Дуьненахь а нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцучу Республикин юкъараллин-политикин "Даймохк" газетан 97 шо кхьаьчна хIокху деношкахь. 

БIе шарахь гергга йолчу шен исторехь дуккха а хийцамаш лайна "Даймахко", амма даима а шен халкъана а, нохчийн маттана а тешаме хилла, чекхдаьлла иза. Нохчийн къам махках даьккина Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а долчу хенахь арадолуш хилла "Къинхьегаман байракх" (хIинца - "Даймохк") шен къомаца цхьаьна хилла.

Таханлерчу дийнахь газетан белхахоша доккха дакъа юкъадуьллу нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а.

Тахана, газетан дезачу дийнахь, Нохчийн меттан денна тIекхочуш, Хаамийн "Чечня Сегодня" агентствон корреспондентан къамел хилира "Даймохк" газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца. Цо шена хетарг довзийтира: сих-сиха газет хьан доьшу а, газетан хиндерг шена муха го а. У ул сов, цо билгалдаьккхира нохчийн мотт вайн юкъараллехь гуттар бехарг хиларх ша тешна хилар а.

– Бувайсар, адамийн муьлхачу тобано алсамха доьшу «Даймохк» газета?

– Кхеташ ма-хиллара, уьш баккхийчарах а, юккъерчу хенара а адамаш ду. Х1ора дийнахь керла пресса караэца боьлларш, х1етахь уггаре керлачу хаамийн ведомствош ма-яра уьш. Царах бара хьехархой, лоьраш, мог1арера адамаш, уьш хилла буьсуш а бу вайн газетадешархой хилла, социальни хьал цхьа а тайпа маь1на лелош а дац кхузахь. Дуккха а барамехь болчу дешархошна юкъахь болуш бу нохчийн меттан, литературин хьехархой, библиотекарш, вайн халкъан меттан истори йовза лууш берш. Амма долуш долечу хьоло гойтуш ма-хиллара, нохчийн матте болу безам гойту кегийчу наха, йоьшу нохчийн литература, литература ешна а ца 1аш, ша аьлча, нохчийн маттахь арадолуш долу «Даймохк» газета а.

– Юкъаялайой-техьа газето къоначу чкъурах болчу дешархойн тидам т1ебахийта тарлуш йолу леррина темаш, я формат?

– Х1аъ. Газета дуккха а аг1онаш йолуш ду. Кхузахь х1ора дешархочун каро йиш ю шех, шен балхах, дезарех хьакхалуш йолу тема. Цул совнаха газето зорба туху политикин. Экономикин дакъошкара керла хаамаш, кхузахь алссам ю динах,син-оьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорах, культурех, спортах лаьцна материалаш, дуьне довзийтаран материалаш, юмор. Республикехь бехаш берш бевзина ца 1аш, «Даймохк» газетан аг1онаш т1ехь дешархошна бевза цуьнан дозанел арахьа бехаш болу къона, пох1малла долу кегийрхой. Уьш спортсменаш, сурташдахкархой, къона поэташ, яздархой бу. Хазахоьтуьйтуш ду шаьш кегий нах шайн стихашца, дийцаршца, мехалчух лаьцна метариалаш яхьаш редакце бог1уш хилар. К1езиг бац царна юкъахь редакцехь болх бан луурш, журналисташ а хилла дуьххьалд1а нохчийн маттаца болх бан лууш берш.

– Нохчийн мотт д1аболуш бу бохург даьржина, шайн балхахь иштта бакъдерш 1иттаделлий шуна? Хьуна хетарехь, стенца доьзна иза, х1ун дийр дара ахьа и г1уллакх къастийна цхьалхадаккхархьама?

– Нохчийн мотт цкъа а хир бац юкъара д1абевллачу меттанашна юкъахь. Цу т1ехь цхьа а тайпа шеко хила оьшуш яц. Хьъа х1уъу а дийцарх, муьлхха а тайпа сводкаш, кепаш юкъаялорах доьзна доцуш нохчийн мотт бехар бу. Хатта муьлххачу а нохчочуьнга. Цуьнан маь1на лахдан, иза бицбалийта г1иртинчу шерашкахь а мотт геннахь лаьтташ бара юкъара д1абовлучарна. Т1аккха х1ун дуьйцур ду таханенах, республикин куьйгалло сел онда г1олоцуш болчу муьрах! Вайн куьйгалхочо Кадыров Рамзана г1о дар бахьанехь вай берриге а ницкъаш д1ало нохчийн меттан маь1нин барам лакхабаккхаран балхана. Цо х1инцале а дикачу жам1ашка а кхачадо.

– Мичхьа бу «Даймехкан» алсамха дешархой – электронни г1ирсашкахь, язорбанан кепехь?

– Иза мел халахеташ делахь а, амма электронни г1ирсаша вайн дахарехь вайна луучул дуккха а алсам меттиг д1алоцу. Вайна юкъахь юкъараллин цхьа дакъа ду, схьахетарехь, дешаран учебникел сов цкъа а книга каралацаза, амма цхьа а хаам т1ех ца туьлуьйтуш электронни г1ирсашкахь жигара дешархой хилла лаьтташ. Болуш бу оцу, я вукху бахьанина зорбанан издани ца карош берш а, оцу а, вукху а меттехь электронни кепо стеган хьашташ кхочушдо. Тхан а бу электронни газетан дешархой, уггаре коьртаниг а, мехалниг а газета доьшуш хилар ма-ду!

– Шайна юкъахь дукхах берш оьрсийн маттахь а болуш, гонаха 1аламат дукха хаамаш болчу таханлерчу хьолехь хала дуй шен дешархойн газетаца йолу з1енаш ца хадийта?

– Бакъду иза, хаамаш 1аламат дукха бу. Цу т1е цхьаболчарна дуккха а атта ма-ду оьрсийн маттахь уьш беша нохчийн маттахьчул. Иза а къастийна цхьалхадаккхалур доцуш г1уллакх дац. Схьах1уьттуш долчу суьртаца вайна гуш ду х1ора дийнахь оццу электронни г1ирсашкахь вайн газета доьшуш болчеран процент алсамйолуш хилар, тешна ву кхечу зорбанан изданешца изза хуьлуш хиларх. Дешархочо уггаре хьалха ша хоржу хаамаш бешаран мотт, нагахь цо шен ненан маттахь уьш беша лууш хилар гайтинехь, суна хетарехь, цунна дуьхьалонаш ян г1ерта ца деза, иза иштта а вуьсур ву ша бинчу харжамна тешаме хилла.

– Бувайсар, муха го хьуна нохчийн меттан, ша аьлча, «Даймохк» газетан хиндерг?

– Тешна ву, нохчийн мотта а санна, «Даймохк» газета дехарг хиларх. Цхьаъ дийна мел бу дехар ду важа а. Газетан а, меттан а кхолламаш вовшашца боьзна бу, цара вовшийн т1едузу. Шен новкъахь мел халонаш 1иттаелла газетана. Уьш даима а цхьаьнайог1уш хилла халкъан дахарехь хиллачу синтеме боцчу хиламашца. Халкъаца цхьаьна лайра халонаш, уьш эшош меттах1уттура. Юха а денлора. Дийцарх тешар воцуш 1аламат халачу хьелашкахь арадолура. Нохчийн меттан а, газетан а хиндерг Кадыров Рамзана шена т1аьхьа юьгуш йолчу т1аьхьенан карахь ду, иза сирла хирг хиларх цхьа а тайпа шеко а яц.

Перевод интервью на русский язык можно прочитать, нажав на вкладку внизу