©
Завод хьалхалера цIе юхаерзош ю
17:09, 19 февраля 2010г.
Просмотров: 3598
Вайн Республикехь тIеман хьал хIоттале хьалха болх биначарех яра СемаIашкара консервни завод. ХIинца меттахIиттийнчу предприятех цхьаъ ю иза. Вайна дагадогIу, хьалха тайп-тайпана хасстоьмаш, стоьмаш хи чу бухкура цигахь, кечйора варенеш а, компоташ а. Шатайпа дика чам болуш а хуьлура уьш. Ткъа тахана и санна йолу заводаш а, предприятеш а меттахIиттош схьабогIу вайн куьйгалхой. МеттахIитторал совнаха, гIишлонна тIера продукци арахоьцучу оборудованина тIекхаччалц, дерриг а керлачу проекташца а, технологешца а деш ду. СемаIашкара завод шина муьрехь йина ер ю. Июнь баттахь болх бан йолаяла езаш хьалхара цех ю, ткъа декабрь чекхбалале, шолгIа цех а ялийта дагахь бу цуьнан куьйгалхой. ХIинца консервийн продукци арахоьцучу линин амонтаж ю еш. Цу гIуллакхна Россин кхечу регионашкара говзанчаш кхайкхина. Заводан директора Серсултанов Мохьмада ма-дийццара, цигахь хи чу йохка а, кечъян а леринчу продукцин дуккха а тайпанаш ду. Хасстоьмаш а, стоьмаш а хи чу бохкарал совнаха, заводан белхалоша йийр ю варенеш, шайна юккъехь бIарийн тIамарех ерг а йолуш, компоташ, муттанаш, томат кечйийр ю горох, хьонка. Терахьаш далийча, варенеш, компоташ хир ю 1 миллион банка, томат – 12 миллион банка, горох – 5 миллион банка, муттанаш – 7 миллион банка. И гайтамаш т1ехкхочушбан лерина бу заводан куьйгалхой. Ткъа, стоьмаш а, хасстоьмаш а заводана латтор болуш, пачхьалкхан бахамашца беш барташ бу. Кхин цхьа хIума а ду, дIадаханчу шерашкахь зеделларг тидаме а оьцуш, заводан куьйгалхоша бахархошкара стоьмаш а, хасстоьмаш а схьаоьцур бу. Цул совнаха, нахана белхан меттигаш а хир ю цигахь. Завод меттахIоттош оьшуш долу ахча дийцича, цкъачунна билгалдаьлларг 132 миллион сом ду. И дерриг тидамехь ду вайн Iедалан. Цара терго йоцуш ца дуьту завод меттахIотторан гIуллакхаш, хIунда аьлча цо вайн махкана пайда бина ца Iаш, Россин рынкашка а йоккхур ю заводехь кечъеш йолу продукци. ХIинццалц болх беш Соьлжа-ГIалара цхьа консервни завод бен ца хиллехь, аьхка дуьйна болх бан а йолаелла, шен хьалхалера цIе юхаерзор ю СемаIашкарчу консервни заводо.
Б.ДУДАЕВА. {mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна