Сулейманова Зайнап Нохчийчохь вуно дика евзаш яздархо ю. Цунна к1орггера хаьа нохчийн сий долу мотт. Меттан чурха (маь1на, тема) хиинчунна бен езар яц шен къоман истори а, исбаьхьалла а, я хилларг а, долушдерг а, хиндерг а. Тахана вайн газетан дешархошца къамел деш ву Нашхо Мурад. Хаттар:  - Даима Нохчийчохь олуш хилла: стаг шен орамех хаьдда велахь, иза декъаза адам ду. Цундела, Зайнап, хала ду я дац нохчо хила? Херх хьаькхна, орамах хадийна, охьатоьхча, х1аллакьхуьлу дитт санна, дакъаза волу стаг а, шен Даймахках, дайн кхерчах иза хаьдда велахь, хийрачу
 махкахула цуьнан лела дезнехь. Иза цхьалха ву, т1етовжа меттиг йоцуш, иза дог эшна, г1ийла хуьлу. Дала лардойла вай и санна болчу къастаран балех. Вайн къам дохийна Сибреха дахийтича, цо цигахь текхна 13 шеран 1азап а тоьур дара, вай цу дешнийн маь1нех кхета. Цундела, орамера дуьйна вай хеда ца дайта,  ца цестийта, чеха ца дайта, кхетаме хила деза вай. Цхьабартболу, буто нохчийн къам а хилий, г1арч1-алий, ч1аг1лой, д1ах1итта вай, Даймехкан дола деш, вайн меттан сий деш, иза шарбеш, караберзош, стамбеш, дебош, кегийчарна  марзбеш, т1аьхьенашка кхачийта иза 1алашбеш. Дала Шен сийлахьчу лаамца вайна белла ма бу и мотт а, х1ара Даймохк а, ночийн къам а хила, Дуьнен т1ехь шайн беркате,  исбаьхьа лар а йита, аьлла.
Ша даггара хила луучунна хала дац нохчо хила а, нагахь цунна вайн къам дезахь, вайн маттаца, махкаца, г1иллакхашца цуьнан чам белахь, уьйр-марзо елахь.
 Ткъа и чам - марзо доьзалехь кхуьуш ю, дас-нанас шен беран даг чу дилла деза – и нохчо хилар, шен къоман г1иллакхаш 1амош, Даймахке безам г1аттош. «Ненан мотт» х1унда аьлла вай маттах? Берана шен ненера 1ема дуьххьара дош ала, цуьнгара 1ема иза и нохчийн мотт бийца, дуьне довза, шен мехкан, къоман сий дан. Уггаре а нуьцкъала школа ю берана цо доьзалехь йоккху беркате, ирсе хан. Цуьнан дахаран, цуьнан кхетаман бух бу и дас-нанас цунна цу хенахь 1амийнарг. Чохь буйцуш хиллехь, дера нохчийн мотт а шарлур ма бу цунна, иза атта бицлур а ма бац. Доьзалера схьадог1уш ду и дерриге а. Цунах кхета деза вай.
  Хаттар: - Дукха хан юй хьуна хьайна Дала делла пох1ма гучадаьлла? Дас-нанас 1амийна хьо?
 - Сан дахарехь аьтто хилла, бералла сайн дененаца д1аяхна сан, цо буьйцуш хилла ц1ена нохчийн мотт хуьйдина сан даго, кхетамо, цо дуьйцучу туьйранаша дуьнене марзо кхоьллина, исбаьхьчу даше безам самабаьккхина. Ткъа школехь доьшучу муьрехь сайн ден библиотека т1екхочехь йолуш, цхьацца болчу классикийн говзарш (произведениш) еша таро а хилла сан.
Х1етахь дуьйна сан дог-ойла литературина т1ейирзина, 12-13 шо кхаьчна йолуш дуьйна цхьацца байт язъян г1ерташ, газете заметка йохьуьйтуш, хилла со. Сайн и х1ума районан газете яьлча, суна боккха кхаъ хуьлура. Кхид1а язъян дог а дог1ура.
И санна долу пох1ма деге, нене 1амалур дац, шех адамах доллуш ду иза, Дала цунна елла корматалла ю иза. Хьан безам а, лаам а бацахь, иштта г1уллакх далур дац, мел т1ег1ерторах. Иза Делан болх бу, соьга хаьттича.
 Хаттар:  - Мила ву шен дош ларош верг?
 - Хьекъал долчу стага лардо  шен дош. Дашца боккха ницкъ бу, цуьнца ю шатайпа аура. Дашо халахетар до, я вас йо, я хазахетар до, я дог ирсе тохадолуьйту.
 Дашо б1аьргех хи тосу,  я даггара велаво, я дагна к1орга чов йо, я йина чов, лар йоцуш, ерзайо. Дашца болх беш волчунна дика хаьа  цуьнан мах а, цуьнан ницкъ а.
Хаттар: - Дас я нанас аьлла муьлха дешнаш хьуна даима дагахь лаьтта?
 - Сан нанас олура: «Ша боккхучу когаца, багара долучу дашца адамо ша шен сий ца дахь, наха а  дийр дац цуьнан сий».
Сан дас олура: «Мотт – иза къоман коьрта билгало ю. Цу къомана шен ненан мотт ца хиъча, цунах къам хир дац. Маттаца йоьзна ю ерриге а дахаран аг1онаш. Мотт ца хилча вайн литература хуьлийла дац, фольклор хила йиш яц, йоза-дешаран 1илма, багахь буьйцу мотт кхиа йиш яц. Къам шен Даймахкахь бен декъала хир дац, цуьнан кхане шеконе ю».
 Сан дехой а, ненахой а буьззина нохчий бу, шайн амалшца, дог-ойланца, махке болчу безамца.
  Хаттар: -  Зайнап, ахь байташ я дийцарш, я хабарш, я романаш язйо?
 - Сан кхоллараллин хьалхара мур – поэзех боьзна бара. Сайн шиъ поэзин гулар а арахецна ас, цул сов юкъара гуларшкахь зорбане а йийлина сан байташ, поэмаш.
Амма сан даго къобалйина жанр - проза ю, дукхахьолахь нохчийн маттахь а язйо ас, соьга сюжет атта еллало сайн ненан маттахь. Тоъал литературни г1ирсаш а бу сан таронехь, ас язйинарг дика т1е а оьцу ешархоша.
Т1аьхьарчу хенахь берашна лерина дийцарш, туьйранаш яздо ас. Цул сов, журналистикехь сайн хаарш а гойту, цхьацца статья я очерк муьран зорбане а йоккхий. Цхьа книга арахеццал забаре дийцарш а ду сан кечдина 1охкуш. Стохка «Жима пелхьо» ц1е йолу дийцарийн гулар а яьлла сан зорбанера ара.
Хаттар:  - Хууш ма дуй, цхьаболчара исторех лаьцна дуьйцу, вукхара 1аламах дуьйцу. Ткъа, Зайнап, хьан йозанийн (произведенийн) х1ун чурхаш (темаш) ю?
 - Ас берашна язъечу говзарийн (произведенийн) тематика иштта ю: берийн дахар, олхазарш, акхарой, кхидолу дийнаташ, церан юкъаметтигаш. Сан коьрта 1алашо  - берашна еша атта йолчу аг1ор язъяр, церан нохчийн матте марзо кхоллар, царна иза шарбалийтар, дийнаташца къинхетаме хилар, Даймехкан 1аламе безам самабаккхар, керла (я дицделла) нохчийн дешнаш царна довзийтар. Доцца аьлча, диканиг, пайдехьниг – церан даг чу дижор, д1алацийтар. Ша нахчо вуй цунна хаийтар, шен къомах цуьнга дозалла дайтар, оьзда г1иллакхаш цунна довзийтар.
Хаттар:  - Хьан байташ эшаре цхьаммо а яьхний?
 - Сан байташна даьккхина 6-7 эстрадни илли а ду.
Хаттар:  - Хьанах ала мегар ду: Х1ара стаг къонах ву, х1ара зуда (йо1) бакъйолу  нахчо ю?
 - Бакъволу  нахчо ву ала мегар ду стагах (я зудчух), нагахь санна цо шен г1иллакхаш лардахь, Даймахкана тешаме велахь, цуьнан доьзалехь барт белахь. Къонаха яхь йолуш,  иманехь хила  веза, шен ден-ненан сий деш, берийн дола деш, къинхетаме а, оьзда а хила веза.
Хаттар:  - Вайн литературехь, исбаьхьаллехь, 1илманехь муьлш бу къоман бала толлуш я гойтуш?
 - Нохчийн къомах дог лозуш, иза аттачу даккха г1ерташ, цуьнан дола дан г1ерташ, шайн юкъ йихкина, арабевлла дуккха а к1ентий хилла вайн массо а хенахь. Даима нохчийн къоман иэсехь дуьсур ду церан хьуьнарш, турпала дахар, церан дика г1уллакхаш. Иштта тешаме, хьекъале, хьуьнаре к1ентий к1езиг бац вайн тахна а. Вайн историн тептар т1ехь дашочу элпашца язйина хир ю цу бакъболчу нохчийн къонахийн  сийлахь  ц1ераш.
Хаттар:  - Халкъо бохушдерг, халкъан дош, халкъан йоза, халкъан бала ахь айхьа муха гойту хьайн йозанехь?
 - Сан даго къобалйина сюжет ас йоьллучу юкъана сайн персонажийн портреташ кхуллуш, церан амалш гойтуш, церан дог-ойланца, цара буьйцучу  маттаца,  церан хьуьнаршца, дуьнене  болчу хьежамца, историн аг1онаш йоьллу ас, я таханенан сурт дуьллу. Айса цу сюжетехь  дакъалоцуш санна хеташ, даггара гойту ас халкъан бала, цуьнан дог-ойла я къаьхьа, я шийла, я мерза дош олуш. Сан халкъо ловш болу бала, цуьнга деъна вон-дика сан дагах чекхдолу, цундела соьга даггара язло айса дагалаьцнарг.
Хаттар: Х1ун бахьна ду берех лаьцна эшарш я байташ, я дийцарш цахилар? Уьш делахь а, амма вуно к1езиг ду.
- Беран хенахь эцна кхетам-хьекъал уггаре а ч1ог1аниг ду. Цундела жимчохь дас-нанас беран даг чу дилла деза дерриге а диканиг, шарбан беза цунна шен ненан мотт, 1амо деза дайн г1иллакхаш, ша нахчо хилар кхето деза кхуьуш долчу  берана.
Берашна язйеш вайн к1езиг яздархой хилар - цуьнан бахьна суна хаац. Бала ца хилар, т1екхуьучу т1аьхьенах дог цалазар хир ду-кх иза.Ас билгалваьккхина масех яздархо ву литературехь берийн жанрехь къахьегна – иза Исаева Марем, Гайсултанов 1умар ву. Х1инцалерачех ала мегар ду – Саракаев Хьамзат, Махмаев Жамалди.
Дера халахеташ ма ду вайн литературехь берийн жанрехь иштта къоьлла хилар.
Хаттар: - Хууш ду:1938 шарахь Н.Яковлевс х1оттийна долу нохчийн абат (алфавит) х1инца а ду лелаш. Цундела абатехь (алфавитехь) хийцамаш бан безий-те?
- Дера вайн нохчийн алфавитехь шортта сакхташ а, кхачамбацарш а ма ду. Амма тахна  вай уьш нисдан г1оьртича, вайна доккха далатохар хир ду, чолхе г1уллакх ду иза.Хьовзаме а ду иза, йоккха харж ян езаш, вайн йозанна,  лингвистикина доккха зен а, зулмаш а хир долуш.
1илманчаша, вовшах а кхетта, ойла ян езаш киртиг ю иза. Хийцамаш бан г1ортахь, баккхий эшамаш хир бу вайна.
Т1ехь да ца хилар ду-кх дерриге а, вай вешан меттан дола дан цадитар а ду. Уьш дийцина а вер вац кхузахь.
Хаттар: - Муьлха ламасташ ду вай лардан дезаш?
- Вай лардан деза оьзда г1иллакхаш, доьзалехь барт, уьйр-марзо, воккханиг ларар, Далла 1ибадат дар, Даймахке безам, вовшашца тешаме, къинхетаме хилар, хьаша-да т1еэцар, лулахошца магар, яхь а, сий а лардар.
Хаттар: -  Х1ун бахьна ду: кест-кестта вайн дайша олуш хиларан: « Мотт бацахь - къам дац!»?
- Вайн къоман мотт  - иза Дала вайна  елла уггаре а коьрта билгало ю, вайн дахаран ерриге а аг1онаш маттаца йоьзна ю. Мотт ца хилча, вайн исбаьхьалла, 1илма кхиа йиш яц, фольклор деба йиш яц, йоза–дешар хила йиш яц.
Вайн орамех хедар ду вай, мехкан дола дан дуьтур дац, г1арч1- аьлла, вай цхьа къам а хилла, д1а ца х1оттахь.
Вайн мотт ца хилахь, культура хир яц вайн, къоман сибат, васт довр ду, ламасташ, г1иллакхаш дицлур ду,т1аьхьенна дита х1ума хир дац, тахне хир яц, кхане шеконе ю.
Историн  арени т1ера т1епаза довр ду вай, ширачу тептарш т1ехь еккъа « нохчий» боху цхьа ц1е бен ца юьсуш!
Ма бицбе вай: « Нохчийн къам хила!» - аьлла, вайна Дала белла болу сийлахь къоман мотт! Самадовла вай!
Дала лардойла вай, ненан мотт а бицбина, Даймахках  а хаьдда, дуьне мел ду, кога-акха девлла, леларх, дайн кхерчана гена девлла, доьхна-даьржина леларх! Тоьар дара-кх вай х1инццалц лелийнарг а! Кхин юха ма гойла вайна и балане -1аржа денош!....
Т1еман лар чаккхе йоцуш ю :  да воцуш, я нана йоцуш, байлахь дисина, дукха бераш ду вайн Нохчийчохь. Ков-керт доцурш чот йоцуш бу.
«Амма Паладин бераш - Ризван а, Раиса а – шайн ден весет лардеш ду. Балано къар ца дина бераш а, церан нана Палада а. Царна шаьш декъаза ца хета. Нене ца кхочуьйтуш, ц1ент1ера дерриге г1уллакх ша дина ца 1аш, шен йишин дола а дора Ризвана. Дас доьзалехь х1оттийна низам, и д1аваьллачул т1аьхьа а, цуьнан к1анта д1акхоьхьуш дара», - бохуш,  яздо Зайнапа шен дийцарехь.
Ризван санна, к1ант волчу нанна хаьа: Нохчийчоь денлур ю!
- Зайнап, Дала хьан аьтто бойла. Хьан дош вайн къомана оьшуш ду.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2