, Дадашев Iабдулла яздархо-профессионал хилла ца Iаш, яздархо-психолог, яздархо-философ, яздархо-политолог, яздархо-Iилманча санна го…

Билгалдаккха лаьа, роман язъеш авторна кхиам белларг яздархочун профессионализм хилла ца Iаш, и дерриг цунна шена гина а, цо ша лайна а хилар. ТIаккха а, хийрачу махкахь къомо лайначун сурт цуьнга иштта ешархочун сих кхеташ, хIотталур дацара, цу заманахь автор шегахь болчу балел а, къоман бала базабелла лелла ца хиллехь. Къоман а, цунна тIехь Сталинан хьадалчаша латточу къизаллин а ойлаярехь цо дуккха а сагатдина ца хиллехь, сагатдарехь цу Iедалан ницкъах, шен къоман собарх, доьналлех кхетта а ца хиллехь».

Къоман литературехь эвсараллица болх бина Дадашев Iабдуллас. Иза иттех сов книги автор ву, цуьнан кегийчу жанрашкахь йолу дуккха а произведенеш арайийлина яздархойн юкъарчу гуларшкахь, алссам очеркаш, дийцарш арадийлина журналийн, газетийн агIонаш тIехь а.  Яздархочун кхолларалла  нохчийн литературехь прозин жанраш кхиарехь мехала хилла.          

Дадашев Iабдулла кхелхина 2010 шеран 5 мартехь Соьлжа-ГIалахь. 

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА  КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

            Хьо вац сан да. Грозный, 1966.

            ГIалат. Грозный, 1969.

            Чевнаш йоьрзу. Повесть. Грозный, 1978.

            Къонахалла. Повесть.  Грозный, 1979.

            Пондаран тIаьххьара аз. Грозный, 1984

            Лаьмнашка некъ. Роман. Грозный, 1987.

            Кхайкхаза хьаша. Грозный, 1989.

            Зойрбекан Шовда. Роман. Грозный, 1990.

            Цакагбелларш. Роман. Соьлжа-ГIала, 2008.

            Юхадерзар. Роман. «Цакагбелларш» трилогин шолгIа книга. Нальчик, 2012.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

            Однажды ночью. Повесть.  Грозный, 1979.

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2