Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газет кхоьллина 99 шо кхачарца Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан декъалдар:

«Оханан беттан 23-чу дийнахь 99 шо кхечи Нохчийн Республикин йукъараллин-политикин «Даймохк» газет кхоьллина. Доккха дезде ду иза вайн дерриге а къомана, махкана. Уггаре а хьалха оцу денца декъалбан лаьа тахана редакцехь болх беш болу кхоллараллин а, гIоьналлин а белхалой!

«Даймохк» газет ша кхоьлличахьана Нохчийн Республико оцу йехачу заманахь бинчу новкъахь хилла толамаш а, иэшамаш а гойтуш, нохчийн динан, синъоьздангаллин, гIиллакхийн, Iадатийн, дийнна культурин шатайпана кхерч а хилла лаьттина.

Нохчийн махкана а, къомана а чолхе даьхкинчу 1990-чу шерашкахь, ара а ца долуш, цхьана муьрана сецначул тIаьхьа, 2002-чу шарахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) дола а деш, вайн йукъараллина йухадирзира газет.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тахана дерриге а хьелаш кхоьллина «Даймохк» газетана кхиа а, нохчийн къам мел ду даха а. Тахана, оханан беттан 23-чу дийнахь, 99 шо кхачарца ас даггара декъалбо сайн вежарий, йижарий - газетан белхахой а, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а.

Везачу Дала Ахьмад-Хьаьжин сийлахьчу некъа тӀехь вайн Паччахьан Кадыров Рамзанан тахханалц санна, кхидӀа а тешаме накъостий а долуш, Нохчийн къоман мотт, меттан йоза кхиорехь болчу сийлахьчу некъахь а аьтто, ницкъ, могашалла лаьттийла шун кхин а 99 шарахь!»


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна