Дала дуьнен чу кхоьллинчу х1ора а, къоман шен-шен мотт бу, шен ненан мотт. Нанас дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна  шен маттаца хьоьстуш кхиадо шен бер. Бераллехь дуьйна ненан маттахь хьехнарг дуьсу беран иэсехь, иза доккха адам хилла дахарехь бехачу новкъа г1улчаш яха доьлча.

Доьзалехь ненан маттахь хьехна г1иллакх-оьздангалла шатайпа адаман ц1ийх дулий  хуьлу, иза дац кхечу къаьмнийн меттанаш ма 1амаде бохург, уьш оьшуш ду дуьненан юккъараллехь кхи долчу къаьмнашца йолчу юкъаметтигана. Х1ора а хаа декхар ву, ша винчу ненан, схьаваьллачу къоман мотт, и цахаар боккха  эшам бу, нагахь тахана хьо хьайн ненан мотт, дайн г1иллакхаш хууш я девзаш вацахь хьан кхане ю яйна, х1унда аьлча, хьайн тахане ю ахь кхана хьайн доьзале д1акховдош ерг, цу доьзало т1аьхьарчу т1аьхьенна а йовзуьйтунъерг.

Къаной п1елгаш т1ехь багар бал бен к1еззиг бисина бац вайн махкахь, цара шайн дайшкара нохчийн мотт а, нохчийн г1иллакх-г1уллакх а ду доьналлех ца бухуш халонаша б1арзбича а, нохчаллех ца бовлуш  вайн кху дийне схьакхачийнарг, нагахь санна вайн ледара хилла ваьшна вешан мотт ца хаар башха чот йолуш х1ума дац аьлла тесна дитахь вайн къоман кхане а ю яйна.

Шен ненан мотт цахуург иза цхьа эрна арахь яьллачу цхьалхачу ярех тера васт долуш ву, и васт вайга ца кхоллийта вайн а, вайн къоман а, кхане ца яйта Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочуш дечу Кадыров Рамзана х1ора а шарахь даздан терго еш билгалдаьккхина  25-гlа апрель "Нохчийн меттан де"  ду аьлла.

Цу дезчу денца ас даггара декъалдо шу, сан лераме махкахой. Х1ора а х1усамехь бекийла нохчийн мотт.
Нохчийн маттахь-нохчийн махкахь ирсе хуьлда вайн дахар!!!

 

Виситаева Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна