Бакъонашларъярхоша шайн хазна юкъаюьллу Соьлжа-ГIала куьце ялош дIахьочу гIалин юкъарчу белхина. Нохчийн Республикан Президентан Р.Кадыровн кхайкхамна жоп луш, гIевттина, белхех арабевлира республикан адамийн бакъонаш ларъяран Векалан Нухажиев Нурдин юьртахой а.Гуьмсан районан ГIоьрдала юьртан бахархой – 50 стаг сов – хIокху деношкахь бакъонашларъярхойх дIакхийтира, Соьлжа-ГIала куьце ялорехь дакъалацархьама. Векалан аппаратан белхахоша а, правительствон йоцчу бакъонашларъяран организацийн векалша а, гIо дан баьхкинчу бакъонаш ларъяран Векалан юьртахоша а якъаеллачу бецех а, нехех а цIанйира Соьлжа-ГIалин 1-чу микрорайонерчу рынкана юххера еса лаьтта меттиг. Дитташна кир туьйхира, некъаца болчу гIирсашна басар хьаькхира. Бакъонашларъярхойн шайн лаамехь болчу гIоьнчаша мовлад дийшира, зуькарш дира, Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьахош, доIанаш дира. Цул тIаьхьа юха а шайн болх бира цара. Бакъонашларъярхоша билгалдаьккхина ма-хиллара, гIо дан баьхкинчу ГIоьрдаларчу бахархоша кхечаьрца цхьаьна белхаш бийр бу Президента дIакхайкхийна болу гIалин юкъара белхи чекхбаллалц. – Президента дIадолийна Дела реза волу гIуллакх. Исламан коьртачу лехамех цхьаъ бу цIена а, оьзда а хилар. Вайн гIаланаш а, ярташ а дика Iалашъеш хила декхар ду. Республикан столица куьце ялорехь ерриг а республика дакъалоцуш йолчу хенахь тхан йиш яц оцу мехалчу гIуллакхана юьстаха латта, – билгалдаьккхира ГIоьрдала юьртан вахархочо Хамзатов Успа-Хьаьжас. Нохчийн Республикан адамийн бакъонаш ларъяран Векалан пресс-служба.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2