1ийжина тийжина Нохчийчоь йоьжча,
Г1ад дайна, хат1 дайна халкъ охьа доьжча,
Ямартло, харцо а мох хилла хьаьвзича,
Кlиллой а, адамашца х1илланца левзича.

Нанойн б1аьрхиш а дилхина кхачийча,
Зударийн маьхьаршца дуьне а 1адийча,
Берийн ловзарш а тоьличу дерзийча,
Жимха а хан йоцуш лахьти чу верзийча.

Дуьне а бодано 1арждина дардича,
Адамийн дахар а бакъонах хердича,
Мот-мохк а бицбина шайн са а, марздича,
Махках довлар а, къизалло хаздича.

Даймехкан г1аролехь сирла б1аьрг биллина,
Нохчийчоь ца елхо тоьпе са диллина,
Хьайн къона дахар а, маршонах дуьйцина,
Ахьмад-Хьаьжа, ваха хьо, тхан ирсах са хийцина.

 

ВИСИТАЕВА Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна