Кху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Иордани пачхьалкхан «Мэйла» цIе йолчу туристийн фирман куьйгалхо Нура Джамо. Цу махкахь вевзаш волчу экс-министран Іабдул-Бакъи Джамон йоI ю Нура. XIX-чу бIешарахь кхузара  дIабаханчу нохчийн тIаьхьенах ву иза. Нура Джамо Соьлжа-ГIала яран Iалашо яра, билгалдаьккхина ма-хиллара, шен Даймахкара хьал довзар а, махкахошца доттагIаллин юкъаметтигаш дIатасар а, ткъа иштта туристийн бизнес кхиор а. Иза ларамаза дац. Хууш ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара авиарейсаш схьайиллинчул тIаьхьа таро ю вайн республикера Юххерчу Малхбале кеманашца дIасалела.Нохчийн Республикан арахьарчу зIенан а, къоман политикин а, зорбанан а, хаамийн а министраца Саралиев Шамсаилца цхьаьнакхетар хилира Нура Джамон. Цул тIаьхьа цуьнца къамелдира меттигерчу журналисташа. Иорданерчу хьешо дийцина ма-хиллара,  Нохчийн Республикехь йина а, кхиъна а ю цуьнан нана. ТIом болчу хенахь кхуза дахка шайн аьтто цахиларна, алсам хуьлура церан шайн къомах дог лазар. Ткъа хIинца, Делан къинхетамца, шайна лиъинчу хенахь кхуза бахка йиш йолуш бу уьш.
– Евзар йоцуш хийцаелла Соьлжа-ГIала, цхьа керла ду дерриг а, – бохура Нура Джамос. ХIинца кхоалгIа еана со кхуза. – Шо хьалха  со сайн дай баьхначу махка еача, сайна гуш дерг кхечарна дIагайта лаам кхоллабелира сан. Туристийн фирмин куьйгалхо хиларе терра, сан таро ю кхуза ван лууш волчунна и аьтто хир болуш гIуллакх дIахIотто. Дерриг дуьненна вайн мехкан хазалла дIагайта еза вай. Сайн Даймахкахь со хиларо боккха синтем бо сан дагна. Экономика кхиорна боккха тIеIаткъам бийр бу туризм кхиоро. ХIунда аьлча, туристаш санна дуккха а бизнесменаш богIур бу республике. Кхузахь долуш долу хьал девзича, инвестицеш а йийр ю цара.
Нура Джамос иштта дийцира, Иорданехь нохчийн маттахь йолчу телепередачашка хьовса шайн таро хиларх лаьцна. Ненан матте ладоьгIуш  боккха кхаъ хуьлу церан берашна, хIунда аьлча царна хIоранна хаьа шаьш схьа мичара девлла. Шаьш нохчий хиларх дозалла до тIекхуьучара, аьтто баьл-баьллачохь нохчийн байракхан суьрташ дохкуш самукъадолу. Iаьрбийн мотт Iаморан программаша гIо до берашна нохчийн мотт Iамо.
 Спутникехула передачаш гайта йолийча, юьхьанца дукхах берш тешаш бацара Нохчийн Республикехь дикачу агIор хуьлуш болчу хийцамех. Тамашийна хетара йоццачу хенахь иштта кхиамаш бхар.
Цхьаьнакхетар дерзош Саралиев Шамсаила совгIаташ дира хьешашна: Нохчийн Республикехь маьрша дахар дIахIоттор гойтуш долу DVD-дискаш а, фотоальбом а. Иштта министра йовзийтира керлачу хаамех лаьцна дуьйцуш йолу  «Chechnyatoday» цIе йолу сайт.
Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2