Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан Нохчийн меттан денца декъалдар:

"Шеко йоццуш нохчийн халкъана уггаре а мехалчех а, доккха маьIна долчех а цхьа деза де ду Нохчийн меттан де. ХIокху дезачу дийно кхин а чIагIбо ненан матте болу безам, йовзуьйту цуьнан мехалла, гойту къоман дахарехь цо лелош долу маьIна. Муьлххачу къоман санна, нохчийн халкъан а коьрта билгало йу цуьнан ненан мотт.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) аьлла ма-хиллара, нохчийн халкъ шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, ийманах ца дохуьйтуш йолу мокхазан чIагIо йу ненан мотт. Ша хьикмат долуш хиларе терра Ахьмад-Хьаьжас цIена, шера, хьекъале буьйцура ненан мотт, цо иза иштта бийцаро, цунна вайн мохк, халкъ дезаро, кху махках цуьнан дог лазаро вайн халкъан цхьаалла чIагI а йира. Ахьмад-Хьаьжас хьехначу новкъа схьавогIуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тахана дерриге а хьелаш кхоьллина, аьттонаш а бина нохчийн мотт Iалашбан, кхион, марзбан, баржо. Иза дика хаало Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос хIора дийнахь беш болчу балхахь, ненан мотт кхиорехь ведомствона хьалхахIитточу мехалчу а, жоьпаллечу а декхаршкахь, вай кхочушдечу гIуллакхашкахь.

Тахана Нохчийчохь нохчийн маттахь арадолуш ду «Даймохк» газет, «Орга», «СтелаIад» журналаш, нохчийн маттахь йеш передачаш йу телевиденехь а, радиохь а. Иштта, тIаьхьарчу шерашкахь къеггина хаалуш бу нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а вайн махкахь бохуш болу кхиамаш. Къаьсттина хазахеташ ду кегийрхойн ойла ненан мотт Iаморна тIейоьрзуш хилар, царна иза бийцар марзлуш хилар.

Ас даггара декъалво вайн Мехкан да, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, вайн дерриге а халкъ а Нохчийн меттан дезачу денца. Лаьа шун массеран а дахар ирсе, беркате, токхе хуьлийла. Везачу АллахIа аьтто бойла вайн массеран а"!



При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2