Похожие материалы
Сан харжам
Дацара дера-кх ша-шах-м. Халкъан а, республикан а кхоллам шайн карахь бу бохучу хьарамчу, боьхачу, шайн ямарт Iалашонаш кхочушъян арабевллачу наха басах кхуссуш дара халкъ. Халкъана товш болчу кхайкхамашца, адамаша къобалъечу идейшца Iедале а баьхкина, юха цу Iедалехь коьрталла къевсина, юкъаралла масийтта декъе йийкъира цара. Маршо елира зуламаш дечарна, Iедалан хазна лечкъочарна. Дахаран дерриг а дакъошкахь кегарий бира.
Оццу хьолах кхетар цIеххьана ца хилира. Со вехха Iийра къайлах болчу къийсамийн гезгамаша говза буцучу З.Яндарбиевс, М.Удуговс, царах дIакхеттачу Ш.Басаевс лелочун духе ца кхиалуш. Ас ешархойн хан йойъур яц В.Арсанов а, Р.Гелаев а санна болчу политически персонажашна. Амма Масхадов Асланах лаьцна масех дош ца аьлча со нийса хир вацара.
Советски эскаран полковник хилла волу иза, Дудаев Джохар Iедале веъча, цкъа хьалха республикан граждански оборонан хьаькам хIоьттира, юха – Ичкерин Герзашца кечбинчу ницкъийн Коьртачу штабан хьаькам. ХIетахь массаьргахь а шех дика ойла кхуллуш вара иза. Царна юккъехь со а вара. Амма, халкъалахь олуш ма-хиллара, юьхьанца кхоллаелла ойла даима а гал хуьлу.
1995-чу шарахь цIарах йогуш йолчу Соьлжа-ГIалахь Дудаевс бригадни инарла вира Масхадовх. Вай дукха атта кхуллура ваьшна баьччанаш, юха иштта атта цаьргара баьччалла дIа а доккхура вай. Хила лууш дерг долуш санна дуьйцура. Вайн ницкъаш а, таронаш а яккхий хетара. ТIех дегала дара. Кхечарел ваьш лакхара хетар дара. И баьхьанехь кIиллойх а, ледарчарах турпалхой а, патриоташ а хилира, авантюристех а, карьеристех а тхьамданаш а, политически деятельш а хилира. Вайн инарлаш денна алсам бовлуш бара, церан барам Ичкерин дерриг а эскаран бараме гIоьртинера.
ДIадаханчун боьха уьшал кего ца лаьа суна. Ца лаьа аьтто баьллачуьра аьлла сайн политически оппонентана Масхадовна тIулг кхосса а, цунна тIе Iовраш йотта а. Суна иза оьшуш дац. Цул а дуккха а мехала хета суна тхойшинна, некъаш дIасакъастаран бахьана адамийн кхетаме дIакхачор. Со цунах дIа ца къаьстина дарж дезарна а, дуьненан бахам безарна а, Iедале кхача гIертарна а. Со ванне а реза вацара Масхадовс дIахьош хиллачу чоьхьарчу а, арахьарчу а политикина. ХIунда аьлча иза халкъана зуламе а яра, ямарт а яра.
ЦIе хийца а йиш ю, маж охьа яхъялийта а йиш ю. Керла ваьллачу Iелин Халида санна. Амма иза данне а кхачаме дац бакъ волу бусалба, къонаха хила лууш велахь, политически лидер, я пачхьалкхан гIуллакххо хилар-м хьехор а дацара вай.
Тхойшинна хетарг цхьаьна ца догIу дукха хан яра. Йиш халлалц къийсалора тхойшиъ. Дов долура, юха берта а воьдура. ТIаьххьара минот тIекхаччалц цунна Iаткъам бан, цо хаьржина некъ гал хиларх тешо, ойла ца еш гIулч яккхарх, гIалат сацамаш барх иза ларван гIертара со. Делахь а цунах гIуллакх ца хилира. Республикехь кегарий бара. Цхьа а низам, къепе яцара. Зуламаш алсамдевллера. Зуламхой эвхьаза боьвллера. Экономика а, социальни дакъа а тесна дуьтуш дара. Амма оццу хенахь даьржинера къоланаш дар, кхаьънаш эцар, адамаш лечкъор, адамаша шайгара кхиэл еш, нах байъар. Хаддаза болх беш яра (лай бохкаран) нах бохкаран конвейер. Исламах а, шариIатах а кирхьа а дина, «халкъан дай» шайн Iаьржа гIуллакхаш деш бара.
Оцу дерригено а бегIийла хьелаш кхоьллира республикехь вахабизм юкъаяларна а, яржарна а. Дукха хан ялале А.Масхадовн ледарло, М.Удуговн гIо-накъосталла, Ш.Басаевна вуно чIогIа Iедал дезар бахьана долуш Нохчийчоь дуьненаюкъарчу терроризман база хилла дIахIоьттира. Коьртачу террористаца Iусама Бен Ладенца къайлаха барт а бина, Къилбаседа Кавказ Россех дIакъастор а, хIорда тIера хIорда тIекхаччалц «исламан» пачхьалкх ян ямарт Iалашо йолуш хиллера уьш. Оцу боьхачу Iалашонца тешнабехкаца 1999-чу шеран августехь Нохчийчуьра Дагестанна чугIоьртира Хаттаб а, Басаев а коьртехь волу законехь йоцу герзашца йолу тобанаш. ТIелеттачарна юккъехь коьрта ницкъ бара дуьненан массо а маьIIера схьабаьхкина наемникаш. Иза, бакъонца, агресси яра. Иза, йозуш йоцчу Россин пачхьалкхан, ООН-н декъашхочунна дуьхьал террористийн дуьненаюкъарчу интернационало йина интервенци яра...
Масхадовн хIетахь а таро яра оцу зуламхойх дIакъаста. Делахь цо иза ца дира. Делахь-хIета иза реза вара цара лелочунна. Цара дийриг къобалдеш вара. И дарца Масхадов Аслана шен халкъ керлачу, кхин а инзаречу, къизачу тIеман цIерга кхоьссира.
Боккха сингаттам, бала, бохам тIебогIуш хилар гуш вара со. Сайна хеташ дерг, сайн сингаттам ницкъ ма кхоччу дIабовзийтина аравелира со. Къамелаш дина ца Iаш, нехан мехкашна тIамца тIелатар бахьанехь нохчийн халкъо лан тарлучу Iазапан банне а бала боцуш волчу Хаттабана а, Басаевна а дуьхьал баккха ницкъ вовшахтоха гIоьртира сох. Делахь а, берриш а ца кхийтира со. ТIекхозабелла лаьттачу кхерамо хьере дина дара адамаш. ТIом, цхьа а шеко йоцуш Нохчийчу богIуш бара.
ТIаккха бир-кха ас харжам...
Ас нийят дира: «Дала мукъ лахь, вахабизм цIе йолу Iаьржа ун Нохчийчохь чIагI ца далийта, оцу Делан а, нехан мостагIашка мохк хIаллак ца байта, хила тарлучу тIамах вайн мохк а, вайн халкъ а лардархьама сайн ницкъ кхочург дан хьожур ву-кх со», – аьлла... (А-Хь.Кадыровн «Сан харжам» киншки тIера).
Зорбане кечйинарг – С.ДАДАЕВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Комментариев еще нет.