Республикехь дIадаьхьира «Дато бухIа» цIе йолу Нохчийн Республикан Интеллектуальни Центран совгIаташ даларан даздарш.  Нохчийчохь  Интеллектуальни Центр вовшахтоьхчхьана дуккха а мехала гIуллакхаш дина цуьнан декъашхоша. Цара хIора шарахь билгалбоху интеллектуальни  къинхьегамехь тоьлларш хIокху номинацешкахь: «Iилма», «Литература», «Медицина», «Дешар», «Искусство». ХIоразза а къастош ю иштта агIонаш а: «Синкхетаман орамаш», «Шеран тоьлла хьехархо», «Журналистика», «Къона интеллектуал», «За подвижничество».  Кху шарахь дIадаьхьначу ялхолгIачу даздаршкахь билгалбаьхначу номинанташна юкъахь яра Чуьйрин-Эвлара Юсупова Мадина.     «Синкхетаман орамаш» номинацехь диплом   даларца мах хадийра жимчу зудчо  итт шарахь  шайн юьртара хилла ца Iаш, Дубин-Эвлара, Жимачу а, Йоккхачу а АтагIара  зудаберашна Iаьрбийн йоза-дешар  а, Дала даздина доссийна Къуръан а деша Iамош хьегначу къин. Даздарш дIахьош хиллачу Серганова ТIауса сцени тIе кхойкху рогIера номинант:Нохчийчохь дуьххьарлера зудаберийн «Муъминат» цIе йолу хьуьжар вовшахтоьхна  йолу Юсупова Мадина!  
Жимчу зудчунна и деза совгIат билгалдаьккхина кегийрхой кхетош-кхиорехь бина болх тидаме оьцуш. Мадинина и совгIат хьакъ долуш кхаьчна хиларна тоьшалла дара, шега  диплом, зезагийн курс дIакховдийча,  цуьнан оьзда, бIаьрганегIар  ца ойбуш, гIиллакхе хилар. Ткъа шега  дош делча, йистхила йоьллачу цунна легашка шад хIоьттина, хорам хилира. Ша итт шарахь хьегна къа оцу кепара  сийдеш, теттина халкъана хьалха дIахIоьттича, йоьхначу цуьнан бIаьргех хи делира.  Къурд бина, доккха са а даьккхина, даздаршка гулбеллачаьрга шена бехк цабиллар а дехна, Мадинас  даггара баркалла элира  Нохчийчохь динан гIуллакх дIакхехьа паргIато яьккхинчу  вайн Президентана Кадыров Рамзанна. Шайн хьуьжарехь болх дIакхехьа бакъо  (лицензи) йоккхуш шена гIо-накъосталла динчарна а – Нохчийчоьнан муфтис Мирзаев Султана, цуьнан наибна Хирахматов Хьамзатана, Чуьрийн-Эвларчу  маьждиган имамана, шен кхиболчу юьртахошна а.  
Тахана Iаламат дукха дуьйцу вайн телевиденехь, радиохь, газеташкахь тIекхуьуш долу чкъор  оьзда, гIиллакхе хила деза бохуш а, уьш ийманехь кхетош-кхиорехь болх дIабахьа дезаш хиларх а лаьцна. Юсупова Мадина санна долчу адамаша  даккхий къамелаш ца деш, дозаллаш ца деш, тийна-таьIIина дIахьо шайн болх. Царех масал оьцуш, царна тIаьхьахIуьтту кегийрхой. ХIунда аьлча, шаьш нийсачу новкъахь хиларан цхьа а шеко церан ца хуьлу дела.
Газетдешархошна дагадаийта лаьа,     Юсупова Мадинех лаьцна  хьалха яздина хилар. Итт шо хьалха, хазнеха санна чолхечу, нах шайн хIусамех  боьхна, тIамах уьдуш хиллачу муьрехь, хIора а шен са дадийна лелаш волчу хенахь. Мадинас шена тIелаьцнарг атта мохь бацара. Уггаре а тIеман кхерам алсам болчу хенахь, арахь тIеэгаш бомбанашший, дехьа-сехьа дуьйлуш даккхий герзаш а долуш,   берашна  бусулба дин хьеха йолаелира иза.
ГIайгIано, сингаттамо  адам бIарздина   хьийзочу  1999-чу шеран декабрь баттахь,   кхечу хIусамашкахь санна АбдулвахабовгIаьргахь (Мадинас лелош ерг шен кIентан ден фамили ю) а тIебиссина, тIемах бевдда гергарчу нехан цхьайтта  доьзал бара, верриг а 56 стаг, царна юкъахь  23 бер дара. Берашна кхерам  бохург хIун ду ца хаьа, цкъа шаьш Iовжийчий бен. Уьш ларбеш, сецош, царна сагатдеш вара хIора а.
ТIеман эрчаллех  чекхдевллачу вайна хала дац и хьал  дуьхьалхIотто. Мила ву и къиза мур лаза, цунах чекхвалаза, бомбанийн, кеманийн, яккхийчу тоьпийн   гIовгIано хьере ваза? Дуьйцучу хьолехь уггаре а халаниг дара бераш сецор, царна Iуналла дар. Берийн сингаттам хIун дина байбир  бара-техьа, бохуш, ойла йора Мадинас. Жимма а мукъа хан яьлча, Къуръан кара а оьций, юьстаха йолучу кхунна улле хийша, ладегIа дуьйладелира цхьадолу бераш, шайн ловзарш а дитина. Ламаз а, йоза а Iамо луурш а бевлира царалахь.  Царна  Iаьрбийн элпаш, хьаьркаш хьоьхуш, Iилма Iамо долийра  Мадинас. Iемаш болчеран гуо шорбала  болабелира. Берашна и гIуллакх марзделча, цаьрца цхьаьна назманаш олуш, буьйсанаш яцйора цо. Кхеран цIийнан кораш некъаца дара, берийн аьзнаш дIахезара тIехбуьйлучарна а. Цу хенахь Шуьйтара а, оцу агIор йолчу ярташкара а, юххерчу Дубин-Эвлара, Улус-Кертара, Дочу-Борзера, ЧIишкара дуккха адам дара Чуьйрин-Эвлахь дIатарделла. Шайн-шайн бераш а Iамадайтахьара, бохуш, нах тIеоьхура Мадинин дена. Мичара-хIун герз, дIаьндарг  я бомба кхетар ю ца хууш, шен хIусаме биссинчу нахана хIума хиларна кхоьруш волу  Абдулвахабов Ахьмад  ца хIуттура нехан бераш шен тховкIелахь гулдан. Делахь а, де-дийне мел долу юьртара  бераш тIе а оьхуш, мутаIеламийн тоба стамъелира.
-  Iилма лахар парз ду хIора бусулба стагана а, зудчунна а тIехь. Иштта дешнаш ду  Сийлахь   волчу Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла. 60 сов бер вовшах  кхетча,  вайн хIусамехь готта хиларна,   маьждиган кертахь долчу Хьаьжин мурдаша кIирнах  шозза зиярат  дечу  цIа чохь  урокаш йора оха, - билгалдаьккхира хьехархочо.
ЦIена ниййат дина араяьллачу жимчу зудчо тидаме лоцура, кхин цхьа хьадис а: «Iилма шайна Iама а де аш, юха иза нахана дIа а хьеха».
 Делан дуьхьа меланна зудаберашна хьеха дина ниййат  ца дохош схьайогIу Мадина хIокху итт шарахь.  Тахана цуьнан урокашка лелаш цхьа бIе сов йоI, къона зуда ю.    Цуьнан урокашка лелачу мутаIеламаша Iаьрбийн элпаш Iамийначул тIаьхьа, Къуръан, цхьацца жайнаш деша Iамадо.  Ткъа зудабераш-м Iаламат чIогIа муьтIахь ду шайн хьехархочунна. Пхийтта шарера ялаза ерг  а цхьаьна, цIахь а, арахь а духарца нисъелла  йогIу. Тиллина йовлакх, тIера духар оьзда ду церан.
 Тахана дуьненчохь Дала шена везаш волу шен лай ша  зуьйр ма ву, ша иза дуккхазза а зуьйр ма ву аьлла,   иза Iеса волу  я ца волу хьожуш. Далла хастам-шукра дахь, иза дицдеш цунна кхин  дика дан ницкъ болуш ву ша аьлла АллахIа.  
Делан дуьхьа  хIокху  итт шарахь, цхьа сом   шена пайда а ца лоьхуш, шен ницкъ ма-кхоччу    зудаберашна  Iилма хьоьхуш схьайогIу  Юсупова (Абдулвахабова) Мадина.
Дукха хан йоццуш  кхочушхилла Мадинин лаам: деккъа зудаберашна деша Iедалан бакъо йолу хьуьжар дIакхехьа мукъ белла цунна Нохчийн Республикан муфтиятан куьйгаллин гIоьнца.
 - Ас Iамийнарг  юьхьанцара дешар бен дац. Сайна хууш дерг зудаберашна хьоьху. Царна юкъахь  Iаьрбийн дешар кIорггера Iамо лууш, исламан институтехь  деша лаам болуш мехкарий бу. Лицензи  йолуш хьуьжар хилча  (цигахь Iилма хьеха хуур долуш Исламан институт чекхъяьккхина дипломаш долуш хьехархой юьртахь болуш бу) дешархойн дуккха а аьттонаш хир бара.
Тахана  Юсупова Мадина кхаа говзаллин корматалла йолуш ю. Цо чекхъяьккхина медицински училище, № 6 йолу корматаллин-технически училище, Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт, цигахь елла говзалла «экономист-менеджер» ю.  Амма цуьнан даго хаьржина кхин говзалла – тIекхуьу чкъор  оьзда, гIилакхе, делах кхоьруш, адамашца юкъаметтиг цIена лело Iамор.
  Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан дIадолорца боккха   тидам тIебахийтина  кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорна. Чуьйрийн-Эвларчу маьждигехь «Муъминат» цIе йолчу  зудаберийн хьуьжарехь доьшуш болу мутаIеламаш а, Юсупова Мадина а даггара декъалъян лаьа Интеллектуальни Центро  деллачу  «Дато бухIа» совгIатца. Дала тIаьхье беркате йойла Мадинин!

С.МАГАДАЕВА.
Суьрта  тIехь: М.Юсупова.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2