Вайн Веза-Сийлахь Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьллачу безачу РаббиI-аль-авваль беттан тІаьххьарчу дийнахь, Нохчийн Республикин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цІарахчу коьртачу маьждигехь, Іамал ян гулбеллера бусалба нах. Вайн республикин массо а кІошташкара эзарнашкахь схьаоьхура нах малхбуза ламазна. Ламаз чекхдаьллачул тІаьхьа массара а Къуръан деша долийра. Маьждиге мел веанчо шина сохьтехь сов дийшира Къуръанан аяташ.Цу вовшахтохаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Динан урхаллин председатела Мирзаев Султан-Хьаьжассий, Нохчийн Республикин Іеламнехан Кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжассий, «Некъ» типографин директора Шахидов Адам-Хьаьжассий, кхин а дуккхаъчу гІарабевллачу Іеламнаха а.
Шен дахар вайна массарна а масал долчу Мухьаммад пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхочушдинчу сийлахьчу декхарх, АллахІан омранах, дийцира гулбеллачара. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчохь яьккхинчу хене хьаьвсича, цу хенан таллам бича, вайна го Ислам-дин даржорехь бина некъ вовшашца бозуш болчу исторически хиламийн зІе хилар. Яккхий халонаш, баланаш, сингаттамаш ловш схьавеана вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Шена тІе мел хІоьттинарг АллахІера дуй хааро, дуьненан хІума ца лоруш хиларо вазвина лакхаваьккхина Делан салам хиларг. Шен некъа тІехь латтаро кхачийра иза а, цунна тІаьхьа мел хІоьттинарг а АллахІа Ша резаволчу лакхенашка. АллахІа (Лекха ву Иза) делла дара цунна гІиллакх хаза хилар, дегІан куц-кеп тамехь хилар, юхь-сибат хаза хилар. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлчахьана дуьйна, цул тоьлла-м хьахо а ца догІура, цуьнга кхочуш хилла вац цхьа а. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бен вацара уггар хаза гІиллакхаш долуш – цхьа а ледара хІума дацара цуьнца.
Далла везна волу Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршаллла хуьлда цунна) бусалба нахах бина къинхетам хилла ца Іаш, хІокху дуьненан дерриге а адамах бина къинхетам бу.
Шен лаам кхочушбан хаьржира иза (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) АллахІа, цуьнан дог-ойла цІена йолу дела. Цул къинхетаме а, тешаме а волуш кхин цхьа а хуьлийла дац – лазар чІогІа хиларна ша холчохь воллушехь, Деле (Лекха ву Иза) шен умматах къинхетам бар, гІайгІа-бала дІаэцар, таІзар дайдар доьхура цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Дац, хуьлийла а дац кху дуьненахь кхин иштта адам! Шен ниІмат вайна дахьаш еана цуьнан серло ткъесах яьржина хІокху доккхачу дуьненахь.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш къадарин а, накъшбандин а мурдаша мовлад йийшира. Цул тІаьхьа Нохчийн Республикин президента доІа дира вайн халкъах Деле къинхетам бар доьхуш.
Чекхбели беза Рабби-аввал бутт, дІадаха шайна чохь пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлла денош. Амма цкъа а вайн даг чуьра дІавер вац Веза Сийлахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Дала и везар лойла вайна!

Мустаев Рамзан

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна