Хож-Ахьмадан дахаран некъ. 1990-чу шарахь Курча-лойн-Эвлахь дуьххьара схьайиллира бусалба дин Ιаморан хьуьжар. И схьайиллинарг вайн Республикан Хьалхара Президент Кады¬ров Ахьмад-Хьаьжица (Дала   гечдойла   цунна), Ахматов Насуха-хьаьжица Кадыров Ахьмад-Хьаьжин девешин кΙант Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжа вара. Цхьана дех схьабевлла КадыровгΙар бу уьш – Хож-Ахьмад-хьаьжа, Ахьмад-Хьаьжа, вайн Президент Рамзан Ахматович. Хож-Ахьмад вина Кур-чалоевски районан Хоси-Юьртахь, 1942-чу шарахь. Шен дахаран некъ дΙаболош   Соьлжа-ГΙалахь медицинан училище чекхъяьккхира цо, НГΙ-н пачхьалкхан хьехархойн институтехь балхара юкъах волуш дийшира.10 шарахь Хоси-Юьртарчу фельшерийн пунктехь болх бира Хож-Ахьмада, цул тΙаьхьа Курчалоевски районан больницехь хаддаза 15 шарахь лоьралла а дира.

Бахархоша хΙетахь дуьйна диканца бен цΙе йоккхуш вацара Хож-Ахьмад. Цо олучу хазачу дашо дарба дина цамгарх хьалхаваьллера хийла цунна тΙевеана волу дархо.

ХΙетахьлерачу Ιедална гергахь мел кхераме хиллехь а, Хож-Ахьмад дукха жима волуш дуьйна бусалба Ιилма Ιамо волавелира. Дуьххьара, Казахстанехь, цунна Ιаьрбийн элпаш Ιамийнарг цуьнан деваша Сулима вара. Вайн республикан хьалхара президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин деваша а, цуьнга бусалба дин Ιаморан некъ харжийта дуьххьара юьхь йиллинарг а вара Сулима. Бусалба дин шена Ιамийна а, юха и нахана дΙахьехна а хиларна шийлачу Сибрехан набахтешкахь итт шо хан текхнера цо.

Деваша Сулима дΙакхелхича Хож-Ахьмадана бусалба дин Ιамор дΙадаьхьира дас Жабраила. Хож-Ахьмад-хьаьжас дагалоьцу: Дуьненчу ваьлла дукха зама ялале чΙогΙа цамгар кхеттера цунах. Жимачу доьзалхочух дог ца дуьллуш дукха каеттара нанас. «Ма хьийзавахьара ахь и кΙант», – дийхира дас Жабраила. Амма нана ца къарлора. ТΙаккха дас    аьллера:    «Дала мукълахь, оцу цамгарх и хьалхаваьлла, дуьненчохь цуьнан рицкъа хилахь, бусалба 1илма 1амадайта д1алур ма ву ас и к1ант».

Ойлае аша: «Бусал¬ба дин 1амадайта!...». Дера ца аьлла цо дуьненан бахам гулбайта говзалла караерзо я 1едалан г1уллакхе балха вахийта д1алур ву ас иза-м!.

Х1унда аьлла те цо иштта, аьлла хаттар х1оттийча, цунна жоп каро хала дац, Хож-Ахьмадан дайн орамашка ладоьг1ча оцу хаттарна жоп карадо. Уьш берриге а шайна бусалба 1илма 1амийна а, юха и нахана д1ахьехна а бу. «1ам лаьттинчохь ишал ца эшна» олуш ду вайн дайн. Ткъа Хож-Ахьмад дайшкахь бусалба динан 1илма лаьттина, бу¬салба динадайшца гергарлонаш лаьттина ву. Деккъа цхьа масал тоьар дара оцу белхан мах хадо: Хож-Ахьмадан а, ишт¬та вайн Президентан Рамзан Ахматовичан ден Ахьмад-Хьаьжин а дедас 1абдул-Къедира шовзткъа шарахь мута1еламаш 1амийна хилла. Пена кхоьлах Делан Элчанан (Делера къинхетам-маршо хуьлда цунна) х1усамнанас Хедижата «Беркате хир ву хьо» аьлла некха т1e мух1ар та1ийна а хилла цунна. Устазаца Кунта-Хьаьжица уллера гергарло долуш хилла 1абдул-Къедир. Дозаллица хьахадо Хож-Ахь¬мад-хьаьжас 1абдул-Къедира 1амийначу мута1еламашлахь уггаре кхиаме, хьекъална ира, сема волуш

Хоьшкалдера эвлаяъ Юсуп-Хьаьжа хила хилар, ткъа 1абдул- Къедир 1амийнарг Юсуп Хьаьжин да Байбетир-Хьаьжа вара. Х1инца вайна дагайог1учу заманах лаьцна аьлча, к1орггера дешна вара Хож-Ахь-мадан девешин к1ант вайн республикан хьалхара Президент Кады¬ров Ахьмад-Хьаьжа. Х1инца а бусалба 1илма д1ахьоьхуш, Делера шена ял йоккхуш ву Хож-Ахьмад-хьаьжа а, цуьнан ваша Хас-Мохьмад-хьаьжа а. Хож-Ахьмад-хьаьжас хьехна мута1еламаш, шайн хаарш кхин а лакха а даьхна цхьацца гечешкахь г1уллакх деш бу, районашкахь къеданаш, маьждигашкахь имамаш болуш. 1990-чу шарахь дуьххьара Хьаьж-Ц1а воьду Хож-Ахьмад. Х1етахь дуьйна цхьа а шо юкъа ца   дуьтуш   Хьаьждеш ву иза. Нохчийн Республикан «Сийлахь гражданин» ву Хож-Ахьмад. 2006-чу шарахь «Человек года» аьлла тешалла делла цунна. Республикан интеллектуальни Центро «Серебряная Сова» («Дато бухΙа») луш совгΙат дина 2008-чу шарахь. Ирсе а, беркате а доьзал кхиийна Хож-Ахь-мада. Кхоь а кΙант: Хож-Баудди, Хьасайн, Хьусайн – светски лакхара образовани йолуш ву, цул сов, шолгΙа исламски лакхара образовани ю Хьасайнан а, Хьусайнан а. Массо а Хьаьж-ЦΙа вахана а ву. Хож-Баудди – Республикан МЧС-н системехь къахьоьгуш ву, Хьасайн вайн Президентан Рамзан Ахматовичан гΙоьнча ву. Иза шен декхаршца дика ларош хиларан тешалла ду вайна иза метиггерчу телеканалашхула даиманна Президентана уллохь гуш хилар. Ткъа Хьусайн Приволж¬ски Федеральни Округехь вайн Республикан Президентан предста¬витель ву. 

Леча-хьаьжа- назманча, 1елимстаг

Къаьсттина дийца дукха ду доьзалехь уггар жимахволчу Леча-хьаьжех. Иза х1инца воцуш ву, Дала гечдойла цун¬на.
Дика к1ант вара Леча шен нанна Лайлаъна, тешаме, массарна везаш доттаг1 вара шен доттаг1ашна, дика а, те¬шаме а ваша вара вежаршна, иштта йижаршна - уьш пхиъ яра Лечин - Марзет, Малика, Сарет, Самаъ, Ирадат - берриш а шайн доьзалшкахь д1анисбелла бахар долуш бу тахана. Ткъа дена Хож-Ахьмадана ... к1ант хила ца lapa Леча, баккъалла а волу дика накъост вара, ондда г1ортор яра цуьнан. Ларамаза дацара Хож-Ахьмада, шеен доьзалхочух лаьцна ала бехке хетташехь, аьлла дешнаш: «Сайца Леча волуш муьлххачу межли¬се воьдуш дог парг1ат во¬луш, токхе волуш водара со. Муьлхха а г1уллакх, мел чолхе хиларх, цунах тешо ваьхьар вара со, х1умма а цу т1ехь иза ца ларорна а ца кхоьруш».

Леча    д1акхелхинчул т1аьхьа Хож-Ахьмада шен х1усамнене Лайлаэ аьллера: «Хаза г1ан хиллеера вайшинна гинарг», аьлла. Х1инца, ойла йича, хетало, к1ант вицван мел хала делахь а, Хож-Ахьмадана д1аваханчу Ле¬чин метта шеен дагах кхеташ, дика накъост хилла шен шичин Ахьмад-Хьаьжин к1ант, вайн Президент Рамзан Ахматович д1ах1оьттина хилар – иза Дала цунах бина къинхетам бу, Дала цунна диканца бина бекхам бу. Мукъам хаза болуш, зуькар аларан ох1ла волу, бакъволу назманча вара Леча. Назманийн байташ, дукхахьолахь, шен дешнашца яьхна хуьлура цуьнан. Дала гечдойла цунна, Ахьмад-Хьаьжас ша мовлад доьшуьйтуш шен х1усамехь Леча волуш бен ца доьшуьйтура мовлад. Ша д1асалелочу пачхьалкхан машена чохь даиманна Ахьмад-Хьаьжас ладуг1уш ерш Лечин назманаш яра, цуьнан мукъам бара. Вайн Президента Рам¬зан Ахматовича баккъалла а дозалла дора Леча зуькар-назма ала¬ран ох1ла хиларх, цо лоруш а, цунна везаш а вара Леча. Леча-хьаьжа зуькархо, назманча хилла ца lapa, иза Klopггepa хаар долуш бийца говза мотт болуш 1елимстаг вара. Бусалба динан институт чекх а яьккхина, масийтта ша¬рахь мута1еламашна дарсаш   хьийхира   цо Шелахь, Ойсхарахь. Дела хьехош, Цунна муьтΙахь болчу нахана юкъахь кΙеззиг йолчу хенахь йоккха меттиг дΙалецира цо. Амма еъна кхаьчначу Ιожалло хеназа хадийра Далла Ιибадат дар коьрта Ιалашо лаьцна волчу къонахчун Лечин дахар.

Кегий бераш: кΙентий Хьамзат, Ιаббас, йоΙ ЖовхΙар, хΙусамнана Рамиса бухадитира Леча хьаьжас, ткъа Жарадат – Леча дΙакхелхинчул тΙаьхьа 4 бутт баьлча дуьненчу елира. Делан къинхетам: доьзалан дола дар шена тΙелецира Лечин вашас Хьусайна.

Доьзалан нана – Лайлаъ-хьаьжа

Къаьсттина довха дешнаш ала догΙу Хож-Ахьмад-хьаьжин хΙусамненах Лайлаах. Хууш дерг ду: доьзал ийманчохь кхиар, коьрта долчу декъана, доьзалан ненах доьзна ду. Лайлаан ницкъ кхечира, Делан къинхетамца, доьзалш берриш а цΙенчу ойланца, барт цхьаъ болуш, ийманехь кхион. Хож-Ахьмадан а, Лайлаан а доьзалш, берийн бераш – берриш а ялх шо кхаьччахьана ламазаш деш, марханаш кхобуш, Къуръан доьшуш бу. Лайлаан ирс хилла Делан фарз – Хьаьждар кхочушдан, цхьайттазза кхаьчна иза КаΙбате а, (Делера салам-маршалла хуьл-да цунна) Делан Элчанан Ровзате. Иза Делан къинхетам бу.

Хож-Ахьмад-хьаьжа – меттан говзанча а, хьехамча а

Хож-Ахьмад-хьаьжа Ιелимстаг хилла ца Ιа, иза меттан говзанча а, хьехамча а ву. Вайна гуш ду, Ιедалан белхашкахь вацахь а, муьлхха а, мел лакхара а дарж шех тешо мегар долуш, иза дΙакхехьа охΙла ву иза.
Вайн Президента Рамзан Ахматовича тешам баларца дуккха а цхьанакхетаршкахь Россин пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь болчу Ιедалан гΙуллакхъхошца къамелаш дан дезна цуьнан. Ала деза, баьхкина хьеший цецбохуш говза а, кхетаме а хуьлу Хож-Ахьмадан къамел. Республикан дуккха а бусалба нах телеэкранна хьалха гулбеш передача ю «Ийманан шовда» цΙе йолу ГТРК «Грозный» телеканалехь дΙайоьдуш йолу пере¬дача. Республикерчу бусалба наха деш долчу хеттаршна жоьпаш луш ву Хож-Ахьмад-хьаьжа. Хеттарш дукха тайпана хуьлу, амма Хож-Ахьмад-хьаьжин дала жоьпаш хуьлу.

Хож-Ахьмад-хьаьжа хьехархо

1990-чу шарахь вайн республикехь дуьххьара схьайиллинчу Курчалойн-Эвларчу хьуьжарехь хьеха волавелира Хож-Ахьмад-хьаьжа. ХΙетахь дуьйна мутаΙеламашна дарсаш хьехар дΙа ца тесна цо. Ислам-дин дΙахьехаран балхах лаьцна хаьттича иштта дешнаш далийра Хож-Ахьмад-хьаьжас:

«Сайн дахарехь уггар беза а, суна сий-лахь а, тоьлла а хеташ болу бахам бу сан мутаΙеламаш.    Дуьненан  дукха хьалбахамах хуьйцур бацара ас уьш». Оцу дешнийн бух болуш хилар гойту хΙокху бакъдолчо. Шен кΙант Леча-хьаьжа хеназа дΙакхелхина байлахь  бисина,Ойсхара-хьуьжарехь   цуьнан Ιилманах   пайдаоьцуш болу   мутаΙеламаш   – кхойтта стаг – дΙатесна ца    витавелира    Хож-Ахьмад-хьаьжега. Кхоъ маьхьил чекхдоккхуш болуш нисделлера  иза. КΙентан тезет дΙадирзича Хож-Ахьмад-хьаьжас схьагулбира кхианза  болу Ιеламаш, церан догхьостуш элира цо: «Шен кΙанта   Леча-хьаьжас боккъалла а шу дезарца, бусалба дин дезарца хьехна шуна. Шена Делера яла хилийта, Лечин синна хаза а хетийта, шун синошна паргΙато а хилийта шун дешар кхачо деззачу тΙегΙане дΙакхачош, и диъ маьхьил чекхдоккхуьйтур ду вай шуьга массаьрга», –Дала мукъалахь.  Массаьрга  белхар делира, диъ махьил чекхдаллалц хьеха а   хьехна,   дипломаш луш арахийцира цо и группа. Диц ца делла и цхьанна а, хΙинца а хьахадо и гΙуллакх дукха наха.

Атта ца хуьлу Хож-Ахьмадан мукъа хан, мадарра аьлча, хиллане а ца хуьлу. Амма оццул ша гΙуллакхашна вукъвелла хиларх шен мутаΙеламашна хан карайо цунна. Цаьрца ша садоΙуш хета цунна.

Хож-Ахь-мад-хьаьжа – маьждиган имам

Республикерчу бусалба наха Хож-Ахьмадан Ιилманан лакхара мах хадош хиларх дало лаьа цхьа масал. Цо хьехна болу мутаΙеламаш хΙинца бевзаш Ιелимнах бу. Хьан хьехна хьуна, аьллачу хаттарна: Хож-Ахьмад-хьаьжа волчохь Ιемина ву аьлча, оцу муьлххачу нахана гергахь маситтазза даржехь лакхаволу иза. Дела воцчу коммунистийн Ιедалх кхерам боллушехь, Дагестане Хасав-Юьрта, маьждиге рузбане лелла Хож-Ахьмад-хьаьжа. Цул тΙаьхьа Жимчу АтагΙахь маьждиг схьадиллича цига а рузба дан лелла. Цул тΙаьхьа Курчалойн-Эвлахь маьждиган имаман наиб волуш Далла Ιибадат дина цо. X I о к х у т1аьххьарчу шерашкахь шайн юьртахь - Хоси-Юьртах ь имам ву Хож-Ахьмад-хьаьжа. П1ераскана дийнахь цо беш болчу хьехамашка лерина ладуг1у массара а. «Вайнах» телеканалехь берриг махкахошна и хьехамаш д1абовзийта таро йина оцу учрежде¬нии куьйгалхоша.

Хож-Ахь¬мад-хьаьжа - масла1атхо

Хож-Ахьмад-хьаьжин чолхечу, амма оццу хенахь беркатечу дахарехь коьрта меттиг д1алоцуш кхин цхьа aг1o ю.
Ч1ир вайн къоман даиманна юкъахь лаьтташ, уггаре лазаме а, къаьхьа а 1адат ду. Къаьсттина иза хаалуш хуьлу вайн халкъехь т1еман, революции карчам хуьлучу муьрехь. И цатемаш ца боьрзуш дукха шерашка д1акхоьхьуш хаало вайна вешан къоман исторехь. Иштта хилла XlX-г1a б1ешерашкахь a, XX-г1a б1ешерийн юьххьехь а. Иштта нисделла х1инца а.

Цкъа а ца йоьрзу йолу чевнаш йоьрзуьйтуш, нохчий вовшашна къинт1ера бовлуьйтуш масла1ате болх д1акхехьна вайн безачу эвлаяаша Кунта-Хьаьжас, Юсуп-Хьаьжас, 1овдас, 1овди 1елас, иштта кхечара. Ша бечу масла1атан балхахь оцу эвлаяийн дахаран некъ масална х1иттош, говза некъ бо Хож-Ахьмад-хьаьжас. Ала деза:

Хож-Ахьмад-хьаьжа оцу декъехь баккъалла волу дипломат ву. Кхолладеллачу хьоле хьаьжжина, шина а аг1орчийн дегнашна вас ца еш, церан ойланашна т1е а кхиъна, юкъаметтиг д1анисъян, уьш вовшийн т1етт1аозийна, гергабало хаар делла Дала цунна.

Моттадала тарло, атта нислуш ду и тайпа г1уллакх. Цо говза лебечу матто, билгалдоккху вай нохчийн матто цкъа а басталур бац аьлла хеташ болу онд¬да шад баьстина меттигаш дукха ю. Х1окху т1аьххьарчу хенахь Хож-Ахьмад-хьаьжа юкъахьовзар бахьана долуш ч1ир юьтуш меттигаш хила Курчалойн-Эвлахь, Йоккхачу Атаг1ахь, Неврехь. Хож-Ахьмадан сийларам цхьана а кепара шеко йоцуш хьалаойбуш, иза нехан дегнашкахь кхин а лакхавоккхуш дерг кхин цхьаъ ду. Цунна дика хаьа ишттачу    г1уллакха юкъахь дуьххьара дийцарш дар хьаьнгахула д1адолон деза, цул т1аьхьа,   вукху   т1ег1ан тΙехь мила юкъаозо веза, цаьрца хΙун дийца деза. ХΙора а меттехь бухахь болчеран ларамболуш, царна хьалха бехке хиларна, уьш кΙадбалийта дуьхьал хΙитто безаш кхин нах хуьлу. Дукхахьолахь, церан декъехь Делера салам-маршалла хилариг, Делан Элчанан цΙийнах болу къурайшин тайпанах нах хуьлу. Церан сий-ларам барца, меттан говзаллийца, боккхачу кхетамца дийца хаар – иза йоккха корматалла ю, доккха хьекъал ду, доккха Ιилма ду.

Дерриг дийцарш дийцина даьлла, тΙедахале хΙораммо дан дезарг шен-шен мете охьадиллина хуьлу цуьнан, цу юкъахь ала ца догΙург, дийца ца дезарг, шена хетарг дийца цхьанна а цхьа а тайпа гечо ца дуьту цо. Ала йиш ю вайн, оцу белхан баккъалла волу охΙла ву Хож-Ахьмад-хьаьжа.

Хож-Ахьмад-хьаьжа – яздархо

Вайн республикан бусалба динан «Исламан зIаьнарш» газетан редакцин кхеташонан декъашхо ву Хож-Ахьмад-хьаьжа. Х1окху шеран 16-чу январехь Зорбанан Ц1ийнехь презен-тации хилира «Исла-ман з1аьнарш» газетан редакторца цхьаьна цо язйинчу «Исламан сирлачу новкъахь» ц1е йолчу жайнин. Цхьаьна-кхетарехь дакъалоцуш бара Правительствон декъашхой - министраш, дуккха журналисташ. Гулбеллачара беза мах хадийра оцу жайнин. Х1окху сохьта шолг1а жайна зорбане кечдеш ду.

Хож-Ахьмад-хьаьжа - езачу меттигашкахь

Х1окху шеран апрель баттахь Хож-Ахьмад-хьаьжа Узбекистанехь бусалба динан езачу меттигашкахь - Буха-рахь, Самаркандехь хилира. Боккхачу бе-замца дуьйцу Хож-Ахьмад-хьаьжас ци-гарчу зиярташка шаьш х1иттарх лаьцна, цигахь шайн хилла ойланаш.
Цул т1аьхьа, Маккахь а, Мединатахь а цхьа бутт зама яьккхина, 1амал-1ибадат дина ц1а вирзира Хож-Ахьмад-хьаьжа. Цигахь шен кхоллаеллачу ойланех яздо Хож-Ахьмад-Хьаьжас «Исламан сирлачу новкъахь» ц1е йолчу шолг1ачу жайни т1ехь.

Заурбеков Мас1уд

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2