Шен берриг доьзал эцна, Мисарера Шема Саба1 олучу метте д1авахара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цун¬на). Х1ажаран доьзалхо дуьнен чу ваьлчхьана иза ца еза йолаеллера Сара. Х1ажар а, цо вина Исма1ил а эцна, х1инца Макка-шахьар лаьттачу метте д1авахара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цунна). Оцу заманахь, дийна дег1 доцуш, иштта хи доцуш, еккъа цхьа г1амаран аре яра и меттиг. Нухь-пайхамаран (Дела реза хуьлда цун¬на) заманчохь, х1орд т1ебаьлча Дала стигал даьккхина «Байтуль-Ма1мур» (маликаша т1аваф дарца Далла 1амал еш хилла долу ц1а) ц1а хиллачохь (тахана Хьаьжц1ан Ка1бат долу меттиг) уьш а битина, царна хурманийн т1оьрмиг а, цхьана х1уманчохь хи а дитина,юханехьа Шема д1авахара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цун¬на). Иза д1авоьдуш тIаьхьакхайкхи ра Х1ажар:
- Тхо кхузахь дита аьлла Дала дина хьоьга омра? - аьлла.

Ибрах1има (Дела реза хуьлда цунна), дина аьлла жоп делча: - т1аккха Цо 1алашдийриг хир ду тхо, - элира Х1ажара. Акхарой а ца лелачу товна кхехкачу оцу эрна арахь шаьшшиъ дисира Х1ажар а, Исма1ил а. Ибрах1има (Дела реза хуьлда цунна) дитина хи а кхачийра церан. Вакхорах а юккъах ваьккхинчу (ваккханза цаваьлла) Исма1илан балдаш хьогалла дакъаделлера. Сов са ца тохалуш, лаьттах м1араш хьоькхуш, текхара Исма1ил. Шен б1аьра хьалха Исма1ила балахьегар ца лалуш, хи лоьхуш, Сафа а, Марва а олучу шина лома юккъехула д1асауьдура Х1ажар. Оцу лаьмнийн баххьашка а юьйлуш, аренга д1ахьоьжура иза цхьа а гур вацара те бохуш. Амма цхьа дийна дег1 дацара гуш. Лаьххьара а, аль-Марва лома буьххье яьлча цхьа аз хезира цунна. Тап-аьлла ладоьг1уш а лаьттина. цо элира: «Хьо суна хазам хазийти ахь, ткъа суна г1o дан аьтто буй хьан?» - аьлла. Юха, иза д1ахьаьжча (тахана Хьаьжц1ахь «Замзам» олучу меттехь), шен т1ам хьокхуш, хи лохуш доллучу маликех б1аьрг кхийтира цуьнан. Т1аккха цигахь хи гучуделира «Замзам» хьоста дара иза. Цу хьоста т1ера кхоьхьу, тахана, Хьаьжц1а баханчу наха хи. Дала беркате дина оцу хьостан хи мала а, ламаз эца а бен кхечу г1уллакхана лело магийна   дац. Хих 1абийра уьш Дала Шен   къинхетамца Х1ажара вакхорца Исма1ил. Оцу хи даьккхинчу малико элира цуьнга: «Х1аллакьхиларна ма кхера, баккъал а, кхузахь Аллах1ан Ц1а хир ду оцу к1анта а (Исма1ила), цуьнан дас а доьттина. Баккъал а, Аллах1а 1уналла ца деш буьтур бац шена суджуд дийриш».

Шайна Х1ажарера бакъо а ехна (цигахь хи хиларна), цига юххе охьахиира Маккан лакхарчу aг1op схьадеана джурхум тайпа. Кхуьуш вара Исма1ил. Оцу тайпанера 1аьрбийн мотт 1емира цунна. Цул т1аьхьа Ибрах1им пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) юхавеара Макка. Иза г1адвахара Х1ажаррий, Исма1иллий могуш-маьрша карийча. Цхьана    буьйсанна Ибрах1имна (Дела реза хуьлда цунна) г1ан гира, ша Исма1илна (Дела реза хуьлда цун¬на) урс хьокхуш. Иза пайхамар хиларе терра, цунна г1енах гинарг кхочушдан дезаш хил¬ла, х1унда аьлча пайхамаршна гуш долу г1ан Делера омра (Дала т1едиллар) хиларна. «Халилур-рахьман» (Къинхетамечу Делан доттаг1) аьлла ц1е йол¬ чу Ибрах1имна (Дела реза хуьлда цунна) Дала шена т1едиллинарг кхочушдан лиира. Цо Исма1але (Дела реза хуьлда цунна) элира: «г1ена   кхоьлах     айса хьуна урс хьокхуш гина суна, хьуна х1ун хета цунах?». Исма1ила (Дела реза хуьлда цун¬на) жоп делира: «Х1ай, сан да! Хьайга Дала дина омра кхочушде ахь, Дала мукълахь, со собар долчарех а во¬луш,  карор  ву хьуна!»
-    аьлла.

Исма1ил (Дела реза хуьлда цунна) а эцна, цунна урс хьакха дагахь Мина вахара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цун¬на). Иза охьа а виллина, цо цунна урс хьаькхча, Дала д1а ца латийтира Исма1алан (Дела реза хуьлда цунна) дилханах. Ибрах1има дуьззина кхочушдира шен Делан омра. «Х1окхунна хьакха урс, Исма1ална а ца хьокхуш!» - аьлла, Джабраилмалик даийтира Дала, ялсмани чуьра ка а бохьуш.

Цул т1аьхьа, Шема д1авахара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цун¬на). Воккха а хилла, шайна юххехь дехачу джурхум тайпанан йо1 ялийра Исма1ила (Дела реза хуьлда цунна). Х1ажар а д1акхелхира. Т1аккха кхин цкъа юхавеара Ибрах1им (Дела реза хуьлда цунна). Цо Исма1иле (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Дала цхьа х1ума т1едиллина суна». Исма1ила (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Дала хьайна т1едиллинарг кхочушде»  -элира. Цо (Ибрах1има) хаытира: «Ахь г1o дийр дуй суна?» «Дийр ду», - жоп делира Исма1ила. «Х1оккхахь Ц1а дог1а аьлла омра дина соьга Дала», - элира Ибрах1има (Дела реза хуьлда цунна) .

Ламчуьра т1улгаш кхоьхьуш, таха¬на (Маккахь) Хьаьжц1а лаьтта Ка1бат йоьттира цу шимма, Дела а хьехош, цуьнга до1анаш а деш: «Тхан Дела! Тхоьгара къобал делахь, Хьо-Т1еххезашверг а, "Т1еххуушверг а ву-кх».

Иза доьттинчул т1аьхьа ломан буьххье а ваьлла кхайкхира Ибрах1им (Дела реза хуьлда цунна) «Х1ай нах! Хьаьждар шуна фарз (т1едиллина) дина (Дала)».

Ибрах1им-пайхамара (Дела реза хуьл¬да цунна) дуьненчохь яьккхина хан 175 шо ю. Сарий, Х1ажаррий д1акхелхинчул т1аьхьа кхин ши зуда а ялийра цо. Цара вина 11 к1ант а хилла Ибрах1иман (Дела реза хуьлда цунна). Делан лаамца, уьш берриш тайп-тайпанчу    мехкашка д1асабахийтина цо. Ибрах1им (Дела реза хуьлда цунна) д1авоьллина (Хевран) шахьаран гена йоцчу Маг1арат хьеха чохь. Делера салам-мар¬шалла хуьлда массо а пайхамаршна.

«Пайхамарех дий¬царш» а, иштта кхечу жайнех а, 1елимнаха дуьйцучух а пайда а оьцуш, зорбане кечйинарг - ХАБАЕВ Исма1ил.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2