Эдилханов 1айнди вина 1932-чу шеран 12-чу апрелехь, Шелахь.
1944 шарахь вайн къам махках доккхучу хенахь 2-чу классехь доьшуш вара иза.
Эдилхановг1еран доьзалехь цхьа ваший, 1айндица шала йина цхьа йиший дара. Цу хенан хиламаш ма-барра дагабог1у цунна.
Ткъа уггаре а цуьнан деган лазам хилла диснарг 1944-чу шеран март баттахь да а велла, цунна т1аьххье наний, йиший кхелхина, кхаа дийнахь уьш д1абохка йиш йоцуш шай шен ваший воьхна царна гуонах хьийзар дара.
Т1ехь да-наний доций хиъча  шай шен ваший, берийн приюте д1авига сельсоветан председатель а, комендант а веънера, бохуш дуьйца 1айндис, ткъа луларчу колхозан председатель волчу казахо шаьшшинах къа а хетна д1а ца вигийта шай божли чу д1алачкъийра боху, цул т1аьхьа, цу стага ша дола дийр ду аьлла т1е а лаьцна цаьрца хьала кхиъна ши к1ант.
Хьалакхиъча, шаьшшниннах бала ца хилийта, колхозе бежнаш дажо шен ваший, эсий дажо шай балха вахарх а дийцира цуо.
1957 шарахь массо а санна, Даймахка ц1абоьрзу 1айндиг1ар а. Церан керла дахар шайн дай баьхначу, шаьш ц1ера д1адигначу шайн юьртахь Шелахь д1адоладелира.
Шелахь совхозе балха вахара 1айнди. Цигахь шарахь болх а бина Аргуне "Опытная станция" балха воьду и, цигахь ткъа шарахь тракторист болх а бо. 1980-чу шарахь Шела "Джалка" олучу совхозе вог1у болх бан, 1993-2006-чуй шерашкахь бригадиран болх а бира цуо. Къинхьегаман Ветеран а ву Эдилханов 1айнди, 1едало къахьоьгуш ву аьлла билгалвоккхуш елла Сийлаллин грамоташ а, значокаш а ю цуьнан.
Нахана масалла эца а мегар долуш, оьзда бертахь ворх1доьзалхо а кхиийна цо. Ткъе пхиъ берийн бер а, ялх церан бераш а ду 1айндин.
Царна г1иллакх-г1уллакх довзийта а, шайна Дала схьаделлачух хам бан а 1амийна цо уьш.
Таханалера хьал, шаьш кегий долуш хилла хан-замий вовшашца юьстича кху карарчу хенахь бехачу нахе а, кегийрхошка а, х1ун эра дара ахьа аьлча, 1айндис иштта жоп ло: "Дуьненчохь стагана ваха х1ара санна дика зама хилла а яц. Шуна кегийчарна даа-мала, т1едуха-кога духа а ду, деша луучунна деша аьтто а бу, шун карахь а, шун лаамца а ю шун кхане. Со жима стаг волуш трактор т1ехь больницина т1ех волуш, ирс я1 цу чохь 1уьллучуьн - тоъалц наб ян йиш юй цуьнан, олий хетара суна. Оццул садо1ийла йоцуш хала сиха зама яра тхо кхиънарг. Ткъа х1инца шуна кегийрхошна гуш ерг хало яц, Дала шуна ма гойтила и цкъа а, вайн къам махках доккхуш  а", - бохура цо. Т1аьххьара хилла т1еман хенаш йиц а ца еш, маьршачу хан-заманан пусар а деш вайн къам бертахь дахахь вайн кхане сирла къегина хирг хиларх тешна ву ша а бохуш дехха дийцира цо.
1айндин лулахоша цуьнан дикалла хестош хезча б1аьрг бузура воккхачу стагах, оьшучохь дика накъост а, дика лулахо а ву бохуш дуьйцура цара. Вайн дайн кица а ма ду, "Генарчу вешел а, уллера лулахо тоьлла", олуш.
Дала 1айнди санна болу къаной бахабойла нохчийн х1ора а кхерчахь!

 

Виситаева Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна