Дуьнен чохь мел долчу меттанашна юкъахь хьалдолчу меттанех цхьаъ бу нохчийн мотт. Нохчийн маттах лаьцна язйина ю дуккха а байташ в айн г1арабевлачу яздархош: Б. Саидовс, М. Мамакаевс, Ш. Арсанукаевс мел бу уьш нохчийн маттах лаьцна довха дешнаш аьлларш. Нохчийн маттах лаьцна дуьйцуш суна маттаца цхьаьна нана дага йог1у, х1унда аьлча, нана ю вайна дуьххьара нохчийн маттахь довзуьйтуш аганан илли, цул т1аьхьа да ву нохчийн маттан «1у» хилла лаьтташ цунах лаьцна дало лаьара сунна М. Мамакаевн «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворени т1ера мог1анаш:

«Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,

Чохь ч1ана эшийна, шун дагна вас ца еш,

Массаннхьа 1у хила, шаьш хала кхиийна

И къена шайн дада тергалве», - боху цо.

«Хеназа самъюьйлуш, шун метта-мотт хуьйцуш,

Мерзачу набарна агана г1ожца туьйш,

Доьзалан хьашташа хеназа къежйина,

Хьомсара шайн нана йиц ма е», - боху цо.

Мотт бийцарехь хазалла а дог-ойла хийцаялар гойтуш дало лаьа Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» стихотворении т1ера мог1анаш:

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,

Мостаг1е вистхуьлуш - ду ира герз,

Хьомечу езаре, безам ахь буьйцуш,

Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Боккха эшам хилира вайн маттана т1еман шерашкахь, цкъаа метта х1уттур дуй техьа, аьлла хетара, иштта а ледара хьал долчу нохчийн маттана.

Т1амо бохийна мохк, дуьне мел ду даьржина адам, халчу дахаро г1елдина къам. Мотт хьахо дага-м муххане а ца дог1ура. Т1ом д1атийча дуьххьара дагадог1уг дара, дешарах хаьдда берийн д1адаьлла массийтта шо. Цу Делан къинхетамца вайн правительствехь болх беш болчара мало ца еш машаре дахар д1ах1отторца цхьана, нохчийн меттан сий ойуш болийра шайн болх. Иштта ала деза вайн Президента Р.А. Кадырове 15.04.2005-чу шарахь шен указаца №90 ч1аг1дира 25-г1а апрель нохчийн мотт лерина де, аьлла. Иза боккха кхаъ бара нохчийн халкъана. Нохчийн мотт бийцарх ца тоьу, цуьнана г1ароллехь латта веза xlopa а нохчийн халкъ дан ца лууш волу стаг.

Нохчийн меттан хазалла а, оьздалла гайта боккха болх бо: телевиденийн, радион, газетийн, журналийн белхалоша. Билгалдаккха деза уггаре а алсам цу т1ехь болх бо хьехархоша. Х1унда аьлча, еша а, яздан а Даймохк бовза, нохчийн меттан хазалла к1орггера гойтуш йолу литература 1ама йо цо. Нохчийн меттан хаарийн хьалхара г1улч берана нанас лахь а, амма меттан иссбаьхьалла гойтуш верг ву хьехархо.

2008-г1ачу шарахь Нохчийн Республикан 1илманийн Академино «Таллам» (1илман дешаран тептар) арахецар хаза кхаъ хилла т1еийцира вайн литературица а, историца а, маттаца а доцца аьлча вайн 1илманехь болчу кхиамех воккхавеш мел волчо.

Х1инццалц схьа нохчийн маттахь иштта чулацаме болуш (1илманан гулар) зорбане араяьлла цахилар тидаме эцна, шозза хьалаойу цуьнан мехалла. Доккха баркалла ала лаьа и мехала болх вовшех тоьхначу HP-н 1илманан Академин президентана Ш.Гапуровн а, цуьнан накъосташна а.

«Таллмана » аьллачу шен «Некъан дашехь» НР-н Президента Р.А. Кадыровс боху: «Нохчийн маттахь дуьххьара 1илманан тептар арахецар доккха хазахетар ду суна, и х1инццалц цахилар новкъа а долуш, вайн заманахь дуьненчохь уггаре кхиъначу халкъийн кхолларийн ойла йича, цхьа а шеко йоцуш билгалдолу, вайн къоман ирсе кхане 1илма, дешар, г1иллакх-оьздангалла, мотт кхиарца бен хила йиш цахилар. Дала мукъалахь, де-дийне мел дели, кхуьуш, хазлуш, ирсе хилла д1ах1уттур ю вайн Нохчийчоь. Оцу сийлахьчу г1уллакх т1ехь вайн 1илманчех, интелигенцех дегайовхо ю сан. Цундела вуно дика а, вайн ч1ог1а оьшуш а г1уллакх ду xlapa тептар арахецар. Тхайн arlop республикина пайдехь долчу массо а г1уллакхаш т1ехь rlo-накъосталла дан кийча ду тхо. Дала т1аьхье беркате йойла «Талламан», некъ дика хуьлда!»

Иштта х1инца санна нохчийн меттан тидам беш вай массо а хилахь, Дала мукъалахь, нохчийн къам лийра дац. Мотт шен боцу къам делла ду. Цуьнан массалш гина ду исторехь. Къам дуьненчохь дехаш хиларан тоьшалла ду-мотт. Нохчийн меттан г1оьнчий дуккха а бу. Меттан сий дечунна, оьзда бийца а хууш, ша говза буьйцучуьнга ладог1ар к1ордор доцуш, хаза бу-кх нохчийн мотт.

Нийса дац вайн меттан дешнаш к1еззиг ду, цуьнан маь1нех кхета хала ду бохуш дуьйцучаьрга ала лаьара суна, муьлххачу а вайн яздархойн, хуьйла и стихотворении я дийцар, еша уьш меттан дошам алсам даларан бен, меттан к1оргалла, оьздангалла нохчийн меттан исбаьхьалла карор ю царна. Нохчийн мотт ца оьшу дахарехь сан доьзална бохуш верг боккъалла а ма тилла, шен доьзална хьалха а сий дайна ву иза. Ло Ахь Везан Дела цунна шен мотт а, къам а деза иман. Дала т1аьхье беркате йойла.

 

Арсимурзаева М. А.

 

 

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна