БАКЪИОЛУ БУСАЛБА ЗУДА ШЕН А, Х1УСАМАН А, ДОЬЗА-ЛАН А, НЕХАН А ИЙМАН ЛАР¬ДЕШ ЙОЛУ 1У Ю. И МЕЛ ДОЛУ Х1УМА ШЕЦА ДОЛУШ ЙОЛУ ЗУДА, ШЕКО А ЙОЦУШ, ВАЙН ДАЛА БАРХ1Е А ЯЛСАМАНИН НЕ1АРШ СХЬА А ЙИЛЛИНА, ШЕНА ЛУЪУЧУ НЕ1АРЕХУЛА ЯЛСАМАНИ ЧУЙОХУЬЙТУР Ю, ЦО ДОККХУРГ ПАЗОТ ДОЛУ ДЕЛА. Зудчо шен ийман лар-дар Дала а, Пайхамара а мабаххара, шен дахар а, духар а оьзда тодина, дуьнен чохь йокху хан хьанала яккхар ду . Шен ииман лардеш хилча, шен доьзалан а, шен х1усаман а, арахьарчу нехан а ийман лардеш ехар ю иза. Зудчунна бакъо ца ло вайн Дала шен дена а, вашина, а девешина а, ненан вешина а,шен ц1ийндена бен коьртара мае гайта. Кхид1а болчу нахана хьарам ду оцу зудчуьнга хьажар. Шен мае а, дег1ан меженаш а д1а а хьулйина араяларца лардийр ду цо шен х1усаман а, арахьарчу нехан а ийман. Амма шен х1усамехь болчу нехан ийман лардар, уггар хьалха, юучуьнца хир ду цуьнан . Стеган ийман меттахь латтош дерг, уггар хьалха, кхача бу, бууш болчу кхачанах вайн дог1машна т1ехь дилха кхоллало, ткъа кхача хьарам белахь, цунах кхолладеллачу дилхано стаг вочу х1умане ийзаво, амма и кхача хьанал белахь, цунах кхолла-деллачу дилхано стаг дикачу х1умане ийзаво. Масала, хьарам дерг ца дезаш волчу стага, хьа-нал къа а хьоьгий дахьа шен х1усаме рицкъа, ткъа ламаз ца деш йолчу х1усамнанас кхача кечбахь, иза зене бу, иштта кеч мел бина кхача а. Иза буучу нехан ийман Мийла а хир ду. Кечбеш болу кхача зене ца хилийта, ламаз деш хила еза, ткъа нехан ий¬ман тодан лууш елахь цо даим а шен ламаз карахь латто деза. 1елимнаха дийцарехь, къаьркъа молуш волчу стагана шовзткъа дийнахь ламаз карахь кечбина кхача баабахь цо къаьркъа дуьтур ду аьлла ду. Вайн махкара бевллачу эвлаяаша а, устазаша а ламаз карахь кечбина кхача бен бууш ца хил¬ла, иштта лардеш хилла вайн эвлаяийн ийман це¬ран х1усамнаноша. Иштта лардеш хилла и Миллакх вайн оьздачу наноша а.

Вай лакхахь мааллара, зуда г1азот даккха лууш елахь, цо шен ц1ийндас бохург дан деза, нагахь санна иза Дала бохучунна дуьхьал дог1уш х1ума дацахь . Элчано ма аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьа-дисехь: «Далла бен, кхечу х1уманна сужуд дан йиш хилар хьоьхуш ша веанехьара, зудчуьнга шен ц1ийндена сужуд дойтур дара ша». Иштта йолу зуда кхелхича ялсама-не кхочур ю, оцу чуьра х1уьрла1ийн мехкарийн шех хьега а беш хаза а хир ю. Дуьнен чохь санна, шен  ц1ийндеца цхьаьна а хир ю иза, нагахь санна иза декъ-ала хиллехь, амма бакъ-ду, иштта йолчу зудчун ц1ийндена аттам хир ду цига кхача. Цунах хьоьгур болчу х1уьрла1ийн мехка¬рийн хазалла йийца воьлча, барам тоьар бацара, царах йолу цхьа йо1 xloxxy дуьненчу хьаьжча, дуьне серладер дара, цо шен п1елг х1орда чу 1оьттича, х1орд марзлур бара. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьа асхьаб хилла ч1ог1а хаза х1усамнана йолуш, дукха нах хьоьгуш а хилла цунах. Цхьана буьйсана г1енах х1уьрла1ийн мехкарех цхьа йо1 гина хилла цунна, ша самаваьлча, шен зудчух б1аьрг кхетча, кхеравелла хилла иза, шен х1усамнана ч1ог1а ирча хетта. Xlapa к1езиг х1ума дукха зударшна Дала кечдинчу диканна хьалха.

Ийман долуш йолу зуда бусалба стеган ийманан ч1аг1о ю, эрна аьлла ма дац: «Ийман долу зуда, ийман доцчу эзар къонахчул г1оле ю». Вайн Далла хастам бу х1окху заманахь бусалба динца, ийманца зударий алсамбовлуш хиларна. Оцо гойту вайн кхане ийман а долуш, исламца а, ихьсанца а йог1ургхилар

Дала ийманехь а, исламехь а совдохийла вай!

Истамулов Ислам

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна