Москвахь болчу КIайчу Iомана гена доццуш Къуранан агIонаш йагийна. Цу хьокъехь Нохчийн Республикин Мехк-Дас хаийтина, ша куьйгаллехь а волуш зуламхочуннна тIаьхьакхиарна беш болх хилар а, цуьнан лараш украинийн питанчашка йоьлхуш хилар а.  

«И видео Москвахь маьждиг даран хаттар дIадирзинчултIаьхьа йукъайалар шеконе хийтира суна. Таханлерачу дийнахь цхьана а агIонан хаттарш ца дуьссуш, барт кхочушхилла цу хьокъехь. Амма цуьнга ца хьоьжуш, йа бусулбанашна а, йа керстанашна а оьшуш доцу питан ду даржош. Къуран дагор а, карикатураш йар а малхбузерачу провокаторийн белхан кеп йу», - йаздо Нохчийн Республикин Мехк-Дас шен Telegram каналехь. 

Иштта цо хаийтира, зеран белхан хьалхара жамIаш хIинцале хилар.  

«Йаржо йолийначу видеороликан лар карорехь къахьоьгуш болчу ФСБ-н куьйгаллица а, белхалошца зIе латтош ву со. Иштта цу гIуллакхехь дакъа лоцуш сан специалисташ а, Москван Мэрин векалш а бу. Таханлерачу дийнахь билггала хууш ду, и видеоролик мессенджерашкахь йаржале хьалха, Украине йахьийтина хилар. Хууш ма-хиллара, питанчаша и тайпа гIуллакх дар дуьххьара дац. Кеста и зуламе болх кхочушбинарг карор ву, хьакъ долу таIзар и дийр ду цунна», - билгалдира Кадыровс. 

Иштта цу хьокъехь Интернетан пайдаэцархошка кхайкхам бира цо. 

«Ткъа цу гIуллакхах йист йаллалца, сан дехар ду, цу хьокъехь харцхьара къамелаш ца даржор. Цу зуламо бен доцуш цхьа вуьтийла дац, делахь а питанах Iехадала мегар дац. И гIуллакх сан тергонехь ду, цу тIехь беш болу болх зуламхо караваллалц дIабоьрзур болуш а бац», - тIетуьйхира Кадыровс.

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна