Похожие материалы
Кхана тIаьхьа хиларна кхоьру…
Дуьненчу кхуллушехьа шенна мотт белла Дала хIора а къомана, цуьнан шатайпаналлин уггар коьрта билгало а йина. Вайна, нохчашна, нохчийн мотт белла.
Вайн дайша дукха сатийсина хIокху дийне – шен ненан меттан сий дан, и Iалашбан, Iамо, кхион юьззина таронаш йолчу дийне. И гергадало гIерташ дукха наха къа а хьегна, вайна евзаш йолу дуьххьарлера нохчийн абат кхоьллинчу Досин Къедина тIера хIинцалерчу Iилманчашна, яздархошна, хьехархошна – меттан говзанчашна тIекхаччалц. Цу юкъа доккха дакъа диллина бакъболу къонахий Бадуев СаIид, Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, дуккха а кхиберш нохчийн мотт кхиор шайн дахаран къилба дина баьхна.
Нохчийн къомана ямарт хиллачу цхьана кIеззигчу нахах беркат ца даьлла, даккхий вуонаш, баккхий иэшамаш лайна вайн халкъо дукха хан йоццуш дIадаханчу шерашкахь. Оцу иэшамийн коьрта дакъа къоман синъоьздангаллина, синкхетамна ницкъ беш чекхдаьлла. ХIусамаш, бахамаш, ярташ, гIаланаш меттахIитто иштта хала а дац, иза вайна кху тIаьхьарчу шераша а гайти: Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, мохк меттахIотторан болам дIа а берзийна, кхидIа кхиоран новкъа девлла вай, дерриг халкъо дакъа а лоцуш. Амма уггар халаниг, чолхениг синъоьздангаллица, дог-ойланца цIиндалар, къоман Iадаташ, гIиллакхаш меттахIиттор ду. Цунах дика кхеташ, и некъ юьхьарлаьцна къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Вайн хьалхарчу Президента, нохчийн къоман синкхетаман а, бусулба динан а мехаллаш дика евзаш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олуш дара: Iедалх кхоьруш дика хила гIертарх вай гена гIур дац, сица а, ойланца а цIандала гIерташ ца хилча. Керл-керлачу заманаша юкъадалийна дуккха а адаман сина зуламе, айпе хIумнаш ду вайн цхьаболчу наха шайна атталлина тIеэцна, синмарзонашна там беш лелош. Оцу айпех къам хьалхадаккхаран некъаш билгал а дина, мехкан массо а тIегIанерчу куьйгалхоша, юкъараллин а, динан а, Iилманан а векалша шуьйра дакъа а лоцуш, и жоьпалле болх де-дийне дIахьош къахьоьгу вай тахана. ДуьххьалдIа нохчийн маттаца бозабелла, вайн юкъараллехь цо лелочу маьIне хьаьжна а бу оцу белхан кхиам. Вайн халкъа юкъахь массо заманахь а хилла меттан говзанчаш, мерзачу, оьздачу, маьIнечу дашца адамийн сине кхочуш, дикачу гIуллакхашкахь адамаш шайна тIаьхьахIитто ницкъ болуш. Иштта нах тахана а бу вайна юкъахь, церан говзаллех, ийманах вай пайдаэцчахьана. Къомана хала киртиг тIехIоьттича орцахбовлуш, дуьненан зерех чекхдала цунна некъ гойтуш къахьегна, къахьоьгу цара. Дала мукъалахь, Iедалан массо а тIегIанехь а, юкъараллехь а болу ницкъаш цхьаьна а тоьхна, сица цIанделла къам дIа а хIуттур ду.
Боккъалла а аьлча, шен мотт хууш воцург къоман бакъволу воI хила йиш яц. Ткъа жимчохь, дуьне довза долалучу муьрехь, беран хенахь ца Iамийнехь, меттан шоралла, кIоргалла, хазалла йовза йиш а яц. Цундела бер школе дахале хьалха доьзалехь, берийн бешахь ненан матте марзо кхолларца цхьаьна, юьхьанцарчу школехь йохучу хьалхарчу гIулчашца иэсехь чIагIбан беза и Iамо болу лаам. Ткъа вайн дешаран декъехь дIахIоьттинчу кепаца и марзо кхуллуш кIезиг хIума ду. Со кхеттал хилчахьана дуьйцуш хеза, юьхьанцарчу школехь хьехар нохчийн матте даккха деза, бохуш. Вайн дешаран декъан куьйгалхоша, Iилманчаша, меттан говзанчаша цхьацца гIулчаш яха а йолийнера, делахь а дийцаршна тIера билггалчу гIуллакхашка довла я барт а, я ницкъ а, я ерриг юкъараллин лаам а ца тоьира.
Делахь а, дуьненахь Дала адам а, къаьмнаш а кхоьллина, царна вовшашца бийца шайн-шайна меттанаш делчахьана схьадеана бакъдерг цхьаъ ду: юьхьанца шен ненан маттахь дуьне довза дуьйладеллачу берийн иэсехь, дог-ойланехь, кхетамехь чIагIлуш, дерриге а дахарна дуьсуш дерг ду: ша муьлхачу къомах ву хаар, и цкъа а, муьлххачу хьелашка нисвелча а, диц ца дар; шен къомах дозалла дар, шен къомана цатам хинболчух ларвалар, шен къоман диканиг айбар; шен къоман гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ довзар, уьш лардеш шен дерриг дахарх чекхвалар; шен ненан маттахь дин довзар, и лелор, Дала гайтина дика а, вуон а къасто хаар.
Цхьаболчарна моьтту, юьхьанцарчу школехь нохчийн маттахь хьеха долийча, вайн бераш оьрсийн мотт а ца Iемаш дуьсур ду. И аьттехьа а бакъ доций а, шен ненан мотт хууш долчу берана кхидолу меттанаш Iамо вуно атта хуьлий а хоуьйту дерриге а дуьненахь бинчу талламаша. Ма-дарра аьлча, школе ма-деъа цунна ца хуучу оьрсийн маттахь Iилма Iамо гIерташ, оцу берашна беш берг боккха ницкъ бу. Делахь хIета и хьал хийца, нисдан некъ а ца битина вайна Росси пачхьалкхехь тIеэцна-чIагIйинчу, кегийчу къаьмнийн меттанаш Iаморна-кхиорна боккха иэшам беш йолчу дешаран стандарташа. Амма цхьабакъду: хIума дан гIертачо некъаш лоху, дан ца луучо бахьанаш лоху.
Оьрсийн маттаца цхьаьна, пачхьалкхан меттан даржехь бу тахана нохчийн мотт. Доккха маьIна ду цуьнан. Амма пачхьалкхан даржехь лелаш бу ала хала ду. Цхьаболчу куьйгалхоша тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь, кхеташонашкахь оьрсийн маттаца цхьаьна иэбина барта бийцарх хуьлуш дац и тIегIа. Бакъду, дIаяханчу заманашца дуьстича-м, боккха кхиам иза а бу, амма цунах кхачам бина Iийча, мотт кхуьур бац. Цхьацца дакъошкахь гIуллакхаллин мотт бина дIахIотто беза нохчийн мотт. Цхьа а дуьхьалонаш яц тахана и дан, я леррина омранаш а ца оьшу. Оцу балхана йоццачу хенахь говзанчаш кечбан таронаш а вайн дешаран декъехь карор ю. Зорбанехь, Iилманан а, юкъараллин а, кхоллараллин а тептарш арахецарехь а кIезиг го нохчийн маттах пайдаэцар. Вайн бахархоша Iедалан цхьацца тIегIанашка яздеш долу кехаташ а, оьрсийн мотт ца хуучо а цхьаьна, цхьаццанга гIо дойтуш а, оьрсийн маттахь яздо, нохчийн маттахь муьлхха а гIуллакх дийца таро йоллушехьа.
И дерриге а хьелаш тидаме а оьцуш, къоман мотт дахаран, юкъараллин, Iедалан, дешаран, производствон, йохка-иэцаран, кхин мел долчу а дакъошкахь леларан некъаш билгалдохуш, и Iаморан, кхиоран аьттонаш гойтуш, талхочарна хьакъдолу таIзар билгалдоккхуш кечдина закон тIеэцна вайн Парламенто бархI шо хьалха (25.04.2007 ш.). Амма оцу дIаяьллачу заманахь и закон кхочушдарехь вай дина хIумма а дац. Оьрсийн маттаца цхьаьна пачхьалкхан даржехь болчу нохчийн маттахь цхьана а Iедалан тIегIанехь лелош кехаташ цахилар-м дуьйцур а дацара, ур-атталла некъийн билгалонашкахь яртийн нохчийн цIераш язъян а карах ца долу-кха вайн.
ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь, дукха дийцина, халла долийна пачхьалкхан органийн цIераш, оьрсийн маттаца цхьаьна, нохчийн маттахь язъяр. Амма оцу аннаш тIехь а цхьамогIа гIалаташ нисло. Цу гIалатех хьалхадовларан Iалашонца, хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт нийса лелорна тIехь терго латтош йолчу комиссис республикин тIегIанехь мел йолчу пачхьалкхан органийн цIерш, оьрсийн маттера нохчийн матте а яьхна, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Талламан кхеташоно чIагI а йина, вайн газеташкахь, журналашкахь масийттаза зорбане ехира, цаьрца цхьаьна Нохчийчохь йолчу яртийн, гIаланийн, кIотарийн нохчийн маттахь йолу цIерш а. Делахь а оцу аннаш тIера гIалаташ дIадевлла а ца хааделла вайна, некъийн билгалонашкахь нохчийн яртийн цIерш гучуевлла а ца гина.
Оццу хенахь вай лакхахь далийна республикин закон долуш ду, и цхьамма дIадаьккхина а дац, болх бан дезаш а ду, цо бохург вай кхочушдичахьана. Цунах, оцу законах къилба а дина, нохчийн мотт Iамор, бийцар, баржор, кхиор юьхьарлаьцна вай дIадолхахь, нохчийн къам, къам а хилла, шена Дала елла башхаллаш а йолуш, даха дуьсур ду. Вай тахана цуьнан гIайгIа ца бахь, цхьа зама йогIур ю кхин а цхьа мотт дуьненчуьра дIаболуш, ткъа цуьнца цхьаьна – нохчийн къам а. И хууш, цунах кхеташ ца хилахь, вайн кхане яц.
Доккха маьIна ду тахана хаамийн гIирсаша бечу белхан. Телевидени, радио, интернет-агенствош, газеташ, журналаш нохчийн меттан терго еш, шайн ницкъ ма-кхоччу и кхиорна, цуьнан сий дарна юкъа шайн дакъа дуьллуш къахьоьгуш ду. Делахь а кхачаме, дийнан лехамашна дуьззина жоп луш ца хета и болх. Уггар хьалха тидам тIебохуьйтуш ду телевизор чохь вайна хезаш болу нохчийн мотт оьрсийчунца дукха иэбелла хилар. Массо а хьожу телевизоре, дукхахдолу хIума цу чухула девза, го вайна. Цунах масал оьцу, и синкхетамо ша-шаха тIеоьцу, хIора дийнахь хьуна хезаш-гуш хилча-м муххале а. Цундела доккхачу маьIне ду ма-хуьллу сиха телерадиохула буьйцу нохчийн мотт цIанбар а, къамел дечара нийса, шера, тийса а ца луш, гIуллакх долчохь а, доцчохь а «кег а ца беш», бийцар а. Кхеташ ду и цхьана дийнан болх цахилар, цунна говзанчаш иэшар а, амма вайн ницкъ а, таро а ма ю и дан, лаам хилчахьана.
КхоалгIа шо ду Нохчийн Республикин къаьмнийн юкъаметтигийн, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь оцу гIуллакхана лерина комисси вовшахтоьхна а, и кхиаме болх беш йолу а – хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт нийса лелорна тIехь терго латтош йолу комисси, шен коьртехь «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», шен дерриг а дахар оцу балхана дIаделла волу Дадаев Сайдхьасан а волуш. Оцу комиссин заседанешкахь йиллина йицаре йо вайн хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцарехь, язбарехь нислуш йолу галморзахаллаш. Уьш нисъярехь дан дезарш билгал а дохуш, республикин телерадиокомпанешкахь, газеташкахь, журналашкахь нохчийн мотт литературни гурашкахь хилийтарна тIехь тIерго латто билгалбинчу белхалошца дийцаре а деш, дан дезарг царна тIе а дуьллуш, болх беш ю и комисси. Билггала хийцамаш хила бола а белла оцу балхахь, кхидIа дан дезарш дукха а ду. Лакхахь билгал ма-даккхара, Iедалан органийн, яртийн нохчийн маттахь йолчу цIерийн тептарш кхоьллина ца Iаш, беттанийн нохчийн маттахь йолу цIерш лохуш-толлуш болх а бина, оцу буха тIехь вайн яздархойн Союзо календарь ара а хецна, шеран шийтта беттан нохчийн цIераш тIехь а йолуш.
Вайн республикехь нохчийн мотт Iалашбарехь, кхиорехь, юкъараллехь леларехь долчу хьелашка хьаьжча, Россин ерриг а пачхьалкхехь оьрсийн мотт ларбар, Iалашбар мел лакхарчу тIегIанехь латтош ду гуш ду вайна. Делахь а оьрсийн мотт Iалашбарна лерина пхеашеран программа тIеийцира ши шо хьалха РФ-н Правительствос, и болх кхочушбан 2 миллиард сов ахча а къастош. Цунна тIаьххье Россин Президента оьрсийн маттехула йолу шен кхеташо а кхоьллира, пачхьалкхехь бевзаш болу оцу балхана охIла говзанчаш юкъа а бохуьйтуш. И стенна дира, дешаран а, Iилманан а, производствон а, юкъараллин а массо а тIегIанашкахь оьрсийн мотт лелар кхачаме доллушехьа? Дера дира, интернетан гезгамашехула вовшашца йозанаш деш болчара, къаьсттина къоначара шайна атталлина маттана юкъадалочу тайп-тайпанчу дешнех а, дешнийн цхьаьнакхетарех а («сленг» олу-кха царах) оьрсийн литературни мотт ларбархьама. Iилманан а, дешаран а декъера цхьа а терго а йоцуш арахоьцучу тайп-тайпанчу тептаршкахь, хаамийн гIирсашкахь лелочу матте литературни маттана Iаткъам ца байта а, кхин мел долчух мотт ларбайта а.
Амма вай-м шек а дац. Нохчийн мотт даима а бехар бу моьтту, и барта буьйцуш нах мел бу. И бакъ дац, вай тахана барта буьйцуш берг аьттехьа а нохчийн мотт бац. Воккхачо а, жимчо а оьрсийн маттаца иэбина буьйцу и тахана. Зорбанера арадовлучу тептаршна тIехь а уьш яздечеран тIегIане хьаьжжина, я церан диалекташка хьаьжжина хуьлу иза. Литературни маттахь цхьана кепехь хила дезачу дешан диъ-пхиъ-ялх яздаран кеп карайо вайна зорбанера арадаьллачу йозанехь. Ткъа терахьдош-м нохчийн маттахь хила а хиллий-техьа аьлла, юкъара дIадаьлла. Оццу хенахь интернетехь («социальные сети» олуш цхьа дакъа ду-кха цигахь, вайх дукхахболчеран шен-шен агIо а йолуш) вай буьцучу нохчийн маттана-м тIаьхьакхуьур а вац, даккхий Iаламаташ ду цигахь маттана тIехь мел еш йолу эксперименташ-м, литературни маттана гена а ваьлла, гIалаташ алсам муха дийр дара-те аьлла, хIора а вовшашца къовсавелла волуш санна. Ша нохчи ву бохуш, дагтIе буй а бетташ, дозаллаш а деш лелачуьнга муха далур ду цхьана даша тIехь диъ-пхиъ-ялх (!) гIалат!..
Вайн бен маттана лерина билгалдоккхуш де а дац, вайн нохчийн мотт, ЮНЕСКОс бовр бу бахахь а, дIа а бовр бац бохуш, вай чIагIонаш ярах ца тоьа, вай и Iамош ца хилча, и Iамо лууш а ца хилча. ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь цхьана къамелан теш хилира со. Нохчийн маттаца боьзна болх бан лууш нах цахиларх дара иза. Нохчийн маттах рицкъа дина баьхна баккхийнаш дIабовлуш бу, и болх бан кегийнаш вайн бац, йохье ваьккхина я хьаьстина схьавалийнарг оцу меттан кIоргене кховда а ца лаьий, сихха юьстахволу, эххар болх стаг а воцуш дуьсурий-те вай, бохучунна тIедеара тхан къамелан жамI. ХIумма а самукъадолуш ца дирзира и къамел. ТIаккха буй вайн маттана дIабаран кхерам? Суна-м го и, герггарчу хенахь вай цуьнца йолу юкъаметтиг хийцина, нохчийн мотт Iаморна а, кхиорна а тIе ца дерзахь.
Нохчийн меттан дезде цхьана 25-чу апрелехь даз а дой, цунна тIекхачале цхьана баттахь цIарахазмана цхьацца нах цхьаьна а беттий, цуьнца доьзна гIуллакхаш дийцаре а дой, рогIера дезде тIекхаччалц дицдо вай. Кхано юха цхьа шо даьлча вовшахкхетча а, таханлерра къамел а хуьлий, чекхдолу гIуллакх. Цундела нохчийн мотт Iаморехь а, кхиорехь а, иэшам хилар бен, цхьа а хийцам ца хуьлуш схьадогIуш ду вай. ХIинца мукъана а цунах кхета а хьаьвсина, Iедалан тIегIанера дуьйна ян йогIу терго а йина, хIора доьзалехь кегийчара и Iаморна тIехь тидам а латтош, нохчийн меттан вай дола дан ца гIортахь, кхана тIаьхьа хиларна кхоьру-кха.
Юнусов Хьамзат,
журналист.
www.ChechnyaTODAY.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна