Хьо  мел хенара ду - ца хаьа суна, х1ай Дуьне! Амма хаьа, хьан хеннара юйла Нохчийн йо1. Х1унда  аьлча, ша кхоьллинарг, ша  а вилхинчу дуьненна,  хьо эшнийла, езнийла, шен «Баланийн Ц1ийнан» баланаш лан. Юха  кхин а, хьо оьшура  юйла, Махьшаре нах гуллучу дийнахь, я суна, я хьуна  орцаха йийлан… Вайн махкахь лаьттинчу  т1еман 1азапо, доккха зен-зулам дира вайн къоманна. Б1аьргашка хецна схьалацалуш долчу зенах дара: адамийн 1ожалла, махкахойн заь1апалла, чим бина х1усамаш.  Амма заманан сихалло, кхоччуш т1е б1аьрг ца х1оттуьйтура вайга,  хуьлуш лаьттачу уггаре а боккхачу эшамна.Царех цхьаъ дара  даима а шайн мах хууш баьхначу, вайн ненан наноша, цхьа хала, цхьа еза лелийна Нохчийн йоь1ан ц1е, тахана, вай баьрччера озийна, боьхачу ц1енкъа д1акхоссар. Оьзда йо1 - мел дош ду иза! Ткъа ийман доцург  - иза ворх1е а заманна т1ехьаьрча, д1аьвше  1еха санна хилла яра. Вуьшта, вайна массарна а  ма хаьа, диканиг, оьзданиг шен юьртахо ву олуш а самукъадолий, ткъа сонтаниг, вониг - шен чуьра ву ала а ца лаьий.Мел ирча хира яра нохчийн х1усамаш, дуьхьала яла нохчийн Нана ца хилча, я кхерчан кийрахь ехаш нохчалла ца гича!

Цхьа  сингаттам лаьтта дагт1ехь  х1окху т1аьхьарчу шерашкахь.Вай зударий я божарий аьлла къаьстамаш бан а ца лаьа. Вайна, нохчашна х1ун хилла?

Дагадог1у, Дагаев Валида, х1инцалера  эстрада  муха хета аьлла шега хьаьттича, цо аьлларг: «Хьалха нохчийн ц1ий чехка дара, ткъа  х1инца - боларш сиха ». Музыкальни совг1аташ до бохуш, вай теш дара, хезаш хуьлура  дай-наношний, доьзалшний юкъа лела дикторан аз: «Оха  даггара декъала йо тхайн йо1 18 шо кхачарца…». Юха иза, 18 шо кхаьчнарг, схьагойтура, я диванахь 1уьллуш, я бацалахь лепаш…

Эццахь кийрара аз доьлхура: «  Эх1! Йиш йоьхна-м  ма яра хьо, нохчийн йо1,  аукционе йоху зама» - олий.
Нохчийн йо1!! Хьо йоцуш биса болу техьа, ахь лийрина мохк? Со-м кхоьру, кхоьрийла сайна, денна гуш йолу дела.
          

 К1езиг ма  яцара вайн къомах хьирчина халонаш, т1емнаш, депортацеш, операцеш… Масане яра уьш, къам доьза кхачон бинчу белхешна техкина хилла ц1ераш! Д1аяханчу  заманна т1аьхьахьаьжча, тахана хаь1на схьаго: вайн къам лардинарг, кхерч латтийнарг, нохчалла - да1а санна ларъйинарг, до1а санна язъйинарг – Нохчийн зуда ма  яра…
Ша оту х1ордкема санна, бохамна, халонна дуьхьала йийлинарг – нохчийн Нана ма яра!

Цкъа  а дицлур дац, Дагестанан дозанца, дохийна т1айш а долуш, вайн зударийн, ша бинчу хих бийлар, шайн белшашана т1ехь,цара шайн доьзалшна напг1а кхехьар!
Т1ом марса баьлла боьдуш, токхечу пачхьалкхашкахь хилла со, керстачу нехан шахьаршкахь.
Цигарчу нахаца цхьанакхетарш а хилла. Ас х1етахь, т1ом ца бийцира  цаьрга, ас оцу т1амна юккъехь йисина, шен доьзална гоунаха хьийза йисина Нана йийцира хьетахь.



Вайн къам ца дезнараш хьалха, со санна боьлхура соьца. Даймахкана генахь, йиш хаьллачу дагца, со дуьхьара йилхира цигахь.
 Уггаре а хьал долчу г1алахь, суна со хьолан-да хийтира. Ас хьестийнарш,  бийцинарш, нехан наной бацара! Сайн къоман, нур  х1уьтту жовх1арш санна, эхь - бехк кхаьбна нохчийн йо1, Ийман лерина нохчийн зуда ма яра!
 
Х1етте а, тахана новкъа ду , вай, шен ц1ахь, х1окху нохчийн махкахь, зуда цаларар.
Новкъа ю  вайн син б1аьрзалла, церан баланаш, ойланаш, дегнаш ца гарна.
 
Сий деш дац зудчуьнан. Сий дайинчу зудаберах боьлу вайн кегийра нах.
Царна  ца  хьаьа сий дайначузудариийн дукхаллица, шайн  сонталлин барам  совболийла. Амма иштта бакъ ма ду, стаг  волчу стагана уллохь, зудчунна - зуда хилар бен ца дисар. Дукха нахана ца  хьаь, зудчуьнан мах мел бу, царна ца хетийтина цхьа а башхалла, юхкуш - оьцуш йолчу: мачашний, машенашний, юучунний, зудчунний юкъахь - ерриге а эцалуш ю вайн заманахь.
 
Зударашна луьйш хеза вай,амма к1езиг хеза  зуда  лара олуш, зуда  язъе   олуш.    Г1оранна, ницкъана, Дала эг1аза кхоьлинчу цуьнца, хаддаза  къонахалла къовсуш хуьлу вайн   цхьаболу зоьртала нах.

Ткъа цунна-м,  кура  йийла меттиг ца  хиллачу нохчийн зудчунна, мел к1езиг деза. Иза  тоьхна ен - цхьа дош тоьу, иза юхаденъян – цхьа дош оьшу.
 Ма - дарра аьлча, вай зудаберан мах, роддоман не1арехь дуьйна хадабо:  к1ант вича -  беза кхаъ, ткъа йо1 кхайкхийича -  итт туьмий, Сацитий, Тоитий…

Шайна парг1ато т1ехь сов лоьхий техьа вайн божараша?
Х1ара г1уллакх иштта додахь , кестта йо1 д1акховдо меттигаш  хир яц, х1усамаш бен. Х1унда могуьйту вайна ваьшна сонталла,маьттазаллла? Я Дала, я дайша бохург дош ца хеташ, я шайн дош а, ца лелаш бу вайна юкъара цхьаболу боьрша нах. Тахана  вайн  зудабераша дечу марен цец х1унда дац вай?!
 Рентген т1е яла яхча санна, сиха юхайоьрзу маре яханарг. Цулла инзара ду, вай массо а, йо1 иштта  атта дакъазаяларна, ши б1аьрг а хьаббина, собаре хилар. Йо1 жеро яларах, цец ца волу  цхьа а, декъала хила, «нохчийн Жайно» ца магош санна. К1езиг хан яьлча, и марера, цхьа а бахьна а доцуш йоьхнарг, я доьзалхочух яькхинарг, цхьалха юьсу шен баланашца, х1окху доккхачу дуьненчохь, орцаха вала бусалба стаг воцуш, сий дайна, пусар доьлхуш. Дукхахьолахь и тайпа зударий гучубовлу, я маьттаза лелачаьрца, я хьекъалах эшначарца…
 
Ишколашкахь  йолалуш ю оцу проблемийн юьхь. Эхь хилла а ца 1а, цхьаболчу наноша  шайн зудаберийн йоцу оьздангалла ца гарна. Хьехархо ваьхьаш вац тахана берана дов дан, я хьехар дан. Цундела, уьш дукха хьалхе, партана т1ера г1овтий, д1абоьлху 1инаха чу кхаза, дакъаза бовлалла бен, кхин шайца хьекъал цахьош.

Дукха дуьйцу вай, вешан къомах кхаьрдаш санна. Муьлха а цхьа лазар иккхича, иза къастадой, цунна  оьшу рецепт карадо лоьрашна. Из - за дича х1ун хира дара техьа вай?   Вайн къоман эхь,сий дойу ледарлонаш вай ца совцаяхь, нохчийн къам, фольклоран книгаш т1ехь бен дуьсур дац. Вешан ледарлонаш, г1алаташ т1елаца, хьекъал а, оьздангалла а, карон еза вайна.
Вай марзделла, даимна а вайх лаьцна диканиг дийца, вуониг -  вон ду ала а деза, вуонаш дукха дебалий…
 
Йо1 дакъаза яларх дегаза хеташ бац вайн цхьаболу дешна  нах. Нохчийн йоь1ан сий: ресторанашкахь, машенашкахь, лаьцначу квартирашкахь, базарашкахь «бирже» даьлла ду!

Оцунна бехке, вайн божарий а бу. Уьш кхарда ца безара сий дайначу зудаберех, уьш белха безара, шайна уьш моссаза гушшехь.
 Кхана, цхьа г1айг1а йох1уш йог1ун йолчу Кхана, шайн к1енташна, мичара балор бу цара несарий?

Тешалаш,   вайгара рицкъан г1ело д1аера ю, х1ора  яртийн, г1алийн х1усамашкахь, ц1а бирзинчу нехан чиркхаш догур ду. Массо а доьзалехь, хира ма ю кхачо. Амма вайн х1усамашкахь хьийзаш  оьзда х1усаман – Нана ца хилахь, Ийман, чу ца дог1уш,  кет1ахь лаьттара-м дац  техьа, нах? Беркъа хира - м  бац техьа, вай хаддаза лаьхна «бахамаш»?
              Ойлане довлий, дохкох довлий, карлабаккхий вай, Нохчийн йоь1ан мах?!
                                                                                                                           
Зайнап Эльдерханова,
 ийманехь кхетош-кхиоран Центр
www.chechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2