Похожие материалы
Вониг дарх ларло
11:56, 01 декабря 2009г.
Просмотров: 4470
Дала боху Къуръан чохь: «Шу кхера питанах (зуламах, leca хилар дитарца). Шух зулам диначаьрга зу¬лам къаьсттина кхочур ма дац, зулам ца диначаьрга а, массаьрга а кхочур ма ДУ и».
«Шуна хоийла Аллах1 1азап ч1ог1а долуш хилар Ша бохучунна дуьхьал волчунна».
(Анфаль сурат, 25 аят) Зулам дар кхаа декъе декъна: 1). Ширк дар ца. Х1ажара вакхорца Делаца накъост лацар ду. «Делаца накъост винарг и милла велахь а ялса мани хьарам йина цунна, и воьрзу меттиг жоьжахати хир ю, цигахь цунна г1оьнчий хир бац». 2). Де¬лан лено, ша-шена зулам дар ду, leca хиларца, хьа¬рам дерг дарца, шен дег1 1азапана гучудаьккхина. Дала боху: «Tlex зуламе мила ву? Цхьа вац шен Делан аяташ девзинчул т1аьхьа, т1аккха царна букъ тоьхна д1авирзинчул а, баккъалла а къинош диначаьргара ч1ир оьцур ма ю».
3). Делан лено нахана зулам дар ду. Пайхамара (Делера салам-маршал¬ла хуьлда цунна) боху: «Массо бусалба стаг, бу¬салба стагана хьарам ву: цуьнан ц1ий 1анор, цуьнан даьхни шена дерзор, цуьнан сий дайъар. Дала боху Шен Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) : «Хьуна ма моттийла Аллах1 г1опал ву, зуламхоша деш дерг ца хууш. Баккъалла а Цо уьш т1аьхьатоьттуш бу 1азап ца луш т1аьхьарчу денна. Б1аьргаш къаьрзар болуш де ду шена чохь ( и де ду иза).
«Вовшийн г1o де аша дикачу х1уманна т1ехь (шайга де бохург деш, дита бохург дуьтуш). Аша вовшийн г1o ма де (leca хиларца) Делан дозанал т1ех а довлий. Делах кхералаш баккъалла а 1азап ч1ог1а долуш ма ву Иза, Шена leca хиллачунна». (Маидат сурат)
Дала лардойла вай leca хиларх.
Вальхьамдулиллах1и раббиль-1аламийн.
Хьехам бинарг
Абдурахманов М.
Зорбане кечбинарг
Даудов Г.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также