Кху шеран 5-чу апрелехь Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствохь схьайиллира нохчийн меттан денна лерина Нохчийн маттахь дика ешархойн берийн «Нохчийн мотт – сан ненан мотт» конкурс. Республикерчу ерриг а ишколашкара дешархоша дакъалоцур ду конкурсехь.Таханлера цхьаьнакхетар дIадолош къамел дира конкурсан жюрин председатела Юсупов Iусмана. Цо а, цул тIаьхьа бистхиллачу Нохчийн Республикан халкъан артистас Кагерманова Раисас а, министерствон къоман политикин департаментан куьйгалхочо Хатуев Ислама а, поэта Уциев Абус а нохчийн маттах а, вайн халкъан дахарехь цуьнан маьIнех а лаьцна дийцира. Конкурс схьайоьллуш дакъалаца даьхкинчу бераша шайн зевнечу эшаршца а, исбаьхьачу хелхаршца а самукъадаьккхира гулбеллачеран.
Нохчийн къоман духарш дуьйхина хаза кечбелла бара къона артисташ.
Юсупов Iусмана, цIен лента а хадийна, конкурс схьайиллира.
Цуьнан болх кхана дуьйна дIахьур болуш бу. Конкурсах а, цуьнан дакъалацархойх а лаьцна оха дуьйцур ду газетан тIейогIучу номершкахь.
Нохчийн меттан денна леринчу даздаршкахь шатайпа меттиг дIалоцуш ю тахана схьайиллина конкурс – цу юккъехь бераш хиларна а, уггар хьалха иза царна лерина хиларна а. Ишттачу конкурсаша а, цхьаьнакхетарша а самабоккху берийн ненан матте болу безам, йовзуьйту цуьнан хазалла.
Ткъа иза ду уггар а мехалниг.
А.МУСАЕВ.
Р.ИСТУМУЛОВН сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2