Кху шеран 25-чу июлехь Нохчийн Республикин Надтеречни к1оштан Чгулга-юьртахь НР-н муфтин Мирзаев Султан-хьаьжин цхьаьнакхетар хилира цу к1ошта чу йог1учу яртийн маьждигийн имамашца. Билгалдаккха деза, х1окху деношкахь и санна долу цхьаьнакхетарш "Т1ехьа-Мартанан а, Грозненски сельски к1ошташкахь а хил¬ла хилар.1елимнаха шаьш бечу белхан таллам а бо, кхин д1а хиндолчунна керла 1алашонаш а х1иттайо. Муф¬тина уггар хьалха хаа лууш дерг дара имамашна а, церан г1оьнчашна а республикехь нохчийн юкъаралла динехь кхетош кхиорехь бечу белхан хьокъехь хеташ дерг.Мирзаевс имамашна юьззина бакъо елла шайна бакъахьа хеттачу aг1op динан дешар дешна, цу балхана ох1ла болчу къоначу 1елимнахана хьехамаш бан пурба ло аьлла. Имамашна т1едиллина цу белхан хаддаза, кхачам боллуш терго ян езаш хилар.

НРДУ пресс-служба

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2