©
Похожие материалы
Цара Iалам хаздо
17:33, 04 мая 2010г.
Просмотров: 5673
Вайн махкахь хазалла кхуллуш йолчу комбинатан куьйгалхо ву Абдулаев Ахьмад. Балхана сагатдеш а, коллектив кхиамашка кхачо хьелаш кхуьллуш а схьавогIу иза. ТIом уггар марсабаьлла хан яра, Ахьмад хьалхалера белхалой схьагулбан араваьлча.
Цо уьш гул а бира. Iаламца дахар доьзна нах бара уьш. Муьлххачу а меттигах а, къухдаьлла лаьтташ елахь а, дIатесна латтахь а, йоццачу хенахь, бIаьргана ган тамехь йолуш, хазалла кхуллу цара. Вайн республикан Президента Кадыров Рамзанан «Нохчийчоь Россин Федерацехь уггар хаза регион хир ю», – боху дешнаш чIагIдо «Зеленстрой» комбинатан коллективо.
Цара къахьоьгу Iалам хаздеш. Шайн дезачу деношна зезагашлелорхой Лорсановн проспектехь дIадийна 6 эзар спирей а, журналистийн скверехь дийна кримулаш а, маргариткаш а, Кадыровн проспектехь – комус а, вербена а, питона а, алисум а. Иштта, бай хила тамехь йолчу меттигашкахь газонаш йина. ЦУ тайппана вайн урамаш, проспекташ, бошмаш, сквераш хазъеш схьабогIу «Зеленстрой» комбинатан белхалой.
Б.ДУДАЕВА.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также