Масех де хьалха Нохчийн Республикан Парламентан Советан (Президиуман) рогІера, 56-гІа кхеташо хилира. Цигахь дийцаре дан юкъадиллира «Іаламан а, техногенни а кхерамечу хьолех Нохчийн Республикан бахархой а, мохк а ларбаран хьокъехь», «Нохчийн Республикехь автомобилийн транспортаца киранаш дІасакхехьарехь пачхьалкхо гІолацаран хьокъехь», «Нохчийн Республикан аварийно-кІелхьардахаран хьукматийн а, аварийно-кІелхьардахаранцхьаьнакхетараллин а хьокъехь» долчу республикан законашна тІехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроекташ йийцаре яран гІуллакх.
Промышленностан, энергетикан, транспортан, зІенан гІуллакхашкахула йолчу Парламентан Комитетан председателан заместитела Денильханов Султана дийцарехь, цу законаш тІехь хийцамаш бан дезна республикан законаш федеральничаьрца догІуш, гал-морзахалла йоцуш хилийтархьама.
– Нохчийчоьнан Парламентан белхан регламентаца нийса а догІуш, законийн проекташ хьажийта а, шайна хетарг билгалдаккхийта а дІаяхьийтира законодательни дІадолор дан бакъо йолчу субъекташка. Вуьшта аьлча, хьокъала йоллучу министерствошка а, ведомствошка а. Дуьйцуш долчу законашна тІехь хийцамаш барца доьзна шайна хеташ дорг девзийтина хІинцале Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а Администрацис, Прокуратуро, Россин Федерацин юстицин Министерствон Нохчийчохь йолчу урхалло, республикан Парламентан Аппаратан Правовой урхалло. Тхан Комитетехь хьаьвсира ерриг а предложенешка. Уьш хьесапе а ийцира кхидІа цу декъехь бечу балхахь, – бохура С.Денильхановс.
Законийн керла проекташ йийцаре йийр ю Нохчийчоьнан Парламентан рогІерчу кхеташонехь. Цу хьокъехь хаам бира республикан Парламентан пресс-службо.
ХЬ.САИДОВ.  

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2