Масех де хьалха Нохчийн Республике веара Россин Федерацин транспортан министр Левитин Игорь. Цуьнца цхьаьна вара хIаваан транспортан Федеральни агентствон куьйгалхо Нерадько Александр, некъийн Федеральни агентствон проектированин а, гIишлошъяран а урхаллин хьаькам Потапов Сергей, «Граждански аэропортийн (аэродромийн) Администраци» ФГУП-н генеральни директоран хьалхара заместитель Полещук Сергей, кхиберш. Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь хьеший тIеийцира Нохчийн Республикан Правительствон Председатела Байсултанов Одеса, цуьнан заместитела, Нохчийчоьнан Президентан а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Селимханов Мохьмада, цуьнан хьалхарчу заместитела Таймасханов Галаса, республикан транспортан, зIенан министра Черхигов Рамзана, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара. Аэропортера Соьлжа-ГIала схьабаьхкира хьеший а, вайн Iедалан векалш а. Кхузахь, Правительствон цIийнехь Левитин Игорь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикан Президентаца Кадыров Рамзанца, кхеташо дIаяьхьира министрийн Кабинетан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира Нохчийчохь хIаваан а, машенийн некъийн а транспорт кхиорца доьзна долу гIуллакхаш. Кхеташо чекхъяьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан Президента Кадыров Рамзана а, Россин транспортан министра Левитин Игора а жоьпаш делира журналистийн хаттаршна. Россин транспортан министр Нохчийчу вар бахьанехь некъашца долу чолхе хьал нислур ду аьлла хетий хьуна? – аьлла шега динчу хаттарна жоп луш Р.Кадыровс элира: «Цу декъехь долу хьал хийцалург хиларх тешам кхоллабелира сан Россин Президент Медведев Дмитрий Нохчийчу веанчул а, Россин премьер-министра Путин Владимира Кисловодскехь кхеташо дIаяьхьначул а тIаьхьа. Цара хьокъала доллу тIедахкарш дира. Цаьрца доьзна тахана Соьлжа-ГIала веана Россин транспортан министр Левитин Игорь. Оха дийцаре дина оцу декъехь долу дерриг а гIуллакхаш. Уьш дийцаре динчул тIаьхьа хьокъала боллу сацамаш тIе а ийцира. Со тешна ву таханлера цхьаьнакхетар бахьана долуш транспортах, автомобилийн некъех, зIенех хьакхалуш долу лазаме дерриг а гIуллакхаш листина цхьалхадохург хиларх». Ткъа Россин транспортан министра И.Левитина билгалдаьккхира республикан некъийн-транспортан инфроструктура кхиоран гIуллакхаш кхиор ша шен тидаме оьцург хилар. – Амма коьртаниг ду уггар хьалха кхочушдан деза мехала гIуллакхаш билгалдахар. Тахана тхан барт хилла Нохчийчоьнан Президента регион кхиорна мехала йолу федеральни трассин билггал цхьаметтиг къасториг хиларан хьокъехь. ХIинца тхо кхета Гумсехь транспорт кхиъна цахиларх. Иза ю коьрта проблема. Цо таро ца ло кхечу дакъошкахь а кхиамца гIуллакхаш дан. Халахеташ делахь а, Гуьмсерчу некъаца хуьлучу бохамашкахь адамаш кхалхар хуьлу. Россин Правительствон Председатела Кисловодскехь дина тIедиллар кхочуш а деш, оха Гуьмсана юьстехула керла некъ буьллур бу. ХIинца болуш болу некъ дIатаса а йиш яц. Нохчийчоьнан Президента Кадыров Рамзана иза шорбан беза боху. Цу тIехула лартIехь дIасавоьдийла хилийтархьама. Цул совнаха тахана тхан барт хилла Дагестанан дозанера схьабогIучу некъана реконструкци ян. И гIуллакхаш сайн тидамехь латтор ду ас, – бохура И.Левитина. Цул тIаьхьа Нохчийчуьрчу цхьамогIа объекташкахь хилира федеральни министр а, республикан Iедалан векалш а. Ша аьлча уьш хилира «Къилбаседа» автовокзалехь, Шелан районерчу асфальтан-бетонан заводехь, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь. Оццу дийнахь И.Левитин а, цуьнца хилла накъостий а дIабахара. Уьш новкъабехира Нохчийчоьнан куьйгалхоша. (Пайдаэцна Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-службин хаамех). С.ДАДАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2