Нохчийн кхерчахь, хIоранне а бохарг санна, баьрччехь латтош Къуран хуьла, цултIаьхьа – холхазан куй. Цо тахана а къонахчуьнан сийн васт кхуллу. ХIoкху материалехь оха дийцаре дан леринарг - холхазан куйнан башхаллаш а, цуьнга вайнехан къаьмнийн болу лерам а бу.

Холхазан куйне вайнехан болу лерам Мухьаммад Пайхамарера ﷺ схьа ду

Холхазан куйнан нохчашлахь долу маьIна массарна а девзаш делахь а, цуьнан схьабаларан бух бевзарш кIезиг бу.

Этнограф а, историн Iилманийн доктор а волчу Гарсаев Лечас цу хьокъехь билгалдо холхазан куйнан схьабаларан историн бух Пайхамаран ﷺ замане кхийдар.

«Тхан дас, Мохьмад-Хьажас, Элистанжера ду тхо цIера, жимаволуш дуьйна шена тхан юьртахочуьнгара, дуьненахь уггаре а дукхаваьхначарех лоруш а хиллачу, Газиев Ганукбайгара хезна холхазан куйнах лаьцна цхьа дийцар дуьйцура суна», - билгалдаьккхира Гарсаев Лечас.

Цо дуьйцура, 7-гIачу бIешарахь бусалба дин тIеэца лерина ХьаьжицIа бахна нохчий Мухьаммад Пайхамар ﷺ волчу кхаьчна хиллера бохуш. Бехачу новкъа чевнаш а хилла, цIийш буьзна когаш а болуш хьеший Шена хьалха хIиттича, цIехьа боьдучу новкъахь лелон холхазан цIоканаш елла хилла Цо хьешашна.

«Пайхамаре болчу лерамна Цо совгIатна елла холхазан цIоканаш когех а ца хьерчош, царех куйнаш дан сацам бина нохчаша. Холхазан куйно вайнехан юкъараллехь дIалоцуш йолчу меттига кхин цкъа а гойту цу бедаре болу башха лерам»,- билгалдоккху Iилманчас.

Куй шийлонна доьхьал лелош бац, цуьнан дозаллина туьллуш бу

Кавказан къаьмнийн божарийн духаран уггаре а сийлахь йолу элемент - куй лоруш хилла гуттара а. Къонахчуьнан мах а куйне хьаьжжина хадош хилла. Иза тIечIагIдо нохчийн, гIалгIайн кицанаша а.

«Аренца белхаш беш, цунах лаьцна долу цхьацца кицанаш вовшахтоьхна оха. Масала олуш ду: «Къонахчо лародезарг ши хIума ду: шен цIе а, шен куй а. Куйнан сий лардийр ду хьекъал долчо, ткъа цIе – кийрахь довха дог долчо» йа «Хьайн дагавала стаг вацахь, хьайн куйнах дагавала». Ткъа иштта баккхийчара олуш а хилла: «Куй шийлонна доьхьал лелош бац, цуьнан дозаллина туьллуш бу».

Нохчашлахь холхазан куй барна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилла, цундела цу гIулкхана ахча кхоош ца хилла. Хьаша-да волчохь, цуьнга болчу лерамна, хIусамдас коьрта куй а туьллий, кочан лакхара нуьйда а цхьана дIатоссуш хилла.

Нохчаша шеран муьлхха муьрахь а лелош хилла Холхазан куй, ткъа чохь иза коьртара схьабаккхаран а шен низам ду: шинна а куьйга гонахьа схьа а лоций, леррина нийсачу метте охьахIоттош хилла. Куй кхабина тIехIоттош а, иштта цуьнан гонах кIади лоцуш Iедал а хилла вайнехан. Цкъа коьрта тиллале хьалха куйн дас леррина тидам беш, тIехь нех-хIума юй хьожий, шина пIелгаца схьа а лоций тIетуьллуш хилла.

Лаьзгийн композитора Гаджибеков Узеирас къаьсттина чIогIa лерам беш хилла шен куйнан: театре воьдуш ши билет оьцуш хилла цо - шена а, шен холхазан куйна а. Цу тIехь цо нахе долу гIиллакх а гойту: кхинболчу хьовсархошна новкъарло ян ца лууш деш хилла хила а тарло цо иза.

Холхазан куй кIентан меттана хин йисте бохьийтуш а хилла

Къонах кхелхича, цуьнан бедарш гергарчу нахана юккъехь дIасайоькъуш хилла вайнаха, цхьа Холхазан куй боцарг. Иза кхелхинчуьнан кIенташка я вежаршка дIакхачош хилла.

Нохчийн Iадатехь зударшна магош дац божарийн куй тиллар а, лелор а. Ткъа латтаца болх бечу юкъана истангах йина йолу шляпа лело магош хилла. Цунах доьзна кица а ду нохчийн: «Йишас куй тиллича, вешин ирс дов» олий.

«Тхан дас олура, нохчочуьнан коьртара куй баккхар-цунна тIе йоьхьIаржо ялор ду, олий. Цуьнга йоггIуш сийсазло ю зудчуьн пхьош хадор а. Масала, цхьана гIишлонан ха деш волу нохчо шен куй Iад а буьтий, чувоьдуш хилла. Ткъа куйнах цхьаммо а куьг Iуттуш ца хилла, хIунда аьлча къамел деца хир ду», - дуьйцу Гарсаевс.

Кхин цхьа нохчийн холхазан куйнаца шатайпа Iадат ду куй кIентан меттана йоIана доьхьал бахьийта йиш йолуш хилла хилар.

«Жимачу стеган цхьацца бахьанашца йоIана тIекхача ка ца яьлча, куй а оьций, шен доттагI вохийтуш хилла цо йоI йолчу. ХIунда аьлча цо билгалвеш верг йоьIан даго хаьржинарг ву»,- дуьйцу Гарсаевс.

КIадица а, кепаца а къаьсташ долу куйнаш

Куй - нохчийн къоман божарийн духаран уггаре бен-берса йолу элемент ю. Ширачу заманахь кхоллабелла и ларам Кавказан къаьмнашна юккъехь тахана а бу. Гарсаев Лечас дийцарехь, вайнехан юкъараллехь уггаре даьржинарш кхакхан, холхазан, сурам куй, месал куй, жа1уьнан куйнаш ду. Аьхка нохчаша истангах бина болу «мангалан куй» лелош хилла. Ткъа иштта т1ерг1ах т1аьгна йолу песаш а.

Месала холхазан куйнаш деш беха, хьийзина тIаргIа болчу уьстагIан я газан цIока лелош хилла. И тайпа куйнаш, механа деза хиларе терра, нагахь волчуьнан бен хуьлуш ца хилла. Ткъа кечлуш туьллуш долу куйнаш дан кегийра, Iахарийн хьийзина чо болу мех йолу холхазан цIока лелош хилла. Царех бухарин холхазан куйнаш олу.

Нохчийн Республикехь деш долу куйнаш лекха а, шуьйра лаккхе а йолуш, бархатан буха тIехула болуш го а болуш хилла. Вайн республикехь уггаре гIаръялла куйнан форма - «жаIуьнан» форма ю. Иза вайн заманахь а нисло.

Вайнехан къаьмнашна юккъехь карарчу заманахь даьржина ду къоман духарца долу куйнаш лелор.

Автор материала: Седа Магомадова




При копировании материалов ссылка на сайт обязательна