ХІокху тІаьхьарчу хенахь телевиденехула а, радиохула а вайн къоман шира а, хаза а долу гІиллакхаш карладохуш болчара уьш дукхахьолахь динах къастийна хьахош ду. Дин а, гІиллакх а къастийча, царах хьалхарниг, я коьртаниг муьлха ду олий хаттар хІоттадо. И санна долу хаттар тхоьга а кхаьчна. Тхайн ницкъ ма-кхоччу цунна жоп дала хьовсур ду тхо. Дика хууш верг АллахІ-Дела ву. ГІиллакхах уггар коьртаниг, ша Кхоьллина, Кхиош-кхобуш волчунна тешаме хилар ду, ша шен хьалхарчу ден, Адаман букъехь волчу хенахь «Хьо тхан Дела ву» аьлла АллахІна хьалха дина долу тоьшалла, Цуьнан парзаш кхочушдарца чІагІдар ду, суннат Іамалшна тІехь чІогІаме хилар ду, шена рицкъ латтош волчунна, ша Къемат-дийнахь гІаттор волчунна муьтІахь хилар ду, Цуьнан Возаллина хьалха охьатаІар ду, Цо ваийтина волчу Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тІаьхьавазар ду, Цуьнан (Веза-Сийлахь ву Иза) эвлаяаш (Дела реза хуьлда царна) къобалбар, цаьргара беркат эцар ду.ХІокху доккхачу гІиллакхах цхьа дакъа бен дац вайна хезош дерг, Делан дуьхьа ца хилча мела хир боцуш йолу адамийн юкъаметтигаш бен яц.
И гІиллакхан хаза юкъаметтигаш а динехь чІогІа йийцина ма ю, уьш лелош воцучун ийман кхачаме дац бохург хьадисехь аьлла ма ду. Цунах дерг жимма тІаьхьо хьахор ду вай.
ГІиллакхаш-м хІора къоман а ду. Цхьана къомехь сийлахь дерш, вукхарна гергахь сийсаза долуш хуьлу. Цхьадерш, вайнеханаш санна, динаца дукхахьолахь цхьаьнадогІуш дерш хуьлу.
Бакъду, гІиллакхаш нисдеш кхочушдеш дерг бусалба дин ду. Делан салам хиларо ма аьлла: «Боккъал а, со хаза гІиллакхаш кхочушдан ваийтина ву».
Дин а, гІиллакх а Лекха волчу Дала а, Цуьнан сийлахь Элчано а (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вовшахтесна, ийна, цхьаъхилла лаьтташ ду. Цуьнан далийлаш (тоьшалла) чІогІа ду. Къуръан чохь а, хьадисашкахь а долуш ду. Лекха волчо ма аьлла: «Боккъал а, хьоьгахь дерг (хІай Мухьаммад) доккха гІиллакх ду хьуна».
             (Аль-Къалам, 4)
ХІокху аятан тафсир деш Ибн Іаббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: кхузахь гІиллакх бохучу дашах Далла лиънарг – динуль-Ислам (Ислам дин) ду.
Хьасана аьлла: Къуръанан гІиллакхаш ду. Кхуьнан далил − Делан Элчанан гІиллакхах дийцахьа аьлла шега хаьттича, Іайшата аьлларг ду (Дела реза хуьлда цунна): «Цуьнан гІиллакх Къуръан дара». Цундела Къатадас аьлла: Иза – Къуръан чохь Дала де аьлла омра динарг деш, ма де аьлла дихкина дерг дуьтуш хилар ду. ТIаккха оцу аятан маьІна: боккъал а, Хьо Дала Къуръан чохь хьайга диначу омран кІел сецна ву хьуна, − бохург ду.
Цул сов, дуккха а Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадисаш ма ду дин, гІиллакх вовшахкъасто йиш йоцуш хилар гойтуш:
«Муъмин нахах, ийманах вуьзна верг − царах гІиллакхаш хаза дерг ву…», «Боккъал а, муъмин стаг, шен хазчу гІиллакхца, буьйсана ламазаш а деш, дийнахь марханаш а кхобуш волчуьнан дарже кхочу».
ХІокху хьадисах цхьаберш нийса ца кхета тарло. Кхузахь вуьйцуш верг муъмин, динехь нисвелларг, ийман шен даг чу доьссина ваьлла верг, ша кхетам чохь волуш, цкъа хьарамло шегара йолуьйтур йоцуш верг ву, иза шен хазчу гІиллакхца уггар лакхарчу дарже кхочур ву бохург ду иза.
Динехь нисвалар дитина верг, шен хазчу гІиллакхашца, шегахь уьш ду моьттуш велахь а, цхьа а хьоьгур воцчу кхочур ву. Цуьнан декъах Дала вай лардойла. ГІиллакх ялсмани чуьра ду, юха ялсмани чу даха дезаш ду бохучу дашах дукха нах Іехабелла. Делан дуьхьа а дацахь, шарІаца догІуш а дацахь, цхьанхьа а чу а гІур дац и я ара а дер дац. Французийн а, оьрсийн а аристократин гІиллакхан могІарехь хир ду. Хьалха заманчохь церан а хилла боху шайн хаза гІиллакхаш.
Бакъдолу гІиллакх динах къасто йиш йоцуш дерг ду, динан хІоттаман дакъа хилла лаьтташ дерг ду. Дин а, гІиллакх а, дика мел дерг а Лекха волчу Делера ду, Цуьнга цхьаьнга деха дезаш а, Цуьнан дуьхьа лело дезаш а ду. Дала Шен дин кхайкхо а, сийлахь долу гІиллакхаш кхочушдан а ваийтинчо, Делан салам хиларо, ша куьзган чу хьаьжча олуш ма хилла: «ХІай АллахІ, Ахь сан куц хаза дарх терра, сан гІиллакх а хаза делахь».
Кхечу пачхьалкхашка а, кхечу мехкашка а дІасаваханчунна гуш ду вайн къам доьналлица, гІиллакхца тоьлуш хилар. ДогцІена хилар а, майралла а, комаьршо а, къинхетам а, синъоьздингалла а вайнаха ларйина, шайн цІийх эйина, хІокху дийне кхаччалц схьаеана. Кхечу къаьмнашкахь тахана доцуш дерг ду иза. Бакъду, и вайн сийлахь долу гІиллакхаш а, вайн Іадаташ а, вайн нохчалла а, вайн къомах уггар цІена а, дика а, оьзда а хилла болчу, вайн къомехь дукха хилла болчу эвлаяша санна вай Делан динаца берта ца даладахь, царах масал оьцуш, вайн Іеса догІмаш Далла муьтІахь деш вай къахьоьгуш ца хилахь, дуьненна а, эхартна а дакъазадовла сахьт дац.
Бусалба дин доллучу адаман Іамал-Іибадат, гІиллакх-оьздангалла а, нехан Делаца а, церан вовшашца а йолу юкъаметтигаш а тоян даийтина ду.
Диканиг дерриге а пайхамаршкахула а, эвлаяашкахула а Делера схьадеана ду. Вониг, шайтІано, хаздеш, адамашка дойтуш ду. Цхьаволчо бусалба дин тІеэцале а дара вайн хаза гІиллакхаш олу. Цуьнга вай эр ду: уггар хьалхара адам – Адам а пайхамар хилла, цул тІаьхьа дукха пайхамарш, эвлаяаш баьхкина, дуьнен чу вар тІаьхьа а долуш массо пайхамарийн а, эвлаяийн а имам волу вайн Эла, Делан Элча Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерриг дин, массо гІиллакх а кхочушдеш веана. Вайн къоман хаза гІиллакхаш, уьш мел генара схьадеънехь а, Делера ду ала гІерта со.
Делан диканаш вайна тІе яздан мегар дац, Шеца цхьа декъашхо вар АллахІна дезаш дац.
Тахана вайна Іаьрбошкахь гуш цахиларх, гІиллакхаш динехь чІогІа дийцина ду. Деца-ненаца дика воцург декъаза хуьлуьйла аьлла ду, воккхачун лерам беш, жимачух къахеташ воцург Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматах вац аьлла, пуьташ буттуш верг а, ямарта верг а бусалба хила йиш яц аьлла, гІиллакхаш хаза дерг кхераме долчу Къемат-дийнахь, кхерам боцчохь, шена гергахь хир ву аьлла.
ХІорш доцурш а гІиллакхах дийцарш динехь дукха даьхкина, хІокху цхьана декъехь дийцина вер воцуш.
Дин, гІиллакх дахьаш веанарг, Делан салам хиларг, хаза мел долчунна тІехь ша масал гойтуш хилла ву, цуьнгара масал эцар вайн хІораннан а декхар ду.
«Шух Делах а, Къемат-дийнах а кхоьруш волчунна а, Дела дукха хьехош волчунна а Делан Элчанехь хаза масал дара».
(Аль-Ахьзаб,21)
Динехь доцург цхьа а хІума пайда бийр болуш дац, Ислам дин доцург къобалдийр долуш дац. «Мухьаммад пайхамар веанчул тІаьхьа юкъаралла кхиорехь Исламан шарІ доцург кхин закон лехнарг – Дала цуьнгара иза къобал дийр ма дац, эхартахь иза эшначарах хир ма ву, цуьнан воьрзу меттиг жоьжахати хир ма ю, иза цу чохь гутаренна а хир волуш».
(Сафватут-тафасир,
Алу-Іимран,85)
Адамна оьшуш дерг динехь дерриге а дийцина ду, АллахІ-Дела (Веза-Сийлахь ву Иза) вицвелла а, Элчано (Делера къинхетам а маршо а хуьлда цунна) кІелдитина а хІумма а дисина дац.
«Оха хІокху Къуръан чохь массо тайпана масалш далийра, тІаккха а дукхахболу нах бакъонна дуьхьал хилира».
(Аль-Исраъ, 89)
Къоман Іадаташна а, гІиллакхашна а вай дуьхьал дац, вайн къоман гІиллакхашна муххале а. Бакъду, Делан динна дуьхьалхІиттош сийсаздаха йиш йолуш дац уьш.
Бусалба дин къоман Іадаташ дохош деана дац. Шен къоман Іадатех, гІиллакхех ШарІана дуьхьало еш доцург Іамо а, кхио а, лело а деза, шен къоманиг лардеш воцчо дуьненна а лерина дерг, Делан дин Ислам муххале а лардийр дац.
Ислам-дин лакхарниг ду, хьалхарниг ду, шен бакъо даим лаьттар ерг ду, адам кхолларан Іалашо а ю, Лекха волчо ма аьлла: «Ас жинаш а, адамаш а кхоьллина ма дац, цара Суна Іибадат дан бен».
(Аз-Зарият,56)
Динаца догІуш доцург гІиллакх дац, динаца йогІуш йоцург оьздангалла а яц, Лекха волчу Делах кхерарал доккха Іилма а дац.
Лекха волчу Дала дика Іамалш еш, хаза гІиллакхаш лелош болчарах дойла вай.
Амийн, валхьамду лиллахІи Раббил-Іаламийн.
Муртазаев С.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2