Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дІакхайкхийначу республикан гІалийн а, яртийн а урамаш, некъаш, ков-керташ, майданаш цІанъяран, куьце ялоран беттан гІо а лоцуш, Нохчийчоьнан Парламентан депутаташа жигара дакъа а лоцуш, тайп-тайпанчу кІошташкахь леррина субботникаш вовшахтуху. Иштта, кху деношкахь парламентареша субботник дІаяьхьира Теркан кІоштарчу Чуьлга-Юьртахь. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикан Парламентан пресс-службо. Цо дийцарехь, субботникехь иштта  дакъалецира кІоштан Советан депутаташа а, администрацин векалша а.Субботник цигахь дІаяьхьира Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас тІедилларца.
– Йоццачу хенахь субботникан дакъалацархоша цІанйира, куьце ялийра администрацин ков-керт, цунна хьалхара майда, кир тухуш къагийра некъа йистошкара бардюраш. Цул сов, кхедира диттийн генаш, дитташна кир а тухуш. Цул тІаьхьа дІадаьхьира хин йистош нехех цІанъяр, гулйина нехаш леррина билгалйинчу метте дІаяхьийтар. Кхочушдира кхин а цхьамогІа гІуллакхаш, – элира Нохчийн Республикан Парламентан Председателан заместитела Усманов Идриса. Цо дийцарехь, шайгара йоккха жигаралла гайтира субботникан берриг а дакъалацархоша. Цуьнца цара масал гайтира юьртарчу бахархошна.
– Вайн республикерчу амалехь ду цІано езар, цІена латто езар хьоьху вайна бусалба дино а. Цундела мехала маьІна долуш гІуллакх ду вайн Президента Р.Кадыровс юкъадаьккхинарг. Оха тІедогІучу хенахь а дІахьур ю субботникаш республикан кхечу кІошташкахь а», – дерзийра шен къамел И.Усмановс. Иштта тІедиллар дина депутаташна Д.Абдурахмановс. Иза кхиамца, харжамхошна шайгара масал а гойтуш кхочушдан лерина бу парламентареш.
ХЬ.САИДОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2