Похожие материалы
«Махках ваьккхина нохчо — дуьненахь уггаре лекха баскетболхо»
Ахтаев Мажидан Увайс шен заманахь уггар лекха баскетболист хилла ву, Гиннессан рекордийн тептара тӀе йазвина (иза 236 см лекха хилла). Увайс вина 1930-чу шеран гӀуран беттан 26-чу дийнахь Нохчийн автономин областан Шуьтан кӀоштан Вашандара йуртахь. 1944-чу шарахь шен халкъаца цхьаьна махкахваьккхина Казахийн ССР-ре дӀахьажийра иза.

14 шо долуш Увайс Карагандахь меттигерчу физкультуран колледже деша вахара. Тайп-тайпанчу спортан кепашкахь шен хьуьнарш зуьйш вара иза: паргӀат кепара охьатохарх латарехь, боксехь, герз кхиссарехь, амма баскетбол хилира Увайсан спортан а, дахаран а некъ. Увайсан похӀма гучуделира тренерна Копелевич Исаакна, цо, «гигантан» тидам а бина, Казахстанан коьртачу шахьаре Алма-Ата дӀа а вахана, баскетболан ловзар дӀадахьа аьлла, тӀедиллира цунна.
1947-чу шеран хьаьттан баттахь Алма-Атан физкультуран колледжан тобанан декъашхо волуш Ахтаев Ленинграде веара Йерригсоюзан физкультуран институтийн а, колледжийн а Спартакиадехь дакъалаца. Иза стадионехь гучувалар Ӏаламат дара – советийн спортан фанаташна цкъа а гина бацара иштта лекха нах. Цара цунах "Вася чечен", "Гулливер" олура. Ахтаевс дакъалоцуш хиллачу матчаша цкъа а ца хиллачу кепара гӀовгӀа эккхийтира; баскетболан майданашкахь ловза лууш мел верг дӀатарвала йиш йацара. Ловзар чекхдаьлча Увайсна гонаха адамийн тобанаш гулйелира, хӀоранна а сурт даккха лаьара. Фанаташна массо а хӀума товш дара - оцу стага мел молуш хилла, мел йууш хилла, муьлхачу барамехь мачаш лелош хилла цо (58 размер). Цо кӀезиг йуура, шен локхалла а, йозалла а, иштта спортхочун жигара дахаран кеп а тидаме эцча. Амма хӀора дийнахь 15 литр гергга хи молура цо.
1950-чу шарахь мехкан баскетболан дахарехь сиха йукъаиккхина 20 шо долу Ахтаев Увайс ловза волавелира «Буревестник» тобанехь (Алма-Ата), шо даьлча иза дуьххьара веара СССР чемпионате цуьнан декъашхо санна.

Шен конкурентех локхаллин инзаре совгӀат доллушехь, тренераш ца баьхьара Ахтаев СССР-н вовшахтоьхначу тобанна йукъавахийта. "Баккхийчу хьаькамашна" ца тайра цуьнан нохчийн фамили. Махках ваьккхина нохчочун дуьненайукъарчу къовсамашкахь дакъалаца бакъо йац. СССР тобанна йукъа а вахана, 1952-чу шарахь Хельсинкерчу Олимпан ловзаршка вахарна бехкам бара цуьнан фамили хийцар. Ахтаевс шен фамили ца хийцина, Олимпиаде а ца вахана.
Цу шерашкахь Казахстанехь цул гӀараваьлла стаг вацара. Ахтаевс тоьшалла дира, шен ницкъ шен гигантан локхаллехь бен цахилар. Кхиэле дика хьоьжуш вара иза, хьолан сиха а, нийса а мах хадабора, буьрка дика схьаоьцура, ша дика дӀа а лора. Буьрка шена тӀекхаьчча, цунах пайдаэца хаьара цунна. Иза цу хӀазар чу буьрка кхуссуш сацо аьтто бацара ала мегар ду. Цул совнаха, Увайс чӀогӀа хӀиллане а, техникица а вара. ХӀетахь а, тахана а кӀезиг меттигаш йара Ахтаевс санна цу тайпа буьрка дӀайаларца дозалла дан йиш йолуш.

1956-чу шарахь Казахстанан къоман тоба Бакох доттагӀаллин матчашка йеъча, «Динамо» стадионехь нах дукха бара. ХӀетте а спортана генахь болу нах баьхкира – иштта шовкъ кхоллайелира дуьненахь уггаре а лекха баскетболхо схьакхачаро. 1957-чу шарахь Ахтаевн шекарца цамгар йу аьлла диагноз хӀоттийначул тӀаьхьа, спортехь гӀуллакх дита дийзира цуьнан.
1959-чу шарахь дуьйна Соьлжа-Гlалахь вехаш вара Увайс. Цуьнан куьйгаллица Нохч-ГӀалгӀайн АССР божарийн тобано Къилбаседа Кавказан а, Чоьхьарчукавказан а Кубок йаьккхира, республикин зударийн тобано кхиамца гайтира СССР чемпионатан хьалхарчу лигехь. Увайс тренерийн болх беш вара 1973-гlа шо кхаччалц, Ахтаев Увайс кхелхира 1978-чу шеран асаран беттан 12-чу дийнахь шен 48 шо долуш, цуьнан хӀусамнана Тамара йара цуьнан дерриге а дахарехь тешаме накъост. АхтаевгӀеран бераш ца хилла.
Цхьа а йаккхий цӀераш йац оцу стеган. Олимпиадехь а, дуьненан чемпионатехь а, Европан чемпионатехь а, СССР-н чемпионатехь а толам ца баьккхира цо. ХӀетте а, иза XX бӀешо йуккъе дахча гӀараваьлла спортхо вара. 2017-чу шеран лахьанан баттахь Соьлж-ГӀалахь схьадиллина Ахтаев Увайсан цӀарах спортан цӀа, цигахь дӀахьо республикан а, федеральни а, дуьненайукъарчу а тӀегӀанехь уггар даккхий спортан къийсадаларш.
Айша Эльтуева
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна