©
Похожие материалы
Нанойн сий дечохь ийман-беркат ца хила йиш яц
11:37, 26 мая 2010г.
Просмотров: 4802
– Ас а до-кх тоьшалла сайн накъоста аьллачунна. ХIунда аьлча, тахана санна гIо деш, дукха бераш долчу наношна орцах довлуш, зама вайн махкахь еана йоцу дела. Цхьа гIуллакх хилла тхо кхузе даьхкича цкъан-цкъа, рогIехь латта ца дезна сан а, со санначеран а. Суна билгалдаккха лаьа цхьа хIума, и шайн декхар дацахь а, дукха бераш долу наной ца бицбо хIокхара, схьахетарехь вайн тIаьхье дебар, могаш, ийманехь кхиор коьрта декхар лоруш къахьоьгуш ву вайн Президент Кадыров Рамзан.
– Тхан районехь 3471 бер ду, царах 936 дукха бераш долчу доьзалшкара а ду дуьйцу, – Соьлжа районан белхан, социальни кхиоран декъан куьйгалхочо Катаева Сацитас, – Адам оха бечу балхана реза ца хилча со Iийр а яцара кабинет чу а хиъна. Тхан районера бахархой чIогIа реза бу карарчу хенахь вайн Президента дIахьочу политикина, иштта куьйгалхо вайн исторехь цкъа хилла а вац. Хьуна бакъдерг ала лаахь, цкъацкъа и тхо долчу веана, цо гIалаташ Iорадахарна а кхоьру, мел чIогIа тхо детталахь а. ГIишлош ечохь, ишколашкахь, милцой болчохь и кхача ца кхочуш, цо зиэ ца зуьйш, дакъа дац вайн махкахь. Делан къинхетам бу-кх иза иштта волуш, суна дагахь низам, гIишлош яр, цIиндалар, юьртабахам, промышленность, иштта сихчу боларца кхиъна хьал дац цкъа а.
Лакхахь дийцинчунна тIе ца тан хала ду, хIунда аьлча, гуш долчо къеггина тоьшалла до дерригенна а. Серноводскехь некъан бохалла го керла йина туьканаш, административни гIишлош, асфальт йиллина шера некъаш. Билгалдакха деза, шаьш меттигера бахархой а бац тIаьхьа буьсуш, ког мел баькхинчохь гуш ду керла дина, деш долу а цIенош. ДIо регIан дукъахь малхехь шен шортта долу коран бIаьргаш а лепош, лаьтта керла йина «Серноводская» курортан корпус. Цунна гена йоццуш ю из-за цIе цолу минеральни хи арахоьцу цех а. Оцу хина мехалалла вайн махкал арахьа а евзаш ю, цул сов, «Серноводская» курорте, хьалха санна, кхечу регионашкара дархой бу шайн могашалла тоян схьаоьхуш. Оцу хьоло воккхавево, шо шаре мел дели, Нохчийчоь инвесторшна, садаIа луучарна, могашалла тоян луучарна тIевоьхуш мохк хиларна. Катаева Сацитас ма аллара: «Нанойн сий дечохь, ийман-беркат ца хила йиш яц».
Давлетукаев Анзор.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также