Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзанна хетарехь бІаьстенан мур тІекхаьчча Соьлжа-ГІала йогІуш йолчу машенийн тІехуларчу суьрте болу лехам лакхабаккха беза. Цунах лаьцна цо элира Нохчийн Республикан МВД-н УГИБДД-н куьйгалхошца а, белхахошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь. Президента дийцарехь, машенаш, цхьа а ца къастош – юкъараллин, долахь, пачхьалкхан – ерриш а тІехулара гар дика долуш хила еза. ХІора шарахь бІаьсте йолуш Соьлжа-ГІалин урамашка йовлу шайн тІехулара сурт кхачаме доцу дуккха а машенаш. Оцу машенийн дай шайн республикан столице сий дарца хьийса беза, – элира Р.Кадыровс.Цо билгалдаьккхира боьха йолу машенаш лелочу шофершца кхетаморан болх бан безаш хилар, ткъа, цунна бахьана хилча, хІоттийначу къепехь царна административни таІзар дан дезаш хилар а. Президента иштта тидам тІебахийтира Нохчийн Республикехь машенаш лечкъоран а, идоран а темина. Цо дийцарехь, оцу декъехь долу хьал бехк боккхийла долуш дац, амма Нохчийн Республикехь машенаш идор хила декхар дац.
– Вайн республикехь хила йиш яц ядийна лоруш йолу цхьа а машен. Ткъа иза некъашкахь къепе ларъеш болчарех дозуш ду. Цуьнан тІаьххьарлера жамІ хила деза Нохчийн Республикехь цхьа а водитель, ур-аттал иза йиллина йитича а, шен машенах синтем болуш хилар, – элира Р.Кадыровс. Цунна хетарехь, машенашна кхерам цахилийтарна кхачо ярна УГИБДД-н жигара болх эшна ца Іаш, амма маттигашкахь инспекторш шайн декхаршка жоьпалла долуш хилар а оьшу.
Цуьнца цхьаьна Президента билгалдаьккхира ГИБДД-н урхалла кхиамца болх беш хилар а.
– Некъийн болам – иза юкъараллина кхерам цахилийтаран мехала дакъа ду. Со реза ву шун балхана. Оцу боларца кхидІа а дІагІуо шу. Некъийн боламан бакъенаш талхош болчаьрца принципиальность а, юха цадовлар а гайта. Нагахь санна водитель хІиттийна йолу бакъенаш талхош велахь, иза гуонаха болчеран дахар лоруш вац. Закон а, бакъенаш а цхьа а юкъара ца воккхуш, массарна а кхоьллина ю, – элира Р.Кадыровс.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш, Нохчийн Республикан Президента «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца совгІаташ дира Нохчийн Республикан МВД-н УГИБДД-н хьаькамна Денилханов Шамханна а, Нохчийн Республикан  МВД-н УГИБДД-н взводан командирана Юсупов Мурадна а. Нохчийн Республикан Президентан Сийлаллин грамоташца а, баркаллин кехаташца а билгалбехира урхаллин тоьлашха болу белхахой.
Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-служба.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2