©
Похожие материалы
Схьадиллина керла тIай
11:28, 26 мая 2010г.
Просмотров: 3552
Къаьсттина мехала ду кху тIай тIехула транспорт лела йола ялар мехкадаьттанах гIуллакхдаран завод ян йолочу юьххьехь нисдалар. ГIали юккъехула дIасаволийла а хилла хир дацара тIай дар йохьаццачу хенашкахь чекх ца даьккхинехь. Завод ечу метте дохьуш долу дерриг а киранаш гIали юккъехула схьадан дезар дара, – бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цо дийцарехь дукха хан йоццуш хIара куп уггар а чолхечух лоруш яра кхузара тIай дохийна хилла хилар бахьана долуш. Оцо дуккха а халонаш кхуллура машенашца дIасабоьлхучарна а, ткъа иштта кхузахь Iаш болчу бахархошна а.
Нохчийчоьнан Президента шен а, нохчийн дерриг халкъан а цIарах баркалла элира хIара тIай дарехь дакъалаьцначарна массарна а. Иза дуьненахь адамашкара баркалла а, эхартахь Делера ял а хир йолуш гIуллакх ду. ТIай дарехь хьанал а, хьуьнаре а къахьегначарна совгIаташ дира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана. Иштта «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дира «Мовла» ООО-н генеральни директорна Мовлаев Бувайсарна, «Нохчийн Республикан хьакъволу гIишлошъярхо» сийлахь цIе тиллира «Федеральни некъийн агентствон Къилбаседа Кавказан автомобилийн некъаш» ФГУ-н хьаькаман заместительна Лечхаджиев Русланна.
Кадыров Рамзана билгалбаьккхира Россин Федерацин пачхьалкхин Думин депутатан Делимханов Адаман къинхьегам а. Иза вара тIай дарна тIехь верасалла деш а, терго латтош а. Шех дозуш дерг дерриг а дина цо тIай сиха а, лаккхара дикалла йолуш а дина далийтарехь.
Шен къамелехь Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима билгалдаьккхира хьалха кху меттехь хилла долу тIай 15 шо хьалха бомбанаш, ракеташ тоьхна дохийна хилар. ХIетахь дуьйна масийтта километр деха долу гIалин цхьа дакъа шина эхе декъна лаьтташ дара. «Дерриг а хийцадала доладелира Президента Кадыров Рамзана керла тIай дан деза аьллачул тIаьхьа. Цуьнан тIедиллар мелла а дика кхочушдархьама оха тIай даран гIуллакхана юккъе озийра тоьлла говзанчаш а, кхузаманан техника а. Лаккхарчу боларшкахь дIабаьхьира болх. Цуьнан жамIаш шуна гуш ду. Берриг а гIалахойн цIарах суна даггара баркалла ала лаьа Нохчийн Республикан Президентана Кадыров Рамзанна а, кхузахь къахьегначу берриг гIишлошъярхошна а, говзанчашна а, царна тIехь хаарца куьйгалла динчарна а», – элира Хучиев Муслима.
ГIишлошъярхойн а, кхуза гулбеллачеран а доккха самукъадаьккхира республикерчу хелахарийн коллективаша а, иллиалархоша а, эшаршлакхархоша а. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Президентан а, Правительствон а пресс-службехь.
Хь.ПАШАЕВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также