Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Курчалойн кIоштан отделан куьйгалхочо Агуев Рустама нохчийн бIаьхой кхалхарах лаьцна болчу хаамах йоьзна аудиозапись йазийна. Агуевн къамел шен каналехь довзийтира НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада. 

«АсСаламу Iалейкум! Вежарий, наха баржош цхьацца хаамаш бу рота/батальон йаларан хьокъехь. Ткъа тхо массо а тIеман лерина операцехь дакъа лоцуш а ду, хIора а зIенехь а ву, вовшашкара хьал а девзаш. «Дала гечдойла» боху дешнаш-дика дешнаш ду, делахь а и нах дийна а болшшехь дIа ма бохкахьара аша. Дукха хан йоццуш, со велла аьлла а хилира иштта цхьа хаам. ТIеман операци дIахьочу муьрехь хийла кIант лазош меттигаш хуьла, делахь а иштта хIума хилла а доцуш, эладиташ цадар дехар дара».

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна