Массарна а хууш ма-хиллара, вайн Мехк-Дас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIанта Рамзана Шен Указа карара шо дIакхайкхийна ду Нохчийн меттан шо. Цу тIе доьгIна Республикехь нохчийн мотт а, литература а кхиорна тIехьажийна дIахьуш дуккха а белхаш бу массо а хьукматашкахь. Иштта цу могIарехь нохчийн Республикин Парламенто дIабаьхьира лакхарчу дешаран учрежденийн студенташна йукъахь «Кегийрхойн кхолларалла» цIе йолу шина номинацех (проза, поэзи) лаьтта къовсам. Коьрта долчу декъана къовсамехь дакъалоцуш бара Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а «Нохчийн мотт, литература» отделенин студенташ.

Нохчийн меттан шарна леринчу цу къовсаман кхиэлахой бара: Нохчийн Республикин йаздархойн Союзан председатель Ельсаев Iаламад, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Элембаев Iалихан, Россин йаздархойн Союзан декъашхой: Арсанукаев Муса, Бурчаев Хьаьлим, Цуруев Шерип, Хаяури Инга.


Жюрино бинчу сацамца толамхой билгалбовлар иштта хилира:

Поэзин номинацехь:

1-ра меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 3-чу курсан студент Тимбулатов Мовсар;

2-гIа меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 4-чу курсан студентка Сосаева Амина;

3-гIа меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 2-чу курсан студентка Нагомирзаева Iайшат.


Прозин номинацехь:

1-ра меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 2-чу курсан студентка Эльтуева Iайшат;

2-гIа меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 4-чу курсан студентка Адаева Мата;

3-гIа меттиг Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан универститетан филологин факультетан 4-чу курсан студентка Мадашова Хадият.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна