Ас даггара декъалйо хьо йинчу денца. Со воккхаве хьо хиларх. Собарца, доьнал-лица лайра ахь вайн доьзална а, махкана а т1едеана хилла вон. Тхан дена, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана тешаме накъост хилла чекх а елира. Дела реза хуьлда хьуна! Тахана хьо сан нана хилла ца 1а, ахь хьайн дагах чекхдоккху Нохчийчохь хуьлуш долу дерриг дика а, вон а, хийла нана йоцчу во1ана нана хили хьох, йиша йоцчу йишина йиша хили, г1o-орца оьшучу хийла мисканна хьан комаьр-шаллица г1o-орца кхечи. Халкъана, махкана хьанал вацар кост-декхар дина, тхан дас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, д1аболийна машаран некь д1акхехьар т1едиллина ахь дахаран новкьа ваьккхинчу суна а,сан накъосташна а дика масал хилла лаьтта хьо. Суна хаьа, хьайгахь лам баккхал собар хиларна ахь и схьа ца гайтахь а, хьан дог, массо ненан а санна, к1еда дуйла, экам дуйла, лазаме дуйла, суна а, сан на¬къосташна а, ерриг Нохчийчоьнна а сагатдеш, ахь хийла буьйса наб йоцуш яьккхина. Къинт1ераяла. Амма хьо тешалахь, Дела реза воцург доьжна, хьо юьхь1аьржа xlyттyp яц хьуна. Тхан а, хьох шайн нана таръелла, хьоьгарчу г1o-орцане сатуьйсучу эзарнийн а дуьхьа, могаш-маьрша Дала дукхаяхайойла хьо! Хьайн до1анашкахь ахь Деле йоьхучу Нохчийчохь ирсе дахар хуьлда вайн нохчийн къоман!

Хьан к!ант, Нохчийн Республикин Президент Кадыров Рамзан

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2