Диц ма де вай, ялсамане ненан когаш кIелахь хилар – Хьо стенгара вогIу? – Ден букъера, ненан кийрара. – Стенга воьду хьо? – Лаьттан кийра. (Исламан жайнаш тIера) Ненан кийрахь цхьа хан йоккхий, дуьнен чу долу бер. Шен сил дукха дезаш, кхобу и нанас. Хийла наб йоцуш буьйса йоккху цо, хийла ага техкош, бераца цхьаьна набкхетта, аганан гIаж буйнахь Iайо иза. Муьлхха а цамгар хьакхаелла берана сингаттам баьллехь, синтем бов ненан. Кийра, тIебеана бала сов баларна, батталуш хуьлу цуьнан. Тайп-тайпана ойланаш коьрте хьийзаш, гIайгIане хуьлу нана ишттачохь. Бер тоделча, дерриг дуьне шен долуш санна, екхаелла, елаелла хуьлу нана. Ма боккха бу-кха ненан шен бере болу безам! Делан  лаам бу иза. Беран багах дуьххьара дош даьлча,дуьххьарлера ког цо баьккхича, багахь церг яьлча, доккхачу дикане ша кхачарх тешна хуьлу иза. Къа дац тIаккха ненан, бер доккха хилча ненан ян ма-еззара цо терго еш ца хилча?

Вайн наноша вай даккхий хиллалц хьегначу къин мах хадо вайна лиъча, ницкъ кхочур бацара вайн,  хьекъал тIекхуьур дацара. Массо а нанна лаьа шен бер хьекъалца, кхетамца къаьсташ хила. Масала, ишколе доьду хан хуьлу беран. Беро шен нанна декхар дIадала доладо хан ю иза. Шен беро вуон доьшу шега аьлча, шийла кхаъ хир бу нанна. Шен (ша оццул дезаш кхиийна) бер хIунда ду-те кхечу берел ледара, мичхьа гIалат даьлла-те шех и кхиорехь бохуш, гIайгIане хир ю иза, тайп-тайпана ойланаш коьрте хьийзаш. Къа дац тIаккха ненан беро ца дешча. Дешар тIехь мало еш дацахь, кхиамца дешалур доцуш цхьа а бер дац.  Нанна хьалха бехке ду дика доьшуш доцу бер.

Нанас йина чов лаза ца лозу, олуш ду. Вайн кIентан кIант ву 3 шо кхаьчна. Нанас шена тоха а тоьхна, воьлхучуьра сецна ша валале, шега, хьо хьенан ву аьлла хаьттича, ша ненан ву, олу цо.

– Хьо хIунда ву цуьнан, цо-х хьуна тоьхна, олий, хьовзаво ас иза.
– Нанас тоьхча а хIумма дац, – олу кIанта.

Нана дуьнен чохь йолчу хенахь вайна ца бевза цуьнан мах. И дIаяьлча, шен догъэца нана йоцуш ша висча, хаьа стагана цуьнан хьал, тIаккха самаволу ишттаниг, тIаьхьа делахь а. Сайн нана йолчу хенахь, сайна, масала, балхахь хилла цатам бовзуьйтура ас цуьнга. И цуьнга а дуьйций, конторехь отчет дIаелча санна, паргIатволура со (почтехь, дохнан фермехь куьйгалхо лаьттина со).

Сан нана (Дала къинхетам бойла цунах) кхелхина 27 шо ду. Дуккха а меттигаш тIехIиттина суна нана оьшуш, кийрахь IаьIна бала дIабалхо йиш йоцуш. Дуьззина сайн декхарш кхочуш ца дина ас, сайн нанас со дика кIант ву бохуш хестийнехь а. ХIинца и елахьара, кху сайгахь болчу кхетамца сайн ницкъ ма-кхоччу цуьнан терго йийр яра ас. Сайн ненан кхоччуш айса терго ца ярна дохко вуьйлуш, Далла гергахь сайн боккха бехк хеташ, наний, беррий вовшахдаьккхина меттиг хааелча, юкъа а волий, сайн кхетамца, сайца йолчу меттан говзаллица и шиъ вовшахтоха араволу со. Мел генахь хиларх (сайн таро хилча), мало ца еш, гIур вара со берана, нанна орцахваьлла, Далла хьаставелла, Цуьнан къинхетаме сатуьйсуш. Сайгара даьлла гIалат кхечарех дала ца лаьа суна.

Бераш, кегий нах, нана мел ерг! Хила наношна муьтIахь. Со санна ненах девлча, и шайна хьалхара дIаяьлча, тIаьхьа хир ду. Вай кхоьллинчу Делора, тIаккха дохкодевр ма ду шу.

«ИбрахIим» цIе йолчу юкъараллин берийн спортивни клубан куьйгалхо ву со. Бераш гIиллакхехь, ийманехь кхиорца боьзна болх бу ас тIелаьцнарг. Кху деношкахь берашца со цхьаьнакхетча, ас элира цаьрга:

– Бераш! Шайн дас, нанас аьлларг делаш. Терго елаш шайн нанойн. Шуна цхьа хIума тIедеъча (цхьанхьа, ловзуш дIакхетта, цхьа меттиг лазийча, цомгаш хилча) кийра багабо шуна шун нанойн. Хийла шу дийшийта техкочу аганан гIаж лаьцна а йолуш, шуьца цхьаьна шена набъозийна меттиг юьйцур ю шуна шун наноша. Шайга далуш дерг, наношка ма дайталаш. КIанттий, йоIIий, само еш хилалаш. ХIинца ледарло яхь, кхано, наной дIабевлча, со санна декхарийлахь дуьсур ду шу. Шайн наной хIора дийнахь хьасталаш, хазчу хабарца догъэцалаш церан. Диц ма делаш, ялсамане ненан когаш кIелахь хилар. Нана реза ца йинарг, ялсамане гIур вац бохург ду шуна иза.

Хийла ден, ненан дог Iовжий вайна тIехь кху махкахь хиллачу шина а тIамо хIоттийначу къизалло. Хийла нана холчу хIоьтти, шайн бераш лардан аьтто боцуш...
Нохчийн зуда-нана. Кхин ма гойла хьуна хIокху шина тIамехь гинарг. Дала, ахь хьегна хало бахьанехь, диканца бекхам бойла хьуна.  Сан дог лозу шух а, вайн берех а. Дала къинхетам бойла вайх.

Бераш! Ишколехь дика дешалаш. Шун наношна цул дика совгIат дац шуна аш дан. Кегий нах! Шу даима шун наношна аганаш чохь ду шуна. Дог эцалаш церан. Аш мел кIеззиг динарг а доккха хета шуна царна.

Я АллахI, собар хьалхадаккхий бен дуьненан бала ма лохьа тхуна. Хьо везар лохьа тхуна.

БАЗУРКАЕВ Сайд-Эми, къано.
Iаларой-Эвла.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна